Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баккхаран денна лерина «Ленфильм» киностудис ветеранашна а, церан доьзалшна а, церан тIаьхьенашна а лерина шатайпа совгIат кечдина.
Карарчу шеран хIутосург (май) беттан 4-чу дийнахь Россин кинотеатрашкахь прокатехь хир ю «БIаьсте ялале кхо де хьалха» («Три дня до весны») цIе йолу исбаьхьаллин фильм. Оцу фильман режиссер Касаткин Александр ву. Санкт-Петербурган Правительствон а, Кинон фондан а гIоьнца яьккхина ю фильм. Оцу фильмехь гойтуш ю Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман къиза хан… Дахар а, валар а, безам а, тешнабехк а, и дерриге а ийна ду оцу фильмехь. Оцу фильмана «БIаьсте ялале кхо де хьалха» аьлла цIе тилларан бахьана ду эпсаран Андреевна а, лоьран Марицкойна а гIалина тIехIоьттина бохам юхатоха йисинарг кхо де бен хан цахилар.
Фильм яьккхинчара дийцарехь, баккхийчарна а, кегийчарна а товр йолуш, кIорггера чулацам болуш фильм ю иза. Классика хиларе терра, хьовсархошна хаза ца хета йиш яц иза.
З.ЛОРСАНОВА
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо