Къеначу лаьмнашций, ширачу хьаннашций, ДIадевлларш хьехадеш, къамел дан йиш хилча, ЦIий лайнчу тIулгаший, тIом гинчу пепнаший, Ладоьгург велхавеш, хийла аз хазор дара.
Нохчийн сийлахь воккхачу поэта Мамакаев Iаьрбис яздина и могIанаш, буьйса хазйина седа санна, иэсехь, хIоразза а карладовлу, Нана-Нохчийчоьнан ширалле, къинхетаме бIаьрг кхарстош ойлане ваьлча. ТIеман цIаро марцаза, чахчоза, Iовжоза цхьа а юрт яц Нохчийчохь.
Ткъа Iалхан-Юьртана шозза-кхузза гина «Эхартахь бен гур дац», баьхна къемат де. Цкъа хьалха 1919-чу шеран шийлачу бIаьстенан юьххьехь къинхетамза Iожаллин цIе юьрта кхерстира. Инарла Деникинан эскарера салтий бара, шайна хьалхаваьлла инарла-майор Драценко Даниил волуш, Iалхан-Юьртана чугIоьртинарш. Россин массо а маьIиг санна, тайп-тайпанчу тобанаша сийсош Нохчийчоь а хилла.
«ЦIенаш», «кIайнаш» Iедалехь дарж дезаш, араевлла ардангаш хилла, даима а санна, халкъ балехь латтош. Большевикийн комиссар Гикало Николай коьртехь волуш, ЦIен Эскар вовшахтоьхна, командир Шерипов Асламбек волуш, цхьа тоба хилла. Теркайисттехула чубеана, шайна хьалхаваьлла инарла Шатилов волуш, КIайчу Эскаран бIо хилла 1918-чу шеран гурахь дуьйна, нохчийн ярташ ягош. Хаддаза дIабоьдуш тIом хилла, цкъа цхьана агIоно толам боккхуш, тIаккха вукху агIоно боккхуш.
Эххар а, 1919-чу шеран кхолламан (январь) беттан 23-чу дийнахь Соьлжа-ГIала кIайчеран караяхна. Революцин шовкъан кIамдаро гIовттийна цIенаш ГIойтIахь хьулбелла. Толамах Iехавеллачу инарлас Шатиловс сацам бо, ГIойтIара а цIенаш лахка. Амма шозза-кхузза тIегIоьртича а, цуьнан ницкъ ца кхочу уьш эшо.
1919-чу шеран беригге а чиллин (февраль) бутт, Шатиловс гIойтIархошна дедда-юкъа тIелатарш деш чекхбоккху. Амма цIенаш юха ца бовлу. Чевнаш хилла инарла Шатилов тIема юккъера дIаваьлча, инарлин Деникинан омрица, цуьнан метта дIахIоттаво полковник Пушкин. Луьрачу тIеман тасадаларшкахь нохчаша воь иза а. ТIаккха Соьлжа-ГIалахь туш тоьхначу КIайчу Эскарна куьйгалле инарла-майор Драценко хIоттаво. Ша говза бIаьхо хиларе терра, Драценко мекарло ян гIурту оцу тIамехь. 1912–1913-чуй шерашкахь ГIажарийчохь хиллачу тIемашкахь, курдаш хIаллакбеш, доккха зеделларг гулдинера Драценкос. Цунах пайдаийцира инарлас нохчашка таIзар хIоттош а. Шатилов а, Пушкин а гIойтIархошна Соьлжа-ГIалара тIелеташ хиллехь а, Драценкон бIо Iалхан-ГIалахь (Ермоловка), алссам гIалагIазкхий болчохь вовшахкхета, 1919-чу шеран бекарг (март) беттан 20-чу дийнахь. Iалашо цхьаъ яра: ГIойтIа дIакхача, цигара цIеэскархой хIаллакбан. Iалханюьртахошкара Драценкона оьшушдерг, некъахьовзам ца боккхуш, паргIат КIайн Эскар дехьа далийтар дара. Амма, Iаьно а гIойтIархошкахь лаьттийна Iазап девзаш болчу Iалханюьртахоша, и къиза тIом шайна тIелаьцна, мостагIчунна дуьхьало йира. Деэшначунна орцахвалар, нохчаллин коьрта гIиллакх ду.
Цхьана юьрт ахь, ГIойтIахь, хьулбеллачу цIеэскархошна тIелата кечйинарг тIеман ши дивизи яра, шайна юкъахь дошлойн 3 полк, гIашсалтийн батальон, гIалагIазкхийн дошлойн батарей йолуш. Цул сов, Кубанера №7 йолу пластунски батальон, №1 йолчу дошлойн-артиллерин дивизин ши батарей, 12 йоккха топ, 48 гаубиц, 50 пулемет. Верриге а, гIаш а, говрашкахь а, оцу Iожаллин гIирсаца, виъ эзар сов кIайэскархо вара, 1919-чу шеран бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь Iалхан-Юьртана чугIоьртинарг. ТIеман эрчо гина, цу юкъахь дакъалаьцначу Мадагова НоIас суна дийцарехь, хьалхарчу суьйранна Iалхан-Юьртахь зуда ялийна синкъерам хиллера. Иза тобеллачу хенахь, юьртара цхьа жима стаг чоьхьа велира. Вайнехан гIиллакхехь догIуш ма-хиллара, салам а делла, могаш-паргIат а хаьттина ша ваьлча, цо элира: «КIентий! Соьлжа-хих чекхбуьйлуш, текхаш, юьртана тIегIерташ гIалагIазкхий бу вайна!» «И бохург хIун ду?!» – аьлла, гIовгIанаш евлла чохь. ТIаккха минот ялале аралилхина, кегийнах дIабахара, тхан синкъерам дIабуьйхира. «Вай дайъал гомачо, ма йоккхийла оха яьккхина буьйса», – чекхдаьккхира Мадагова НоIас шен къамел. Оцу дийнахь сатосуш дIаболабелира тIом.
Буьйса яра аьлла ца Iаш, кечам бина хиллера Iалханюьртахоша. Шиъ-кхоъ чаккхарма юьртана юьстахъяьккхина мостагIашна кIело йина а хиллера оцу буса. Юьртан эвлайист лоцуш, кхин цхьа кIело а йина хиллера. Ткъа юьртана юккъехь-м, пхеа-ялх стагах лаьтташ йолу кегий тобанаш, алсам хиллера. ГIаж таккхол верг араваьллера мостагIчунна дуьхьал. Зударша хаддаза, оцу тIеман кIуьра юккъехула бовха кхача латтабора тIемалошна. Буьрсачу тIеман къаьхьа де делкъене даьлла гIалагIазкхашна шайна тIе герз мичара детта ца хууш. Iалхан-Юьртара, массо а урам, гу, шу, дитт, кондар герзах юьйлуш хилла. Артиллерин Iалашо лаца аьтто ца болура, массо а маьIIера гIалагIазкхашна тIехула детташ герз хиларна. Делкъа ламазана молла кхайкхира Iалханюьртахоша мостагI юьртана аьттехьа ца вуьтуш. Делкъал тIаьхьа, кхо сахьт долуш, гIалагIазкхийн командираша омра дира шайн салташка, шаьш долч-долчохь цIерш латаяй, тасадаларан доза билгалдаккха, аьлла. Сийначу цIарах яга йолаелира Iалхан-Юрт.
Эпсарша йиначу рапорташ тIехь билгалдоккху, позицеш дIа ца хоьцуш, нохчаша «АллахIу Акбар» маьхьарца Iожалла тIеоьцуш хилла хилар. Малхбуза хенахь юьрта чукхечира гIалагIазкхий. ТIаккха массо а кертан маьIиг, массо а цIа дуьхьалоеш дара. Такалаев Дотакин виъ кIант: Солтамурд, Ахьмад, Мохьмад, Абубакар, шайн керта пулемет дIахIоттийна, дуьхьалоеш вара мостагIчунна. Виъ кIант воьжча, церан къеначу дас Дотакас а етта йолийра пулемет, чевнаш хилла цуьнан йоI Серижа, кхехкачу тIамехь дена патармаш тIекхоьхьуш а йолуш.
Юьртахь цIе йоккхуш, массарал хаза йоI хилла Пацаев Солтамурдан йоI Заарт. Вежарий хIаллакьхиллачул тIаьхьа, шен дена улле дIахIоьттина тIом бина цо. ТIема юккъера, куьйга узучу салазахь 28 дакъа арадаьккхина, ша цхьамма лаьтте дерзийна оцу йоIа, шена хиллачу чевнашна къурдаш а деш. Шайн хIусамдай хIаллакьхилча, уьш болчу саьнгарчу лилхина, тIом бина Цамаева Тахас, Сулейманова Маймас. МостагIий тIекхаьчна, къона ши зуда тоьпан дIаьндарго лаьцна, ца юьсу йолу чевнаш царна еш. Тахин карахь, еллачул тIаьхьа а топ хилла дIа ца хоьцуш. Хиллачух ца Iебаш, эпсаро дIаозийна зудчуьнгара герз. Топ яьлла, эпсар вуьйш. Цундела олуш хила гIалагазкхаша: «Нохчийн зударий, беллачул тIаьхьа а кхераме бу». МостагIчух леташ, шайн керташкара божарий хIаллакьхилча, долу герз кхачийча, шаьлтанашца мостагIий хIаллакбинчарах бу Саидова Тарха, Цомаева Маьлх-Аьзни, Борщаева Майма. Шина кIиране баьлла, бахбеллачу оцу тIамехь верриге а вийнарг 567 Iалханюьртахо ву. Царах 97 зуда ю. Берриге а къона, уггаре а дахар деза хан йолуш хилла уьш. ТIом дIабирзина хеташ, инарла-майор Драценко Данаиил Iалхан-Юьрта чукхаьчна, толамах воккхавеш, урамашкахула волавелла хилла, ша диначу талорах воккхавуьйш.
ЦIеххьана, цхьана хIоьттина даьллачу ловзаргахь етта вота санна, пулемет ека йолаелла, инарлина уллера эпсарш эгош. Мичара, муха, хьан етта, кхеташ стаг ца хилла. Эххар а, хиъна, юьстахо йолчу цхьана саьнгар чуьра схьаетташ иза хилар. Акха жIалеш санна, эпсарийн арданг оцу саьнгар чу иккхича, гучуделира, шайн байъинчу вежарийн чIиръоьцуш Лорсанова Тамарий, Тумиший хилар, яларчу йирзича а пулеметан лаг озийна пIелг мал ца беш. И доьналлин сурт гича гIодамийн такхорана юккъе доьхкина, нохчийн зударийн декъий, дагийра инарла-майора Драценко Даниила. Лорсанова Тамарий, Тумиший йоцург, багийначарна юкъахь яра МагомадовгIар Саждат а, РакаIат а, Юсупхаджиева Пира, Ушурмаева РакаIат, Овхадова Билкъис, Гакаева Машар, Дукаева Забана, иштта дуккха а кхиберш.
1919-чу шарахь бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь дIаболабеллачу тIамехь юьхьанца дуьйна дакъалаьцначарах ю: Мальсагова Эдма, Разет, Санаева Майма, Неба, Дураева Бацак, Килса, Дусаева Марха, Шума, Кадырова Медни, Маа, ТакалаевгIар Руми, Асет, Межидова Яха, Човка, Хакишева Разет, Гортикова Нурадат, Барзигова Рушан, Янхотова Билла, Алтамирова Рака, Садаева Яха, Муслуева Човка, Шурпаева Малижа, иштта дуккха а кхиберш. Уьш дерриге а маьрша адамаш хилла, нохчаллех къилба дина, шайн юьртахь хьаналчу рицкъанца бехаш. Иштта ду нохчийн зударийн иллешкахь дуьйцу доьналла. Иштта хилла Iалхан-Юьртарчу мехкарийн амал. Халкъан иэсехь яха йисина цара гайтина турпалалла.
ГАЗИЕВА АЗА
№31, пIераска, оханан (апрель) беттан 21-гIа де, 2017 шо