Нохчийн меттан денца доьзна НР-н Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Лараме махкахой!

Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан матте безам боцуш верг, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцуш верг, иза Iалашбеш воцург шен Даймехкан бакъволу патриот хуьлийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду – нохчийн башхалла, цуьнан истори, культура, ламасташ. Вайн мохк кхин а чIогIа беза вайна ницкъ ло цо.

1478588123

Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо даима а олура, шен ненан мотт безар а, цуьнан сий-ларам бар а, ша-шен ларар а, шен халкъ ларар а ду. Ненан мотт дIабаьлча, къам долчуьра дIадовлу вай.

Тахана нохчийн мотт школашкахь а, вузашкахь а Iамош бу, оцу маттахь арадовлуш газеташ, журналаш ду, еш передачаш ю, дIахьош яккхий, сий-лараме мероприя
теш ю. Вайн дозалла дан йиш ю мел хала киртиг тIехIоьттича а, мел самукъане мур беача а – массо а хенахь нохчийн маттана тешаме хилла дисина вай, цо вайна даима а гIо а дина.

ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна.

Вайн декхар ду ненан маттаца йовха, аьхна юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза, дIабер бац.

Ларбелаш нохчийн мотт!

Декъалдо шу дезачу денца! Лаьа шу маьрша, ирсе, токхе дехийла. Дала аьтто бойла шун а, шун гергарчеран а!

№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: