Зорбанан цIийнан актови залехь Нохчийн Республикин халкъан артисткин Амаева Машин юбилейна лерина даздарш хилира хIокху деношкахь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин Парламентан депутата, Къанойн Кхеташонан председатела Ахмадов Сайд-Iабдуллас, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша, Машин гергарчара, белхан накъосташа. Даздарш дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.
Ахмадов Сайд-Iабдуллас цхьана дашца билгалйира Машас Далла гергахь а, нохчийн халкъана гергахь а шен яккхийтина цIе. Иза Маржан ю. (Оьрсийн маттахь – корал).
Амаева Маша декъал а еш, вистхилира Жамалдаев Шаид. Цо элира: – «Амаева Маша нохчийн зудчун масал ду. Махко, халкъо лоруш а, тхуна массарна дукхаезаш а ю хьо, Маша. Къаьсттина мехала ду «Синмехаллаш» проектан жюрин декъехь хьо хилар. Тхо тешна ду дуккха а кегийрхоша ахь олучу дашах а, шайна хьоьхучух а пайдаоьцург хиларх».
– Нохчийн зудчуьнгахь хила дезаш долу ийман а, оьздангалла а, гIиллакх а долуш ю Маша. Иза дика хIусамнана а, дика нана а хиларан уггаре а коьрта билгало ю цо шен доьзал ийманехь кхиийна хилар. Цуьнан доьзалхойх цхьа кIант Роман, республикехь а, цул арахьа а вевзаш, дика лор ву. Дуккха а нахана дарба дина а, дарба деш а схьавогIуш ву иза. Уггаре а хьалха, Маша беркате хилар ду иза, – бохура Ибрагимов Кантас.
Иштта, цо хаийтира тIейогIучу хенахь Машин кхин а цхьа книга зорбане йоккхург хилар.
– Со университетехь студент а волуш евзира суна дуьххьара Маша. Цуьнан йоьIаца цхьаьна доьшуш дара тхо. Иза университетехь гучу йолушшехь, тхайн нана тIаьхьаеача санна, хазахетий хьаьвзара тхо. Цул тIаьхьа 25 шо хан яьлла. Маша евзачара цунах лаьцна довха дешнаш олуш бен хезна а дац суна цкъа а. Адамийн шех ала дика дош бен доцуш вахар иза сийлахь ду, – элира республикин «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара.
Амаева Машех дош олучара билгалдоккхура цо чIогIа хаза а, чулацаме а байташ язъеш хилар. Дешархоша цуьнан байташ йийшира. Амаева Машас баркалла элира шен сий а дина, цига баьхкинчарна.
Нохчийн Республикин халкъан артиста Усманов Iимрана иллешца а, Нохчийн Пачхьалкхан филармонин солисткаша Исраилова Тоитас а, Парсанова Таисас а, эшаршца совгIаташ дира юбилярана.
Оццу суьйранна кхин цхьа доккха хазахетар а хилира Машина. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, йинчу денца иза декъалъеш, церан хIусамехь хьошалгIахь хилира Нохчийн Республикин Председатель Эдельгериев Абубакар а, Правительствон цхьамогIа декъашхой а. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца Амаева Машина «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» сийлаллин цIе а елла, ткъа иштта Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу региональни юкъараллин фондо «Тойота-Камри» машен яларца совгIат а дина.
З.ЛОРСАНОВА
№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо