Гуьмсан кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнехь Нохчийн меттан денна лерина даздарш дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитела Юсупов СаьIида, депутаташа Тагиев Мурата, Висмурадов Абухьусайна, дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса, Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхочо Оздамиров Iусмана, кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхочо Куразова Маликас, Нохчийн Республикин хьакъболчу журналисташа Газиева Азас, Борхаджиев Хожа-Бауддис, нохчийн меттан хьехархоша, кхечара.

Берийн кхоллараллин цIийнан уьйтIахь Гуьмсан кIоштан школийн хьехархоша а, дешархоша а шайн-шайн четарш хIиттийнера. ХIора а четара чохь нохчийн даарех юьзна стоьлаш яра. Цул сов, ширачу заманахьлера цхьайолу хIуманаш а яра. Хьеший хIора а школин четарх бIаьрг а тухуш, цара кечдинчу даарийн чам а боккхуш, чекхбевлира.
Цул тIаьхьа Берийн кхоллараллин цIийнан актови залехь дIадолийра Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар. Нохчийн меттан хьехархой оцу денца декъал а беш вистхилира Тааев Илес.
Цо элира: «ХIора а меттан шен башхаллаш а, къайленаш а ю. Буьйцучу матте хьаьжжина хуьлу оцу стеган лелар а. Ткъа вайн нохчийн мотт дийнна цхьа бахам бу. Ша баккъал а нохчи волчо дозаллица, цуьнан сий дарца бийца беза иза. Министран Байханов ИсмаьIалан цIарах ас декъалбо нохчийн меттан хьехархой. Шайх тешийначу дешархошна ненан мотт Iаморца, цуьнга марзо кхолларца аш беш берг боккха болх бу».
Ненан меттан де даздар чIогIа мехала гIуллакх хилар билгалдаьккхира А.Оздамировс: «ХIора а доьзалехь берашна жимачохь дуьйна марзбан беза ненан мотт. ТIаккха, шайн ненан мотт цIена а, хаза а бийца хуур ду царна. КIоштан школаша вайн кхиэле ехкинчу ширачу заманахьлерчу хIуманех а, вайн нохчийн даарех а бIаьргтоьхча хаа мегар ду, мел хаза а, шатайпа а ю вайн къоман истори, культура».

Нохчийн меттан хазаллех а, дозаллех а лаьцна дийцира Газиева Азас билгалдаьккхира: «Яхь, майралла, доьналла, нохчалла, турпалалла шайца йолуш баьхначу вайн дайша бийцина бу вайн ненан мотт. Оьзда баьхначу вайн наноша бийцина иза. Адам дуьххьара дуьнен чу даьлча, иза декъалдеш бийцинарг бу-кх вайн ненан мотт. Дуьххьара дас шен доьзалхочунна хьехар дар а, нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ цуьнга дIакховдор а цу маттахь хуьлу. Воккхачу Дадин дийцарш а, дуьненал а дукхаезачу Бабин дийцарш а ду нохчийн маттахь. АллахIа вай кхечу къаьмнех къастош вайна делла деза совгIат ду нохчийн мотт. Цунах кхета Дала хьекъал а, доьналла а лойла вайна, – бохура цо.
Цул тIаьхьа, нохчийн меттан тоьллачу хьехархошна Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира. Иштта, Ненан меттан денна лерина дIаяьхьна хиллачу масех конкурсан толамхочунна совгIаташ дар а дIадаьхьира. Берийн кхоллараллин цIийнан векалша хелхарш деш, эшарш локхуш дIадаьхьира цул тIаьхьа нохчийн меттан денна лерина даздарш.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: Даздарийн дакъалацархой
№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо