Иорданехь бехачу нохчаша стохка дуьйна билгалдаккха долийна Нохчийн меттан де.
Цигарчу нохчаша ехкинчу кегийчу а, яккхийчу а гIаланашкахь: Заркъахь, Сухнахь, Сувайлахь, Азаркъахь вайнехан диаспорийн организацешца стохка, Нохчийн меттан денна лерина вовшахтоьхначу даздаршкахь нохчийн маттах а, вайнах цIерабахарх а лаьцна дийцира.
ХIокху шарахь оцу гIаланех уггаре а йоккхачу, цхьа миллион сов вахархо волчу Заркъахь зударийн а, божарийн а организацеша цхьа бутт хьалха дуьйна кечамаш беш бу Нохчийн меттан денна. Цу юкъараллийн куьйгалхоша хIоттийна программа ю. Бекарг (март) баттахь дуьйна интернетан Facebook сайта тIе кегийрхошна юкъахь дIакхайкхийна суртдилларан конкурс ю.
Иштта, Заркъарчу нохчийн зударийн юкъараллин куьйгалхочо Билто Рондас а, жигархоша: Хьаьжа-Асхьаба Марема а, Шакир Камаль Арслана а, ЮшаI Бакир Раянас а, Бакир Асета а, Махьмуд Баткъал Бикас а, кхечара а дIахьош бу кечамбаран белхаш.
Бакир Асета а, Раянас а нохчийн къоман меттан хазаллех дуьйцуш кечъеш видеокийсак ю. Цул сов, кхушара дIахьондолчу даздаршкахь а, видеокийсакехь а нохчийн маттах а, халкъ цIадерзорах а, Нохчийчохь къоман культура, дешар меттахIоттош биначу некъах а лаьцна дуьйцур ду.
Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь, совгIаташ деш, билгалбохур бу нохчийн маттаца доьзна дIахьочу суьртийн конкурсан толамхой. Цу дийнахь видеокийсак а юьллур ю нохчийн а, Iаьрбийн а хьовсархойн тидаме. Iаьрбашна хаа а, довза а лаьа вайн къоман исторех, маттах дерг, (нохчийн зударийн юкъараллин организацина юкъахь а бу вайн къоман гIиллакхаш хазахеташ болу Iаьрбий). Заркъахь, Сухнахь, Сувайлахь, Азаркъахь бехачу нохчийн баккхийчу нахе дуьйцуьйтур ду шайн дайша лелош хиллачу къоман хазачу, ширачу гIиллакхех, Iадатех, нохчийн доьзалшкахь да-нана ларарх, юьртахь, лулахь вехачу воккхачун вайнаха бечу сий-ларамах, хьаша-да тIеэцарх, доттагIаллех, къонахаллех, кхечу къаьмнашца вайн дайша лелийначу юкъаметтигех, гергарлонех лаьцна.
Цуьнца цхьаьна вовшахтухур бу нохчийн къоман шатайпаналла гойту культурин, искусствон, куьйга-говзаллин гайтам а. Цигахь нохчийн къоман духарш, герз, дечиган-аьчкан пхьераша бина гIирсаш, къоман даарийн шун хир ду. Дечиг-пондаро, къоман иллеша хаздийр ду той.
Иорданерчу нохчашна дицлур дац нохчийн къоман яздархойх, Iилманчех, илланчех дош алар а.
Лакхахь хьахийначу гIаланашкарчу нохчийн юкъараллашца зIене а девлла, цара дIадаьхьначу даздарех лаьцна тIейогIучу цхьана номерехь дийца хьовсур ду тхо.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо