Нохчийн меттан денца доьзна НР-н Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан декъалдар

Лараме Ахьмадан Рамзан!

Хьоме махкахой!

Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца.

Оцу дийно къаьсттина меттиг дIалоцу Нохчийн Республикин хиламийн рузманехь. Баккъал а бакъ долуш, халкъан са ду мотт. Тахана нохчийн матте а, иза кхиорехь, Iаморехь къахьоьгучаьрга а болу вайн ларам дIагойту вай.

Daudov

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIоразза а билгалдоккхуш дара нохчийн маттахь долу хаарш карладохуш а, кхиош а вай хила дезаш хилар. Иза тешна вара нохчийн матте болу безам беран кхетамна жималлехь дуьйна чубилла безаш хиларх.

Тахана ненан мотт кхиоран а, баржоран а гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмадан Рамзана шен тидамехь латтош ду. Цуьнгара даима а гIо-накъосталла хилар бахьана долуш, нохчийн маттахь арадуьйлуш ду газеташ, тептарш, книгаш, телеэфирашкахь передачаш.

Со тешна ву, кхидIа а ненан мотт Iалашбарехь, ларарехь, кхиорехь вай къахьоьгург хиларх.

Даггара лаьа Нохчийн Республикин бахархой могаш-маьрша бехийла а, Даймехкан дуьхьа къахьегарехь церан кхиамаш хуьлийла а!

Ларамца,

Нохчийн Республикин Парламентан Председатель

Даудов Хож-Ахьмадан Мохьмад

№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: