«Толамна 100 балл»

«Толамна 100 балл»

ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь «Толамна 100 балл» аьлла йолу Ерригроссин акци дIайолаелла. Иза лерина ю карара шо Россехь Экологин шо ду аьлла дIакхайкхорна.

Даздаран хьолехь акци дIайолийра дешаран а, Iилманан а декъана терго латторан Федеральни службин куьйгалхочо Кравцов Сергейс а, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Куьйгалхочо Коков Юрийс а. Нальчикерчу Кхоллараллин берийн «Солнечный город» академехь дIайолийра иза. Оханан (апрель) бутт чекхбаллалц Россин ерриге а регионашкахь а дIахьур ю иза.

imgonline-com-ua-compress-by-sizeENjrjKU5ZHlc_97fb0

Пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) дIаяларехь 100 балл яьккхина выпускникаш бу оцу акцин коьрта дакъалацархой. Нохчийн Республикерчу выпускникаша а, иштта Къилбаседа Кавказан федеральни округера баьхкинчара а ладуьйгIира стохка ЕГЭ дIалуш 100 балл яьккхинчу выпускникийн мастер-классашка. Царна юкъахь яра Соьлжа-ГIаларчу Президентан лицейн выпускница Кадырова Аймани а. Цо а, кхечара а стохка 100 балл яьккхинера ЕГЭ-на.

«Шайл баккхийчу накъосташа дийцарехь, 11-чу классийн дешархошна хезар ду ЕГЭ дIалуш кечам муха бан беза а, ца бухуш муха лела беза а», – элира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса.

Кхин цхьа акци а хилира цу дийнахь – иза Экологин акци яра.

Кхоллараллин берийн академин уьйтIахь С.Кравцовс а, Ю.Коковс а Къилбаседа Кавказерчу регионийн дешаран а, Iилманан а министерствийн куьйгалхошца а, хьехархошца а, дешархошца а цхьаьна «БIе баллашъяьхначийн аллей» аьлла, синтарш дуьйгIира.

Ерригроссин «Толамна 100 балл» акци дуьххьара 2015-чу шарахь Санкт-Петербургехь дIаяьхьира. ХIетахь иза лерина яра Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 70 шо кхачарна. Стохка изза акци лерина яра Москван областерчу Королевехь адам дуьххьара Космосе дахана 55 шо кхачарна.

Карарчу шеран «Толамна 100 балл» акци Россехь Экологин шо кхайкхорна лерина дIахьош ю.

Ас ЕГЭ дIалур ю!

«Ас ЕГЭ дIалур ю!» республикин проектан диагностикин белхаш дIабахьаран рожан 3-гIа дакъа хир ду оханан (апрель) беттан 4-чу дийнера 21-чу дийне кхаччалц йолчу хенахь.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос шайн официальни сайтан агIонна тIехь зорба тоьхна диагностикин белхийн рожан. И белхаш, школехь дIахьочу урокашна новкъарло а ца еш, юкъарчу низаме нисбина, шолгIачу а, кхоалгIачу а урокашкахь, амма Iуьйранна 8 сахьт 30 минот ялале дIа а ца болош беш бу.

Диагностикин белхаш кхочушбаро гойту дешархойн тIекхочучу ЕГЭ-на кечамбаран а, церан пачхьалкхан жамIашдаран аттестацех чекхбовларан а хьал.

ХIинцале а диагностикин белхаш бина оьрсийн мотт, математика, географи, информатика, профильни математика, ингалсан мотт, биологи, физика предметашкахула. ХIокху беттан 17-чу дийнахь изза белхаш бийр бу историн, химин а, 21-чу дийнахь – обществознанин а, оьрсийн литературин а предметашкахула.

З.ХИЗИРОВА

№30, шинара, оханан (апрель) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: