Шелковски районерчу Ораз-Аулехь дIадаьхьира Хаарийн денна лерина даздарш. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин Правительствон Куьйгалхочун–Къилбаседа ХIирийн Алания республикехь волу векал Дошукаев Руслан, Шелковски районан куьйгалхо Израйилов Iабдул-КъахIир, Дагестанан НогIийн районан куьйгалхо Янбулатов Казмохьмад, кхиберш.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Израйилов Iабдул-КъахIира билгалдаьккхира Шелковски район вайн республикехь а уггаре дукха къаьмнаш дехаш йолу район хилар а, и дерриге а къаьмнаш вовшашца бертахь, гергарлонаш тийсина дехаш хилар а.
– Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха терго латтайо ю къоман политикаца доьзна долу гIуллакхаш кхочушдарна а,
кегийрхой кхетош-кхиорна а, иштта дешарна а тIехь. Республикехь кхиамца кхочушъеш ю къоман политика кхиоран концепци, кхоьллина къоман культурин центраш, юкъараллаш, – бохура районан куьйгалхочо.
Циггахь схьадиллира Социалистически къинхегаман Турпалхочун Эсмухамбетов Нурдин сийнна кечдина мемориалан у. Билгалдаккха догIу, Шелковски районерчу депутатийн кхеташонан сацамца Ораз-Аулерчу школина Н.Эсмухамбетовн цIе тиллина хилар. Шен дерриге а дахар юьртан бахам кхиорна дIаделла, даима а Шелковски районерчу «Шелковский» совхозехь лакхара жаIу лаьттина стаг вара иза.
Шен къамелехь Жамалдаев Шаида билгалдаьккхира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос къаьмнашна юкъара уьйраш чIагIъярехь беш белхаш хилар а, карарчу хенахь къоман политика дIаяхьаран таронаш совъяхарна лерина кечъеш программа хилар а. Иштта министра дешаран керлачу шарца декъалбира дешархой а, хьехархой а.
– Вайн республикин куьйгалло алссам къахьегна, гуттар хьоьгуш а ду, дешар кхиорна тIехь. Дуккха а керла школаш йина вайн республикехь, алссамчу школашна ремонташ йина. Дешар кхиамца дIадахьа оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина. Вайн декхар ду мало а ца еш дешар. ХIокху дешаран керлачу шарца шу а, иштта вайн республикера берриге а дешархой а, хьехархой а даггара декъалбан шу, баккхийчу кхиамашка кхочийла а лаьа. Дала тIаьхье беркате йойла вайн, – элира Ш. Жамалдаевс.
Хазахетуьйтуш дара Эсмухамбетов Нурдин кIанта Эсмухамбетов Кургана Ораз-Аулера, школа шен чоьтах капитальни ремонт яйтина, керлачу шарна кечйина хилар. Хьешаша, юьртахоша даггара баркалла элира Курганна.
Цхьаьнакхетар дерзош, дешархоша кечйина стихаш йийшира.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт