Соьлжа-ГIала йиллина 200 шо кхачарна лерина Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президиумо а, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а зорбане яккха вовшахтухуш ю «Соьлжа-ГIала: истори а, вайн зама а» («Грозный: история и современность») аьлла историн-этнографин гулар (2017-гIа шо. 1-ра выпуск). Гуларна юкъагIур ю хIокху теманашна лерина статьяш:
Соьлжа-ГIалара а, цуьнан йистошкара а археологин а, историко-культурин а хIолламаш;
Соьлжа хин йистошца юккъерчу бIешерашкахь керла кIотарш яхкар а, кхиар а;
Грозная гIап йилларан а, кхиаран а истори;
Соьлжа-ГIала: экономикин кхиар, социальни хьал, культура, архитектура, 1870–1917-чуй шерашкахьлера дахар;
Соьлжа-ГIала революцешкахь а, 1917–1920-чуй шерийн граждански тIамехь а;
1920–1941-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалин социально-экономикин кхиар а, культурин дахар а;
1941–1945-чуй шерашкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман толамна юкъахь Соьлжа-ГIалин дакъа;
1957–1991-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн халкъийн промышленностан а, Iилманан а, культурин а туш санна Соьлжа-ГIалин кхиар;
2000–2017-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIала меттахIотторехь а, кхиорехь а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А.-Хь.Кадыровн дакъа.
Iилманийн академин Президиумо вовшахтоха леринчу гуларна юкъаяхийта схьаоьцу 16 агIонех лаьтта Iилманийн статьяш (40 000 зорбанан хьаьрке кхаччалц йолу) хIокху адресца: 364024, Соьлжа-ГIала, М.Эсембаевн цIарах проспект, 13, Нохчийн Республикин Iилманийн академи; иштта, хIокху электронни адресца а: sbornik.200.grozny@mail.ru (шена тIехь «Сборник статей к 200 летию г.Грозный» билгало а йолуш). Статьяш карарчу шеран мангалан (июль) беттан 15-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур ю.
Зорбане кечъеш йолу Iилманан статьяш Microsoft Office редакторан Word чохь (документан кепехь) зорба тоьхна хила еза, «Times New Roman» шрифтаца.
ХIора статья тIехь оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь билгалйина хила еза:
– статьян цIе;
– авторан фамили, цIе, ден цIе;
– авторан Iилманан дарж я Iилманан цIе;
– автора болх бен меттиг, цуьнан дарж, организацин цIе а, гIала а билгалъеш;
– статьяна аннотаци, зорбанан 200 хьаьркал сов йоцуш.
Статьяш кечъеш автора ша пайдаэцна литература гайта еза.
Статьяшна заявка чуяла луучеран йиш хир ю шайна оьшучу хаамийн хьокъехь кхин а сов дерг лакхахь хьахийначу адресца хаа.
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо