«Меттан марзо» тоба

Оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIаяьхьира Нохчийн меттан денна лерина суьйре. Иза вовшахтоьхнера исбаьхьаллин дешан говзанчийн «Меттан марзо» тобанан декъашхоша.

IMG_1733

Суьйре дIахьош яра и тоба кхоьллина йолу поэтесса Резванова Айза. Нохчийн маттахь байташ говза ешарехь хьуьнарш къовсуш бара школашкара дешархой. Церан мах хадочу жюрина юкъахь бара поэташ: Рашидов ШахIид а, Яралиев Юсуп а.

Иштта, баьхкинера С.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин белхахой а. Цигахь дакъалоцуш бара «Меттан марзо» тобанан декъашхой къона поэташ: Гакаев Iаьрби, Исраилов Сайхан, Джабраилова Азман, Хизриев Адам, Банжаев Аьрзу, Шахабов Сайд-Селим, Муртазов Iадлан, Виситаева Тумани, Малакова Хеда, Малаков Джахар, кхиберш. Царах цхьаболчеран байташ йийшира бераша.

Суьйре дIайолош Резванова Айзас билгалдаьккхира нохчийн матте безам бераллехь дуьйна кхолла безаш хилар. Массара а бохург санна дика а, кхеташ а дIайийшира бераша шайна хазахеташ йолу байташ. Уьш Даймахках а, ненах а, дахарх а, адамаллах а лаьцна яра. ЖамIаш дича билгалбевлира къона толамхой. Хьалхара меттиг йийкъира Арзимиев Джабраила а, Резванов Сайд-Iалис а, Хаджимурадова Сумаййас а: шолгIа меттиг Докаева Селиминий, Резванова Инниний, Хаснукаева Раяниний елира, ткъа кхоалгIа меттигаш ехира Зулкарниева Амината а, Резванов Сурхос а, Алханова Маккас а. Уьш Сийлаллин грамоташца а, «Меттан марзо» тобанан билгалонаш тIехь йолчу совгIаташца а билгалбехира. Берашна совгIаташ дира республикин берийн библиотекин белхахоша а.

– Берашна цкъа а дицлур дац хIара де, хIара суьйре, шайн хьуьнарийн хадийна болу мах. ХIара тайпа гIуллакхаш бераш кхетош-кхиорехь, царна нохчийн мотт марзбарехь вовшахтохар мехала ду, вай уьш кест-кеста дIадахьа а деза, – элира А.Резвановас.

Рашидов ШахIида а, Яралиев Юсупа а дийцира бераш байташ ешарехь а, иллеш дIааларехь а говза хилар а, суьйре чIогIа маьIне хилла хилар а. Цара баркалла элира «Меттан марзо» тобанан декъашхошна цхьана а хIуманан дуьхьа а доцуш, дуьххьалдIа берийн самукъадаккхархьама и суьйре дIаяхьарна а, нохчийн мотт кхиорехь, тIекхуьучу тIаьхьенна марзбарехь къахьегарна а.

Билгалдаккха деза «Меттан марзо» тоба дIадаханчу шарахь кхоьллина хилар. Оцу тобанна юкъабогIу бевзаш болу а, кхоллараллехь кхиъна богIуш болу а, къона а поэташ. Шайн байташ йовзийтарал сов, тобанан декъашхоша къахьоьгу нохчийн мотт кхиорехь а, ларбарехь а. Цара вовшашна цахуург а хьоьху, кегийнаш а кхиабо, тIекхуьучу чкъурана ненан мотт а марзбо. Цунна тоьшалла дара Къоман библиотекехь дIаяьхьна суьйре.

I.МУРТАЗОВ

№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: