«Даймохк» газетан журналистийн-ветеранийн кхеташо

БIе шо гергга хан ю «Даймохк» («Советийн Автономин Нохчийчоь», «Серло», «Ленинан некъ») газет арахеца долийна. Оцу хенахь сийлахь, цуьнца цхьаьна хала, чолхе некъ бина газето. Юьхьанца иза зорбатоха долийра Iаьрбийн йозанца, тIаккха – латынин элпашца, цул тIаьхьа – кириллицин буха тIехь. Цхьаболчарний бен девзаш доцу йоза бахархошна Iамо а, уьш цунах кхето а дезара. И декхар кхочушдарехь коьрта маьIна кхочура газетана. Цо иза дуьззина кхочуш а дира.

1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь нохчийн а, цхьаццадолу кхин къаьмнаш а махках даьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азе а дIадахийтича ара ца долуьйтуш, сацийра газет. Цул тIаьхьа XX-гIа бIешо чекхдолуш вайн республикехь тIемаш хиллачу муьрехь а газет зорба ца тухуш цхьа мур беара. Амма болх дIаболо таро яьлча, «Даймохкан» журналисташа иза дIахьора керлачу ницкъаца, дог-ойла гIаттарца. Халкъан бахам меттахIотторехь республикин куьйгалло дечу гIуллакхашкахь, даима а цуьнан тешаме накъост хуьлий дIахIуттура газет. Шен агIонаш тIехь цо хьакъ ма-дду гойтура цуьнан беркате болх.

Газето йоккха хазна юкъайиллира, хIинца а юьллу нохчийн истори, литература, къоман йоза, мотт, Iилма, культура кхиорна. Махкахь цIеяххана бевзаш болу яздархой, поэташ Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, Арсанов СаьIид-Бей, Мамакаев Iаьрби, Музаев Нурди, Абдулаев Леча, Кусаев Iадиз, Юсупов Iазим, Ахматукаев Адам, дуккха кхиберш а «Даймохкехь» болх беш, кхиъна бу. Шайн болх газетехь дIаболийначу дуккха а журналистех Iилманчаш, халкъан бахаман говзанчаш, лаккхарчу даржашкара куьйгалхой хилла. Газетан балхахь шаьш IаIийна зеделларг хаарца юкъа а далош, цара сийлаллица кхочушдина шайна тIедехкина декхарш.

Амма хан яларца историна юкъадахана, къоначу чкъуран кхетамна гена довлуш ду хьалха хиллачу журналистийн сийлахь гIуллакхаш, газетан гIиллакхаш, хедаш ю хьалхарчу муьрехь хиллачарний, керла тIекхиъначарний юккъера зIенаш, уьйраш. Цундела и зIенаш ца ходуьйтуш, Iалашъярхьама а, газетехь болх бина цхьа а журналист хан яларца виц ца валийтархьама а, «Даймохк» газетан куьйгалло а (коьрта редактор Б.Шамсудинов), хьалха цигахь болх беш хиллачу ветеранаша а вовшахтоьхна «Даймохк» газетан редакцин журналистийн-ветеранийн кхеташо. Цуьнан Iалашо ю газетехь болх бина болу берриге а журналисташ дIаязбина, билгалбахар, царах лаьцна кхитIе хаамаш лехна, дIаязбар. Кхеташоно вовшахтухур ду ветеранийн сийдарна лерина цхьаьнахетарш, уьйраш тосур ю дийна боцчу ветеранийн доьзалшца а, гергарчаьрца а, уьш кхойкхур бу ветеранаш дагалацарна лерина долчу цхьаьнакхетаршка. Кхеташоно билгалдо цхьаццаболчу журналистийн тIаьхьатетта йиш йоцу хьашташ кхочушдарехь лакхахь лаьттачу органашка гIо-накъосталла дехар.

Кхеташонан баттахь цкъа шена леррина агIо арахеца лаам бу. Цу тIехь дуьйцур ду журналистех-ветеранех а, уггаре а чолхечу муьрашкахь цара биначу балхах а лаьцна. Газетдешархойн таро хир ю журналистикехь долчу керлачух лаьцна а, къоначу журналисташна гIоьнна лерина а йолу материалаш оцу агIонехь еша. Иштта зорбатухур бу хьехамаш а, консультацеш а. Оцу белхан юьхь лара йогIу хIара агIо.

С.МАГОМАЕВ,

«Даймохк» газетан журналистийн-ветеранийн кхеташонан куьйгалхо

№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: