Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствехь 2017-чу шеран хьалхарчу чийрикехь республикин бахархошна диспансеризаци яран жамIаш довзийтаран кхеташо хилира оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь. Кхеташо дIахьош вара могашалла Iалашъяран министран заместитель Адамов Ваил. Республикин кIоштийн больницийн куьйгалхой а, гIаланийн, республикин больницийн куьйгалхой а бара оцу цхьаьнакхетарехь.

Адамов Ваила шен къамелан юьххьехь билгалдаьккхира карарчу шеран хьалхарчу чийрикехь диспансеризаци вовшахтохаран а, дIаяхьарана болх дIадаханчу шарахьчул а дика хилар. Хьал дикачу агIор хийцадаларан бахьана ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана диспансеризацех чекхвалар шена Дала еллачу могашаллин хама бар дуй гайтар. Диспансеризаци яле хьалха хилла хьежамаш а хийцабелла вайн бахархойн, нах къехкаш бац оцу гIуллакхах. Цундела жамIаш а ду дика.
– 2017-чу шеран хьалхарчу чийрикехь вайн республикин медицинин учрежденешкахула диспансеризацех чекхваьлла 34 эзар стаг, царах 11 эзарна сакхташ карийна. ДIадаханчу 2016-чу шарахьчул сов бу уьш. Лоьрашна иза шен хеннахь гучудалар диспансеризацин беркат ду. ХIара кхеташо цхьана диспансеризацин хьокъехь хилла ца Iа, диспансеризацин программехь долу кхачамбацарш дIадахарна а, дархочун цамгар юьххьехь дуьйна гучуяккхарна а тIехь болх барна лерина ю. Оханан (апрель) беттан 7-чу дийнахь Дерригдуьненан могашаллин денна лерина министерствос Соьлжа-ГIалин майданашкахь дIахIиттийначу могашаллина таллам баран четаршкахь, лоьрашна-говзанчашна тIебаьхкинчу бахархошна юкъахь шайна туберкулез а, и санна чолхе, хала цамгар ю-яц ца хуурш а карийра – элира В.Адамовс.
Цул тIаьхьа, кIоштийн цIерш а йохуш, проценташкахь довзийтира диспансеризаци яран хьал. Хьесапаш, жамIаш хийцаделла ерриге а республикехь. 2016-чу дуьззинчу цхьана шарахь карийначул алсам цамгарш йолу нах карийна диспансеризаци дIахьочу юкъанна карарчу 2017-чу шеран беа баттахь!
Цул тIаьхьа докладаш йира ТIеман ветеранийн республикин клиникин госпиталан коьртачу кардиолога Бацигов Хьасана а, Республикин онкологин диспансеран лоьро Ахматханов Хьусайна а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Могашалла Iалашъяран министерствехь дIаяьхьна кхеташо
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо