ХIораннан а декхар

 

Россехь хIора  шарахь 3-чу сентябрехь билгалдоккху – терроризмана дуьхьало латторан де.

Оцу дийнахь дагалоцу терроризмах даьлла зулам бахьана долуш кхелхинарш. Кхелхинчеран мемориала хьалха зезагаш дохку, школашкахь оцу денна лерина  урокаш ло, терроризмах долу зуламаш дуьйцуш а, гойтуш а лерина йолу мероприятеш дIахьо.

Къаьсттина вайн республикина а, вайн къомана а доккха зулам даьлла цунах – эзарнаш адамаш, йохийна гIаланаш, ярташ. Йина дукха террористически акташ. Нохчийн дайъина дукха кIентий декъалхилла, таханлера сирла денош вайн махкахь дIахIитто гIерташ. Уьш вайн дегнашкара цкъа а дIабевр бац. Вай гуттар а къийсам  латто беза терроризмана дуьхьал,  хала хенаш вайна кхин  тIе ца хIиттийта.

Вайн республикехь сих-сиха дIахьо терроризмана профилактика яран мероприятеш. Цигахь кегийрхошна дуьйцу терроризмах дуьйлучу зуламех лаьцна.

Терроризмана дуьхьало ярехь уггаре а коьртаниг вовшех дагадовлар, цхьаьна гIуллакхаш дар ду. Вай хIораммо а лара деза хIора къам а, къоман культура а, дин а, мотт а.

Терроризман исторех лаьцна дийцича, иза дукха генара схьайогIуш ю. Иза дуьххьара гучуяьлла XVIII-чу бIешерийн чаккхенехь Францехь революци йолуш. Террористийн коьрта Iалашо ю адам кхерор. «Террор» боху дош, вайн матте гочдича. «кхерор» бохург ду.

Ала догIу, 2006-чу шеран 26-чу февралехь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думас тIеэцна «Терроризмана дуьхьало яран» хьокъехь долу закон. Оцу законо терроризмаца къийсам латторехь коьрта декхарш Россин Федерацин федеральни кхерамзаллин службина тIедохку.

Делахь а вайна хаа деза терроризм массо а адаман мостагI вуйла. Массара а цхьаьна дуьхьало  йича, вай иза эшор ю .

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: