Нийсонца кхиэл яр лоьху

Кисловодск гIалин маьждиган имамана Байчоров Курман-Iелина дуьхьал долийна уголовни гIуллакх нийсонца къастор лоьху бехкевеш волчуьнан гергарчара.

…Стохка, 17-чу октябрехь Кисловодскана уллехь лецира Байчоров Курман-Iела, цуьнгахь 4 грамман барамехь героин карийна аьлла. Цунна дуьхьал уголовни гIуллакх долийра, РФ-н УК-н 228-чу статьяна тIе а доьгIна (бакъо йоцуш наркотикаш йохкар). Амма билггал   бахьана кхин дара. Цуьнан гергарчара а, адвокаташа а дийцарехь, коьрта бахьана цо ша Кисловодскехь маьждиг даран гIуллакхашна тIехь юхавер воцуш хилар гайтар, нийсонна тIехь чекхвала гIертар дара. Цул хьалха цхьацца къовсамаш хиллера Байчоровн меттигерчу Iедалшца а, гIалагIазкийн векалшца а, национализман ойланаш йолчу хIуьмалгашца а.

И уголовни гIуллакх къастош, хIинцале а суьдан уьттазза кхеташо хилла. Август бутт чекхболуш, Кисловодскехь дIаяьхьначу тIаьххьарчу кхеташонехь, бехке веш волчуьнан хIусамненан дехарца, дакъалоцуш бара Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратан белхахой а, граждански организацийн векалш а.

Байчоровн хьашташ лардеш болчарах цхьаммо, адвоката Мусаев Iалавдис, бигалдаьккхина ма-хиллара, суьдан дакъалацархой, пачхьалкхан бехкебархой шаьш а ца теша цунна коча туьйсуш долчу зуламна иза бехке хиларх, амма къайлах-къулах схьахьедо нуьцкъаллин ведомствийн векалийн агIорхьара шайна боккха Iаткъам беш хиларан хьокъехь. Цунах лаьцна дийцира суьдехь Байчоровн гIуллакхехула хаамаш беш болчу тешаша а. Бехке веш волчуьнан гIо лоцуш йолчу агIонна бехкевар бух боцуш хилар дуккха а меттигаш карийра, цунна тIедожо гIертачу зуламна иза бехке цахилар дIа а хаийтира. Байчоровх жоп делира Ставропольски крайн муфтис Рахимов Мухьаммад-Хьаьжас, Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координационни центран куьйгалхочо, Кхарачойн-Чергазийн Республикин муфтис Бердиев ИсмаьIала, регионехь бевзаш болчу динан а, юкъараллин а дуккха а кхечу векалша. Делахь а, суьдан процесс дIайоьдучу хенахь, шайна юкъахь чуволларан кеп хийцаран а, суьдахо хийцаран а хьокъехь дерш а долуш, адвокаташа дина дерриге а дехарш жоп ца луш юхатуьйхира.

Адвокаташа а, бехке веш волчун гергарчара а дIахьедо динан буха тIехь махкахь кегарий хилийтаре хьашт долчара и гIуллакхаш Байчоровна дуьхьал лелош хиларан хьокъехь. Цуьнца доьзна бехке веш волчуьнан хIусамнанас, Кхарачойн-Чергазийн Республикин юкъараллин а, динан а векалша Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран Векале, регионан граждански организацешка дехар дира и уголовни гIуллакх суьде нийса къастадайтарна тIехьажийна балуш болу Iаткъам бар. Векалан пресс-службо хаам беш ма-хиллара, оцу Iалашонца Соьлжа-ГIала баьхкинера Байчоровн доьзалан декъашхой а,  Кхарачойн-Чергазийчуьра делегаци а, шена юкъахь цигара динан, юкъараллин векалш а болуш. Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш бара Байчоров Курман-Iелин адвокаташ Мусаев Iалавди а, Абубакаров Адам а, Нохчийн Республикин граждански организацийн векалш а. Цуьнан дакъалацархоша тидам тIебахийтира ишттачу кепаша Россин пачхьалкхаллина а, Iедална а лерина ца валлал доккха зиэн деш хиларна.

– Цхьа а тайпа шеко яц Байчоров Курман-Iела бехке цахиларан, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Нухажиев Нурдис. – Ишта а Ислам-дин даржарна кхераделла долчу Россин могIарерчу адамашна хьалха имаман-наркоманан сибат кхолла гIертар ю оцу гIуллакхийн коьрта Iалашо. Iедалан цхьаболчу векалша шайгахь йоцу патриотизм гайта гIерташ, Россин хьашташ лардаран, экстремизмаца къийсам латторан байракх кIел а хIиттина, мостагIаллин хIу тосу бертахь даха гIерташ долчу халкъашна юкъа, бух буьллу крайхь кегарий лелорна. Тхешан агIорхьара оха ницкъ кхочург дерриге а дийр ду бехке веш волчунна а, цуьнан гергарчарна а бакъонан гIо дархьама. Даррехь лелош йолу харцо чекхъялийта йиш яц.

Шаьш деанчу гIуллакхан оцу кепара гIолацарна там хилла дIабахара Кхарачойн-Чергазийн Республикера векалш. Вайн Векала ишттачу гIуллакхашна тIехь гIо дина меттигаш шайна алссам евзаш хиларна, хIинца а цуьнгара билггал  иза хирг хиларх тешна бара уьш.

Л.АБУБАКАРОВ

(Пайдаэцна Нохчийчохь адамийн

 бакъонаш ларъяран Векалан

пресс-службин хаамах)

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: