ТЭК – прокуроран тергонехь
Регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис къаьсттинчу тергонехь латтадо вайн ягорган-энергетикин комплексехь (ТЭК) долу хьал, коьртачу тидамехь ду бахархошна угарни газах дIовш даларан бакъдерш. Цуьнца доьзна газаца кхачоечу организацеша хьашташ хьакъ доллучу дикаллица кхочушдеш хилар толлуьйту, билггал тIедахкарш до талламан органашна. Ишттачу талламаша гайтина теллина боцучу газан гIирсех пайдаэцар, бакъо йоцуш газ чутасар бахьанехь кху шеран чекхбаьллачу муьрехь 99 стагана угарни газах зенаш хилла хилар. Царах 9 кхелхина. Зуламаш дина хиларан хьокъехь 24 хаам хьесапе эцна. Уьш талларан тIаьхье ю РФ-н УК-н 238-чу статьяна тIедоьгIна 10 уголовни гIуллакх долийна хилар. Уьш таллар тергонехь латтош ду.
Прокурора тIедилларца, Нохчийн Республикин МВД-ца цхьаьна Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин №1 йолчу ОП-хь дIабаьхьначу талламо гайтира 2016-чу шарахь а, кху шеран хьалхарчу чийрикехь а I.И.Ханбиевн цIарахчу сихачумедицинин гIоьнан республикин клиникин больницехь цига тайп-тайпана чевнаш хилла берриге а дархой кхачарх болу хаамаш хьесапе эцна цахилар. Билгалделира медицинин учрежденин белхахоша криминалан амал йолу чевнаш хилла гражданаш шаьш долчу кхачаран 14 хаам полицин отделе дIахьажийна цахилар.
ХIора кIиранах и тайпа талламаш беш болчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша и бакъдерш гучу ца даьхна. Цунна тIе а доьгIна, регионан прокуроран заместитела МВД-н, республикин могашалла Iалашъяран министерствон куьйгаллина тIедиллира федеральни законодательствон талхораш цахилийтар, уьш кхолладаларан бахьанаш дIадахар.
Цул сов, прокуратуро билггал гIуллакхаш дина МВД-н Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин №1 йолчу ОП-хь оцу декъехь долу хьал тодарна тIехьажийна.
ДогIуш дина таIзар
Хьалха хаамбина ма-хиллара, республикин прокуратуро Россин ОМВД-н Грозненски кIоштахула талламан отделан талламхочуьнга кхитIе а таллийта юхадахьийтира, РФ-н УК-н 264-чу статьян 3-чу декъана тIедоьгIна, Джамбеков бехкевеш долийна хилла уголовни гIуллакх (машена хьалха Iаш волчо некъан боламан бакъенаш талхор бахьанехь ца хууш стаг кхалхар). ГIуллакх доллура таллам дIахьочу хенахь талламхочо некъан-транспортан бохам хиллачу меттехь машенан чехкаллин раж, и некъ юьртан дозанна юкъабогIуш хилар-цахилар билгалдаьккхина цахиларх. Документашца тIечIагIдина дацара чехкалла лакхаяккхар бахьанехь некъан бохам хилла хилар.
Уголовни гIуллакх толлучу хенахь, талламхочо уголовно-процессуальни законан лехамаш кIоршаме талхийна хиларна тIе тидам а бохуьйтуш, регионан прокуроран заместитела Джанхотов Заурбека Нохчийн Республикин МВД-н талламан урхаллин хьаькамна тIедиллира федеральни законодательство талхораш дIадахар. Урхаллин талламхо низаман жоьпе озийна – цунна выговор дина.
Сацам бохийна
Республикин прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс бохийна РФ-н УК-н 201-чу статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна, Сбербанкан отделенин кхитIе а йолчу офисан урхалхочунна Бечиева Фатимина дуьхьал уголовни гIуллакх долоран хьокъехь Россин СК-н Нохчийн Республикерчу талламан урхаллин Невран МСО-н талхамхочо бина хилла сацам.
Прокуратуро биначу талламо гайтина Бечиеван гIуллакхашкахь зулам хилар гойтуш долу бакъдерш тоъалчу барамехь доццушехь, талламхочо и сацам тIеэцна хилар. Цунах лаьцна хаамбина Россин СК-н Нохчийн Республикерчу талламан урхаллин хьаькаме, билгалдаьхна федеральни законодательство талхораш дIадахар тIе а дожош.
