Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназехь дIаюьйлаелла школашкахь оьрсийн мотт а, литература а хьехаран курсаш.
Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан ректора Эльмурзаева Гангас вовшахтоьхначу курсашка кхайкхина оьрсийн меттан, литературин говзанчаш, «Дрофа – Вентана Граф» цхьаьнатоьхначу издательствон директор А.Магонэ, литературин критик, публицист, филологин Iилманийн кандидат А.Архангельский, Томбов областан Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтан юкъарчу дешаран дисциплинийн кафедрин куьйгалхо, филологин Iилманийн кандидат Т.Мирзаева.
Курсаш дIаюьйлалучу дийнахь дешаран говзанчашца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIил. Хьехархойн корматалла, ФГОС-н лехамашца йогIуш, лакхаяккха езаш хилар а, царна оьшуш йолу дешаран-методикин литература билгалъяккха езаш хилар а дийцаре дира министра.
«Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос вайн республике кхойкхуш бу дешаран хьаьрмахь пачхьалкхехь бевзаш болу тоьлла говзанчаш. Царна юкъахь дукха хьолахь школашна лерина учебникаш вовшахтухуш берш а, кIорггера хаарш долу говзанчаш а хуьлу. ХIинца а, рогIерчу семинарашка, мастер-классашка баьхкинчу говзанчаша вайн республикин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархошна дIадовзийта кечдинарг дуккха а ду. Вайн республикерчу хьехархоша эцна ца Iаш, Дагестанан, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан школашкарчу хьехархоша а оьцур бу церан хаарех пайда», – билгалдаьккхира И.Байхановс.
З.ХИЗИРОВА
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо