Дийцаре дира нохчийн меттан таханлера хьелаш

Оханан (апрель) беттан 19-чу дийнахь Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министерствехь оцу ведомствон куьйгалхочун хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим дIахьошверг а волуш, «Нохчийн меттан таханлера лехамаш» темина лерина дагадовлар хилира.

IMG_2222

Цигахь дакъалаца гулбеллачарна юкъахь вара Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент Дадашев Райком, республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, Хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт лелорна тIехь терго латторан комиссин куьйгалхо Дадаев Сайд-Хьасан, Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан директор Арсалиев Шавади, кхиберш.

Шен къамелехь Абдулмуслимов Сайд-Селима дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан дийнан хьокъехьчу» Указана куьг яздина 10 шо кхочуш хиларх лаьцна.

– Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан дийнан хьокъехьчу» Указана куьг яздарца гайтира нохчийн матте а, халкъе а болу ларам. Оцу Указах бахьана а хIоьттина, нохчийн мотт кхиорна а, баржорна а лерина дукха белхаш а, гIуллакхаш а дина хIокху 10 шарахь. Иштта, хIора а шарахь, оханан беттан 25-чу дийнахь Нохчийн меттан де билгалдаккхарх ламаст а, дезде а хилла, – элира цо.

Цул тIаьхьа дош делира Iилманийн академин вице-президенте Дадашев Райкоме.

– Iилманийн академехь нохчийн маттана лерина дIахьош жигара болх бу: нохчийн меттан грамматикина а, литературина а лерина жайнаш арахецар, вайн меттан «коьрта» дошам тIеюзар, меттан цхьайолчу бакъенашна тIехь болх бар, иштта дIа кхин а. Хууш ма-хиллара, масех шо хьалха Iилманийн академино «2020-гIа шо кхаччалц нохчийн мотт кхиоран» программа хIоттийнера. Цу тIехь, ма-дарра аьлча, дан ницкъ берш а, дан йиш йоцурш а дара. Амма, цхьа а шеко йоцуш, пайдехь хир йолуш программа яра и. Пачхьалкхан тIегIанехь тIеэцеран некъа тIехь цунах «Нохчийчохь дешар кхиоран программин» подпрограмма а йина, мелла а дайдина хета цуьнан маьIна. Карарчу хенахь Академехь чIогIа айъина дуьйцу нохчийн меттан орфографи хийцаран гIуллакх. Амма и хийцамаш оцу маттаца болх бечарна оьшуш бацахь, хIинццехь и гIуллакх сацо Iалашо яра тхан. Цундела сан дехар ду Академин сайта тIехь зорба тоьхна йолчу Проектах (орфографи хийцаран проект) бIаьрг а тоьхна, шайна хетарг а, луург а довзийтар, – элира Дадашев Райкома.

Республикин хьакъволчу журналиста, яздархочо, Хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт лелорна тIехь терго латторан комиссин куьйгалхочо Дадаев Сайд-Хьасана комиссино бечу балхах лаьцна дийцира.

– Комисси баттахь цкъа-шозза гуллуш ю, зорбанехь а, радион а, телевиденин а эфирехь нохчийн маттах пайдаэцар а, журналисташа даьхна гIалаташ а дийцаре до оха. Амма тхаьш уьш дийцаре дина ца Iаш, царна, «иштта дара, ткъа иштта хила дезара…» бохучу кепара охьа а яздой, юха дIа а довзуьйту. Цул сов, комиссин декъашхоша чекхбаьккхина республикерчу пачхьалкхан урхаллин а, хIора а кIоштан а, шахьаран (гIаланийн, яртийн) а нохчийн маттахь йолу цIерш вовшахторан болх а, – билгалдаьккхира цо.

Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара нохчийн мотт кхиорехь а, баржорехь а газето бечу балхах а, нохчийн маттахь ойла а йолуш, язъян хууш болу кегийнах республикехь кIезиг хиларх а лаьцна дийцира.

Цо бохучунна тIетевжаш санна, ала мегар долуш, шен къамел Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан директора Арсалиев Шавадис а дира. Цо билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн маттаца шайн дахар доза лууш болчу кегийчу нехан барам лахбаларца а, дешаран учрежденешкахь нохчийн мотт хьехарна делла долу сахьташ лахдарца а доьзна ду и.

Нохчийн мотт хаамийн гIирсашкахь лелорна тIехь терго латторан комиссин секретара Юнусов Хьамзата Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь меттигерчу къаьмнийн меттанашкахь арадуьйлучу газетийн а, «Даймохк» газетан а хьал дустарехь ша бина болх бовзийтира. Мел халахеташ делахь а, цо биначу балхо гучудаьккхира уггаре а чолхе хьал «Даймохкехь» хилар: 2 500 тираж йоллушехь, республикехь вехаш 1 миллион 300 эзар вахархо хиларца дуьстича, 520 стагана цуьнан 1 экземпляр бен ца кхочу.

Республикин Iилманийн академин Пайдечу семиотикин отделан куьйгалхочо Умархаджиев Салавдис нохчийн мотт кхиорехь компьютерийн технологех пайдаэцарх лаьцна дийцира.

Билгалдаккха догIу лакхахь хьахийначу отдело компьютера чохь йоза яздаран Word олучу программина лерина 2,5 миллион дашах лаьтташ йолу нохчийн меттан дошам кечйина хилар. Иза Word чу хIоттийначул тIаьхьа, нохчийн маттахь нийса яздина доцу дош кIела цIен а, нийса хIоттийна боцу алам (предложени) сийна а аса хьакхарца билгалбоккхург хилар.

– … цхьабакъду. Word-ана лерина дошам хIинцале кийча елахь а, нохчийн меттан орфографехь хийцамаш баран декъехь билггал болу сацам хиллалц, тхан иза дIасаяржайойла дац, – элира Умархаджиев Салавдис.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийн мотт хаамийн гIирсашкахь лелорна тIехь терго латторан комиссин декъашхошна нохчийн маттахь болх бан журналистике богIучеран хаарш зиэран декъехь бакъонаш яларан «ойла» кхоллаелира.

И.ИСЛАМОВ

Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: