Россин Федерацин Генеральни прокуроран Чайка Юрийн приказаца юстицин лахара хьехамча Ферзаули Ислам ТIехьа-Мартанан а, луларчу а районийн юкъарчу прокуроран даржехь чагIвина.
Ферзаули Ислам вина 1977-чу шарахь Нохчийн Республикин Соьлжан районан Ассиновски юьртахь.
2004-чу шарахь «юрист» квалификаци а йоккхуш, А.И.Герценан цIарах йолу Россин пачхьалкхан хьехархойн университет чекхъяьккхина цо.
И.Ферзаули 2004-чу шарахь дуьйна Прокуратурин органашкахь болх беш ву. Дуьххьара болх бан волалуш, Нохчийн Республикин Шуьйтан а, луларчу а районийн юкъара Прокуратурин талламхо вара и. Цул тIаьхьа
Соьлжа-ГIалин транспортан прокуратурин талламхочун а, Россин Федерацин Къилбан талламан урхаллин Минераловодски районийн юкъарчу талламан отделан талламхочун а, Нохчийн Республикин прокуратурин бакъонаш ларъяран органийн оперативно-лахаран а, уголовно-процессуальни а балха тIехь тергам латторан отделан прокуроран а, Ножи-Юьртан районан прокуроран заместителан а, Аргун гIалин прокуроран заместителан а, Соьлжа-ГIалин Октябрски районан прокуроран заместителан а даржехь болх бина цо.
И.Ферзаули 2013-чу шеран август баттера дуьйна ТIехьа-Мартанан а, луларчу а районийн юкъарчу прокуроран декхарш кхочушдеш вара.
Нохчийн Республикин прокуратура