Терроризмана ахчанца гIо дарна…
Къилбаседа Кавказан окружной тIеман суьдо бехкеваран кхиэл кхайкхийна РФ-н УК-н 205.1 статьян 1-чу декъана тIедоьгIна чувоьллинчу 22 шо кхаьчначу Газиев Шемална (терроризмана ахча далар, аьлча а, иза зулам дарна лерина хиларх ша кхетташехь, ахча далар). Суьдехь гучуделира социальни сеташкахь зорба тоьхначу экстремизман амал йолчу материалаша Iаткъам бинчу Газиевс 2014-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь шена вевзаш волчу Сулейманов Шемална 20 эзар сом ахча делира иза Шемин Iаьрбийн Республикин махкахь бакъо йоцуш герзашца кечъеллачу тобанех дIакхетийта а, цуьнга цаьрца цхьаьна тIеман гIуллакхашкахь дакъалацийта а. Шен бехкана иза къера хиларна а, таллам дIахьочу хенахь зулам гучудаккхарна жигара гIо дарна а юкъарчу рожан товаран колонехь яккха 3 шо хан туьйхира суьдо Газиевна. Оцу кхиэлана реза хилира пачхьалкхан бехкевархо а.
Къийсам чIагIбина
Наркотикашца доьзначу зуламашна дуьхьал къийсам латторан декъехь долу хьал толлуш регионан прокуратуро билгалдаьккхира кху шеран кхолламан-бекарган (январь-март) беттанашкахь республикехь наркотикаш, чIогIа Iаткъам беш йолу психотропни хIуманаш бакъо йоцуш лелорца доьзна 254 уголовни гIуллакх долийна хилар. Царах 4 гIуллакх наркотикаш йохкарца доьзна ду. Схьаяьхна 10 кийла сов наркотикаш, шайна юкъахь 26 грамм синтетически наркотикаш а, 10 159 грамм марихуана а йолуш.
Прокуратурин лехамца нийса а догIуш, суьдо ханна чувоьллина наркотикаш йохкарна 4 а, баккхийчу барамашкхь уьш Iалашъярна 31 а стаг. Уголовни судопроизводствехь законан лехамаш ларбаран Iалашонца талламан органийн куьйгалхойн цIарах 11 лехам бина федеральни законодательство талхор дIадаккхар тIе а дуьллуш. Царна юкъахь ду уголовни судопроизводствон бегIийлачу хенех лаьцна дерш а. Хьесапе эцна хьалха къайладаьккхина хилла 19 зулам.
Билгалдаккха догIу бакъо йоцуш наркотикаш лелорца доьзна зуламаш динарш уголовни жоьпе озорехула бакъонаш ларъяран органаша деш долчу гIуллакхашна тIехь регионан прокуратуро леррина терго латтош хилар. Цунна тоьшалла ду лакхахь далийна бакъдерш а.
Бакъонаш ларйина
Республикин прокурора тIеэцначу хенахь Арсангереева Элмирас Абдул-Кадыров Шарпуддига дийхира ша уголовни жоьпе озор бух болуш хилар таллар а, цу тIехь шена гIо дар а. Арсангереевас далийна тоьшаллаш теллича гучудаьлла уголовни гIуллакх дохо карарчу хенахь бух цахилар. Цуьнца цхьаьна биначу талламо иштта гайтина дознаватела и гIуллакх ледара толлуш хилар. Язораш лелийна, дуккха а меттигаш ю РФ-н УПК-н лехамаш талхийна.
Прокуроран хьалхарчу заместитела тардалийта йиш йоцуш долу тоьшаллаш санна лерина талламан гIуллакхийн ши протокол. И дерриге а хьесапе а эцна, уголовни гIуллакх иза лелийначу дознавателера схьа а даьккхина, массо а агIор таллам байта МВД-н талламан урхалле дIаделла. Оццу хенахь федеральни законодательствон лехамаш талхор дIадаккхар тIе а дуьллуш. Уголовни гIуллакх таллар регионан прокуратурин тергоне эцна.
Л.МАГОМАЕВ
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо