РФ-н Президент В.Путин цхьаьнакхийтира НР-н Куьйгалхочуьнца Р.Кадыровца

Москвахь белхан цхьаьнакхетар хилира Россин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а. Цигахь дийцаре дира регионехь долчу хьолаца а, иза кхиорца а доьзна гIуллакхаш. Цхьаьнакхетаран юьххьехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира республикехь хийцамаш хуьлуш хилар.

1492642345

«Владимир Владимирович, баркалла хьуна цхьаьнакхета хан карорна. Ас хьуна тIаьххьара доклад йиначул тIаьхьа республикехь дика хийцамаш хилла. Юьртан бахаман производство 13,6 процентана лакхаяьлла, бюджетера йоцу инвестицеш – 19 процентана, тхан тхешан пайданаш – 26 процентана. Цхьана шарахь белхазалла 3 процентана гергга лахъелла, иза 9,2 проценте кхаьчна», – элира Кадыров Рамзана.

Цуьнца цхьаьна цо дийцира Россин Президентан «Майхьлера указаш» кхочушдар муха дIадоьдуш ду.

«Майхьлера указаш» кхочушдеш ду. Белхан алапа дIадаларна кхачоеш ю. Кхаа шарера ворхI шаре кхаччалц хенаш йолу бераш школе дахале дешарна Iамор бIе проценте дIакхаьчна. Ширачу цIеношкара бахархой дIакхалхоран программин хьалхара мур хенал хьалха чекхбаьккхина. Россина, ша аьлча, Нохчийчоьнна гуонаха кхолладеллачу хьоле хьаьжча, уьш дика жамIаш ду аьлла хета тхуна», – элира Р.Кадыровс.

Цо иштта довзийтира «Роснефтан» кхочушдаран директорца Сечин Игорьца хиллачу цхьаьнакхетаран жамIаш. Иза кхаарин дийнахь хилира.

«Роснефть» тхуна республикехь чIогIа мехала хилла юьсуш ю. Компанис кхул тIаьхьа а дIахьур ду мехкадаьттан дакъа а, республикин экономика а кхиор, цу юкъа ахча диллар», – бохура регионан Куьйгалхочо.

В.Путина хаийтира ша и гIуллакх И.Сечинца хиндолчу цхьаьнакхетарехь кхитIе а дийцаре дийриг хилар.

«Дика ду. Масех сахьт даьлча со волчохь хир ву иза. Охашимма а дуьйцур ду цунах лаьцна», – тIетуьйхира цо. Россин Президента дийцарехь, чIогIа мехала ду Нохчийчохь «Майхьлера указаш» кхочушдеш хилар. Путин Владимира билгалдаьккхира Нохчийчохь «белхазалла дикка лахъелла хилар, ши шо хьалха иза лаккхарчу тIегIанехь хиллехь а».

Кадыров Рамзана, иштта, дийцира регионан экономикина юкъа инвестицеш яхкаран декъехь беш болчу балхах лаьцна.

«Инвестицийн политикехь оха барт бина Россехь болчу тхайн коьртачу партнерашца. ХIокху деношкахь ГIажарийн заливехь хилира со, масех пачхьалкхе кхечира, цу юкъахь Бахрейнехь, Абу-Дабехь, Дубайхь хилира. Россица а, Нохчийн Республикица а цхьаьна гIуллакхаш дан хьашто йолуш бу уьш. Цара тIелецира инвестицеш ян а, еш ерш алсамъяха а», – элира Р.Кадыровс.

Республикехь кхерамазалла хиларх къамел хьахаделча, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира цхьаболчу хаамийн гIирсашкахь кест-кеста питане статьяш арайовларе хьаьжна ца Iаш, и статьяш эладитанашка ладоьгIна язйина хуьлуш ю, регионера хьал чIогIа синтеме, маьрша хилар.

«Кхерамазаллин декъехь республика дикачарех лоруш ю. Урамашкахь зуламаш дар дац тхан. Террористийн агIор кхерам а бац. Республика, аьр вай, тешам боллуш хьалхахьа йоьдуш ю», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ

№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: