ДIаяьхьира хIокху деношкахь Ростов гIалахь.
Вайн Республикера цигахь дакъалоцуш бара Республикин «Ахмат» цIе йолчу спортклубера боксерш: Абдурашидов Iадлан, Шахманов Идрис, Едисултанов Ислам, Ашаханов МасIуд, Хатаев Имам.
Къийсадаларш дIадаьхьира деа дийнахь. Цул тIаьхьа тайп-тайпана йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой: ШолгIа меттиг яьккхира Абдурашидов Iадлана (64 кг.), кхоалгIа меттиг Шахманов Идриса (81 кг.).
Вайн спортсменийн некъан харжаш шайна тIелаьцна, доккха гIо дира «Ахмат» спортклубан президента Исмаилов Саламбека.
Оцу кхиамашка вайн боксерш кхачийнарг ву, уьш Iамийна церан тренер Мусхаджиев Рамзан. Зеделларг сов даьккхина, юьхькIомаца цIабирзира нохчийн кIентий.
З.ШИШХАНОВА