Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос социальни инстаграм сетехь «Ас ЕГЭ дIалур ю!» аьлла видеокийсакийн конкурс дIакхайкхийна.
Конкурс вовшахтоьхначара дийцарехь, цуьнан дакъалацархоша, 11-чу классийн дешархоша, йоцца видеокийсак дIаязъян еза «Айса ЕГЭ дIалур ю аьлла тешна хIунда ву со?» («Почему я уверен, что сдам ЕГЭ?») аьллачу хаттарна жоп луш.
Жоьпаш тайп-тайпана хила тарло. Дешархоша шайн дахарехь хIитточу Iалашонашца, шайн сатийсамашца доьзна хила йиш ю жоьпаш. Дешархойн психологин агIор бина кечам гойтуш хила деза жоьпаш. Масала, «Ас ЕГЭ дIалур ю, хIунда аьлча иза дIаялар сан дахарера цхьа жоьпаллин мур бу. Цунах йоьзна хир ю сан кхане, хинйолу говзалла. Сан доьзална, гергарчу нахана сох хинболу пайда гойтур бу экзаменаш кхиамца дIаяларо» я «Ас ЕГЭ кхиамца дIалур ю, хIунда аьлча сан да-нана, хьехархой сох тешна а, сох дог лозуш а бу».
Видеокийсакна шаьш ечу комментарешна улле леррина хэштег хIотто еза #конкурсЯсдамЕГЭ, иштта шен школа а билгалъяккха еза. Тоьллачарна репост йийр ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила. Авторшна-толамхошна совгIаташ дийр ду.
Конкурс хIутосург (май) беттан 25-гIа де тIекхаччалц дIахьур ю.
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо