Оханан беттан 21-гIа де, 1962-гIа шо. Дагестан Республикин Хасавюьртахь вина Жабраилов Лукъман, охьатохархлатарехула СССР-н спортан хьакъволу мастер. Спортан дуьненахь дика евза вежарийн – Руслан, Лукъман, Iилмади – ЖабраиловгIеран цIерш. Хьалхарниг спортан дуьненаюкъарчу классан мастер, СССР-н хьакъволу тренер ву, шолгIа шиъ ший а СССР-н спортан хьакъволу мастер, охьатохархлатарехула дуьненан чемпион ву. Йоккхачу спортехь шен дуьххьарлера дашо мидал 1983-чу шарахь йоккху Лукъмана. РСФСР-н халкъийн Спартакиадин толамхо хуьлу цунах оцу шарахь. Хьаххийначуьра аьлча, Россин чемпионат кхин цкъа а йоккху цо 1989-чу шарахь.
1984-чу шарахь СССР-н чемпионатехь хьалхара меттиг йоккху Лукъмана, ткъа 1985-чу шарахь Европин чемпион а хуьлу. Спортан дахарехь цунна уггаре а беркате деанарг 1994-гIа шо дара. Цкъа хьалха Европин чемпионатехь дато мидал йоккху цо, цул тIаьхьа дуьненан чемпионатехь хьалхарчу метте а волу хьуьнаре спортсмен. Оцу кхиамийн дакъа кхочу цуьнан тренершна Нуцалханов Селимна, Жабраилов Русланна.
Оханан беттан 22-гIа де, 1956-гIа шо. Казахстанан Кзыл-Ординскан областан Чили станицехь вина Ибрагимов Кюра, юьртабахаман Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик. Соьлжа-ГIалара №2 йолу юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дешна ГIебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан университетехь.
1982-чу шарахь чIагIйина юьртабахаман Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1995-чу шарахь юьртабахаман Iилманийн докторан диссертаци чIагIйо. 2000-чу шарахь К.Ибрагимов Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик хоржу. Белхаш бина «Пригородный» совхозан коьрта агроном (1982–1984-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн стоьмийн, хасстоьмийн Iилманан-талламан станцин лакхара Iилманан белхахо (1984–1987-гIий шераш), Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан хьехархо (1987–1994-гIий шераш), Нохчийн юьртан бахаман Iилманан-талламан институтан директор (1996–2009-гIий шераш), Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор (2009-чу шарахь дуьйна) волуш.
Iилманан 70 сов белхан автор, цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн кандидатан 3 диссертаци.
Оханан беттан 23-гIа де, 1954-гIа шо. Юккъерчу Азехь вина Салгириев Хьасан, Россин Федерацин хьакъволу пилот. Дешна Краснокутскерчу кеманхойн училищехь, Граждански авиацин академехь (балхара юкъах ца волуш). 1974–1995-чуй шерашкахь болх бо Грозненски авиаотрядехь (2-гIа пилот, кеманан командир, авиаотрядан командиран заместитель). Цул тIаьхьа белхаш бина «Нижегородские авиалинии» авиакомпанехь (ТУ-134 кеманан командир), «Асхьаб» авиакомпанехь (генеральни директоран заместитель), «Газпромавиа» авиапредприятехь (пилот, ТУ-134 кеманан пилот-инструктор, авиаэскадрильян командир). Белхан тIаьххьара меттиг – «Грозный-Авиа» авиакомпанин генеральни директор.
40 шарахь сов авиацехь болх беш, 17000 сахьт хIаваэхь даьккхина летчико, 14 шарахь сов куьйгаллин балхахь лаьттина. 1981-чу шарахь цуьнан цIе дIаязйо СССР-н граждански авиацин министерствон «Сийлаллин Книги» тIе, 1988-чу шарахь Граждански авиацин 1-чу классан пилотан цIе ло, 2007-чу шарахь «Россин Федерацин хьакъволу пилот» сийлаллин цIе яларца билгалбоккху хьуьнаречу летчикан болх. Цо кхиийна ТУ-134 кеманан 10 командир.
Оханан беттан 25-гIа де, 1939-гIа шо. Хьалха-Мартан кIоштан Iалхан-Юьртахь вина Арсанукаев Iабдулла, литературовед, юккъерчу школехь нохчийн литература хьехаран Iилманан-методикин бухбиллархойх цхьаъ. Бераллин а, кхиаран а шераш дIадахна Казахийн ССР-н Семипалатинскан областан Урджар юьртахь (дерриге а халкъаца цхьаьна кхалхийначохь). Цигахь чекхъяьккхина юккъера школа а. 1962-чу шарахь чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетан къоман отделени. Белхаш бина Чечанарчу, Валаргт1ерачу, Iалхан-Юьртарчу юккъерчу школашкахь директор волуш. 1971-чу шарахь дуьйна РСФСР-н дешаран министерствон Къаьмнийн школийн Iилманан-талламан институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь болх бо (Iилманан лакхара белхахо, куьйгалхо). Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн Республикин Дешар кхиоран институтан директор лаьттира. Юккъерчу школина леринчу нохчийн литературин, Iаморан-методикин пособийн автор («СаьIид Бадуев. Дахар а, кхолларалла а» (соавторца цхьаьна) – 1980, «СаьIид Бадуевн кхолларалла школехь Iамор» – 1989, «Юккъерчу школехь лирически а, лиро-эпически а произведенеш Iамор» – 1984, «Нохчийн литература. 9-чу классана учебник» – 2008, «Школехь исбаьхьаллин произведенеш таллар» – 2008, «Нохчийн литературин Iилманан терминийн лугIат» – 2010, дуккха кхин а). Iилманчин доккха хьуьнар лара догIу кхаа томехь «Нохчийн яздархой» книгаш арахецар.
Кхалхар хилла 2017-чу шарахь.
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо