Нохчийн йозанан мотт когабахаран чолхе юьхь

ДIадахана ХХ-гIа бIешо долалуш кегаре заманаш дукха яьхкира Россин пачхьалкхехь: Япони пачхьалкхаца тIом, 1905–1907-чуй шерийн революци, Дуьненан хьалхара тIом, 1917-чу шеран февралехьлера, юха Октябрехьлера революцеш, 1921-чу шаре кхаччалц бахбелла граждански тIом. Оцу ерриге а къизаллашна тайп-тайпанчу хьелашкахь юкъаозийнера Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а.

original

Ишттачу хьолехь 1921-чу шарахь Нохчийн областан ревкомана коьрте хIоттийра Паччахьан Iедал долуш Россин Пачхьалкхан думин шина кхайкхаман депутат а лаьттина, кIорггера Iилма а долуш, Iедалан болх а бевзаш хилла волу Эльдарханов Таьштамир. Нохчийн йоза-дешарца долу вуно ледара хьал шена девзаш хиларе терра, уггаре а хьалха цо тидам тIебахийтинчарах дара мелла а сиха массанхьа школаш яхкар а, тIекхуьу бераш Iамо нохчашна шайна юкъахь хьехархой кечбар а, баккхийчарна юкъара йоза цахаар дIадаккхар а.

Чолхе хаттар дара хьалха хIуттуш дерг: муьлхачу буха тIехь дIахьур ду нохчийн йоза кхиор – оьрсийн я Iаьрбийн алфавита тIехь? Цкъа делахь, 1862-чу шарахь П.Услара Дишни-Веданарчу Досов Къедица цхьаьна оьрсийн элпийн буха тIехь хIоттийна алфавит а, абат а яра. ШолгIа делахь, лелаш яра Iеламнаха пайдаоьцуш Iаьрбийн элпашца хIоттийна нохчийн алфавит. Iаьрбийн элпашца ерг Гайсумов СугIайпа 1910-чу шарахь тойира, цуьнан буха тIехь масех тептар ара а хийцира цо. Ткъа оьрсийн элпашца ерг Т.Эльдархановс кхитIе а тойина, 1911-чу шарахь зорбане яьккхира. Нохчашна юкъахь дукха ца хиллачу йоза-дешар Iамочарна юкъахь цхьаьний лийлира и ший а алфавит 1920-гIа шо кхаччалц.

Эххар а, 1921-гIа шо долалуш, Iаьрбийн элпашна тIехь йолчу алфавитехьа берш алсам а хилла, Т.Эльдархановс А.Турчаевца цхьаьна хIотта а йина, еша-Iамо кхин а аттачу а яьккхина, нохчийн абат арахийцира. Иза а шаре ца елира. ТIаккха Сугаипов ШахIаба кхитIе а тойина, тIе ца тоьа элпаш юкъа а далош, ца оьшурш дIа а дохуш, тойинчу алфавитца йоза-дешар дIадаьхира Нохчийчохь, тайп-тайпана тептарш ара а хоьцуш.

Нохчийн маттаца доьзна дуьххьарлера газет, хууш ма-хиллара, араделира Соьлжа-ГIалахь 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь. Цуьнан цIе «Советская Автономная Чечня» яра. Цу тIехь оцу муьрехь оьрсийн маттахь а, оьрсийн графики тIехь нохчийн маттахь а, Iаьрбийн графики тIехь нохчийн маттахь а статьяш арайийлина. Иштта хьал дIадахана 1925-гIа шо кхаччалц.

1925-чу шарахь нохчийн алфавит латинин буха тIе яьккхира. (Цул ши шо хьалха, 1923-чу шарахь, латинин графики тIе даьхнера гIалгIайн а, хIирийн а, гIебартойн а меттанаш). М.Сальмурзаевс а, Х.Ошаевс а латинин графики тIехь хIоттийна нохчийн алфавит чIагIйира Нохчийн Автономин областан ЦИК-н Президиумехь.

Оццу 1925-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь, «Советская Автономная Чечня» газет, цIе хуьйций, «Серло» цIарца арадала долало, дерриге а нохчийн маттахь а долуш, амма юха а ши графика – Iаьрбийн а, латинийн а – иэйинчу нохчийн маттахь. Нохчийн мотт Iаьрбийн элпашна тIера латинин графики тIе баккхар кIеда, лазаме доцуш хилийта Iалашо йолуш, кхин а шина шарахь оцу кепехь арадолу «Серло» газет. Ткъа 1926-гIа шо чекхдолуш, нохчийн маттахь газеташ а, Iаматаш а, кхийолу литература а арахеца Соьлжа-ГIаларчу типографина, леррина Ленинградехь кеч а йойтий, латинин графики тIехь йолчу нохчийн алфавитан шрифт йохьу. 1927-чу шарахь буьззина латинин графики тIе болу «Серло» газетехь болу нохчийн мотт.

Иштта чолхе хуьлу ХХ-гIа бIешо долалуш нохчийн йоза кхиаран юьхь.

Амма кхузахь билгалдаккха деза кхин цхьа хIума. Вай лакхахь, хIара къамел долош, эрна ца хьахийра 1921-чу шарахь Нохчийн автономин областан ревкоман председатель Эльдарханов Таьштамир хIоттийна хилар. Нохчийн къомана юкъахь иштта къонах хилар доккха ниIмат хилла вайн махкана кегаре а, чолхе а беанчу оцу муьрехь. Халкъалахь вевзаш а, везаш а хиллачу цунна гуонах гулло нохчашна юкъахь Iилма долу нах – Х.Ошаев, М.Исаева, М.Сальмурзаев, А.Нажаев, С.-Б.Арсанов, цхьамогIа кхиберш а. Халкъана юкъахь йоза-дешаро лелочу маьIнех кхеташ болчу цара вуно чIогIа къахьийгира оцу шерашкахь. Таьштамир а воцуш, халкъана мила ву а ца хууш, цхьа «революционер» оцу дарже нисвеллехьара, нохчийн йоза дIахIоттар, шардалар кхин а чолхе, кхин а деха хила мегара.

Кхин цхьаъ а. Т.Эльдарханов 1925-чу шарахь, даржехь лакхавоккхуш, Дона-тIерачу-Ростове балха хьажийча, цо ша ревкомана коьртехь волуш кхоьллина нохчийн интеллигенцин кхерч Арсанов СаьIид-Бейс ша редактор волчу газете схьаберзийра. Дуьххьара «Советская Автономная Чечня» а, юха «Серло» а цIерш хиллачу газетан редакцехь цо латийна хилла оцу кхерчан цIе хIинца а, дIаян йиш йоцуш, вайн ХХI-чу бIешаре яьлла, тахана «Даймохк» газетехь йогуш а ю. ДIа а йовр яц, нохчийн халкъ а, нохчийн мотт а дуьненахь мел бу.

Хь.ЮНУСОВ

(ХIара материал кечъеш пайдаэцна 1976-чу шарахь арахецначу I.М.Арсанукаевн «Нохчийн советски литература. 8-чу классан учебниках» а, хIокху Интернет-сайташна тIерачу хаамех а: nohchalla.com, gilno.ru, wikiplanet.click, enciclopedia.ru)

№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: