Хууш ма-хиллара, оьрсийн зорбатоьхна, хьалхара газет арахийцира 1703-чу шарахь. Иза кечдира Перт Хьалхарчо куьйга яздинчу Указийн буха тIехь. Паччахьо Реформаш дIаяхьарехьа къийсам латторехь а, оьрсийн пачхьалкхан ницкъ чIагIбарехь а мехала гIирс лорура паччахьа газет. Оьрсийн зорбанан бух биллинчу газетан цIе «Ведомости» яра. Оьрсийн хьалхара газет кIиранах шозза-кхузза арадолуш дара. Иза жима дара – тетрадан агIонал а жима. Цкъацкъа масех агIо хуьлура цуьнан. Газетан хьалхарчу номеран редактор Петр ша вара.
Шовзткъе итт шарахь гергга «Ведомости» газет Россехь ша цхьаъ бен дацара. Цул тIаьхьа XVIII-гIа бIешо юккъе доьдуш арахеца долийра А.Сумароковн, Н.Новиковн, Д.Фонвизинан сатирин журналаш. Амма зорба къаьсттина сихачу боларшца кхиа доладелира XIX-гIа бIешо долалуш. Оцу хенахь Кавказе а кхечира иза, XIX-гIа бIешо юккъе доьдуш нохчийн хьалхарчу публицистийн материалаш зорбатоха йолийра Россин тайп-тайпанчу хаамийн гIирсашкахь. Уьш яра 1855–1856-чуй шерашкахь Тифлисехь арахоьцуш хиллачу «Кавказ» журналехь а, «Зурна» альманахехь а карарчу хенахь Гуьржийчохь бехаш болчу нохчех хиллачу кистинцо Цыскарев Ивана зорбатоьхна хилла «Тушетин суьрташ», «Тушетера запискаш» цIе йолу очеркаш а, Тифлисехь «Кавказан ламанхойн хьокъехь болчу хаамийн гуларехь» зорбатоьхна йолу «Нохчийн тукхам» цIе йолу Лаудаев Умалтан йоккха сочинени а. XIX-чу бIешеран тIаьххьарлерчу иттаннаш шерашкахь кхолладала доладелира республикин зорба. XX-гIа бIешо долалуш Кавказан дуккха а газеташкахь а, журналашкахь а яздеш вара нохчийн хьалхара корматаллин журналист Саракаев ИбрахIим-Бек. Царах цхьаьннан – «Теркан дахар» газетан цхьана хенахь редактор а Iийра иза. 1911–1912-чуй шерашкахь цо язйина ю «Нохчийчоьнан лаппагIнашкахула», «Нохчийчоь а, Шемал йийсаре лацар а» цIе йолу публицистикин яккхий произведенеш. ЦIеяххана вевзаш волчу нохчийн яздархочо Х.Ошаевс оцу произведенех лаьцна яздора: «Уьш Нохчийчоьнан исторехь нохчичо нохчийн халкъан дахарх лаьцна язйина хьалхара киншкаш яра». Билгалдаккха деза ИбрахIим-Бекан берриге а доьзал: цуьнан хIусамнана Марем а, кIентий Азамат а, Iазиз а, Нохчийчохь дика вевзаш яздархо хилла волу Хьамзат а, Азаматан хIусамнана Асет а, лаккхарчу корматаллин журналисташ хилла хилар. Цара йоккха хазна юкъайиллина республикин литература а, журналистика а кхиорна.
1867-чу шарахь арахеца долийра «Терские ведомости» газет. Бакъду, иза арахеца долор ламанхошна башха доккха маьIна долуш ца хилира. Кавказталлархочо П.Услара билгалдаьккхира: «Оцу газетехь ламанхошна оьрсийн маттахь яздар Чинин маттахь яздар санна ду». «Терские ведомости» газет Теркан областан меттигерчу бахархошна ца кхочуш дисира. Бакъду, газетехь кест-кестта зорбатухура Къилбаседа Кавказан лаьмнийн халкъийн дахарх лаьцна дуьйцуш йолу статьяш а, заметкаш а, царна юкъахь къаьсттина мехала маьIна долуш яра Кавказан интеллигенцин векалша язйинарш. Газетан официальни декъехь зорбатухуш яра Правительствон распоряженеш а, Теркан областан хьаькаман, меттигерчу администрацин кхечу векалийн омранаш а.
Россин пачхьалкхан дуккха а гIуллакххой оцу хенахь кхеташ бара меттигерчу бахархошна Iаьрбийн маттахь газеташ а, журналаш а арахеца дезаш хиларх, оццу хенахь царах идеологин декъехь пайда а оьцуш. Билгалдеш дара «Заря» газет арахецар. Амма Iедалехь барт ца хуьлуш, я уьш арахецарна ахча цахиларна, газеташ арахецар ца нислора. Ма-дарра аьлча, Кавказерчу куьйгалхошна гIолехь дара динан дайшна, Iедална критика ян таро цахилийтар.
XIX-чу бIешеран шолгIачу эханан юьххьехь, Теркан область Ставрополан губернина юкъара дIа а къаьстина, шен лаамехь йолу административни область хилла дIахIоьттира, Буру-ГIала пачхье а йолуш. Иштта цунна юкъайоьдуш яра Нохчийчоь а. 1890-чу шарахь Буру-ГIалахь арахеца долийра «Теркан календарь» газет. Цул тIаьхьа – «Терский сборник». Цу тIехь зорбатухуш яра Теркан областах лаьцна справочни материал а, ткъа иштта Къилбаседа Кавказан халкъийн дахарх а, Iерах а лаьцна йолу статьяш а, очеркаш а. Нохчийчоьнах лаьцна материалаш а яра цу тIехь.
1863-чу шарера 1917-чу шаре кхаччалц Соьлжа-ГIалахь арахийцира 12 газет: «Грозненский листок», «Грозненские новости», «Грозненский торгово-промышленный бюллетень», «Известия Совета рабочих и солдатских депутатов Грозненского района», «Север Кавказа», «Терек и Сунжа», «Терец», «Терский край», «Терский вестник», «Терское эхо», «Товарищ», «Сборник трудов Терского отделения русского технического общества», и.дI.кх.а.
Нохчийн хьалхарчу газетех цхьаъ ларалуш ду «Терец» газет. Цуьнан хьалхара номер арахийцира 1911-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 19-чу дийнахь. Бакъду, цуьнан масех номер бен ара ца елира. Цуьнан редактор вара цIеяххана вевзаш хиллачу революционеран Шерипов Асланбекан ваша Шерипов Денилбек. Областехь долчу кхачамбацаршна критика ярна дIакъевлира иза. Цуьнан тIаьххьарлера номер арелира 1912-чу шеран мангалан (июль) беттан 29-чу дийнахь.
1917-чу шарахь февралан буржуазни-демократин революци хиллачул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь арахеца долийра «Известия Грозненского Совета рабочих и солдатских депутатов». 1930-чу шарахь цIе хийцина, «Грозненский рабочий» аьлла, цIе тиллира цунна.
С.МАМАЕВ
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо