«Зама сиха йоьду», олуш ду-кх вайн. Йоьду. Шеца дуккха а шира Iадаташ, гIиллакхаш а дуьсуш-м йоьду. Ма дукха хаза а, шайх тера кхин дан а доцу Iадаташ «делла» вайн халкъана. Уьш ден дан Iалашо йолуш юкъаралла оьшур-кх вайн заманахь.

Наггахь а халкъан ширачу Iадаташца бехаш нах гича кхаъ хуьлу. Дукха бацахь а, хIинца а бисина вайна юкъахь Iадаташ лардийраш, уьш ларар а, лардар а, шайн декхар хетарш.
Иштта, тайпанан векалша кхайкхочу кхиэлаца бехаш нах а хилла вайна юкъахь. И Iадат дендина Хьалха-Мартан кIоштарчу гендарганойн тайпано. Цара хIора а баттахь кхеташонаш дIахьо. Тайпана юкъадогIучу хIора гаран а цхьацца векал хуьлу кхеташонехь. Цара цигахь бийцаре бо тайпана юкъабогIучу хIора доьзалан а дахарера хиламаш. Шайна юкъахь гIо оьшург билгалвоккху, буоберашка хьажар муха ду хьовсу. Нагахь санна зуда яло езаш кIант а волуш, амма таро йоцуш, и гIуллакх дIатоьттуш доьзал хаабелча, царна доьзал кхуллуш гIо-накъосталла до дийнна тайпано. Цхьа хало тIеIоттаеллачу доьзална гIо до я цхьа хьовзам баьллехь и гIуллакх дIадерззалц дакъалоцу. Иштта тезетан гIиллакхаш ду лардеш. Тайпанан юкъара цхьа а ца вуьту терго ца еш. Муьлхха а киртиг тIеIоттаелча, тайпанан векалшка гIо-орца деха таро ю хьеннан а.
Дукха хан йоццуш, сан а аьтто хилира ишттачарах цхьана кхеташонехь хила (цара шайна юкъахь боьрша нах бен ца буьту).
Де суьйренга лестинера кхеташоне нах схьагулбала буьйлабелча. Доьзалан нанас тIелоцура баьхкинарш. Шаьш схьагулделла девлча, цхьаьна, жамIатца маьркIажа-ламаз дира цара. Цу юкъана царна кечбина бовха кхача хьалхабиллира, доьзалан нанна гIо дан баьхкинчу, луларчу зударша. Церан хьашташка хьовсуш кегийрхой бара. Хьеший хIума кхаьллина бовллалц царна юххе хьийзара уьш. Цул тIаьхьа, чуьра совнаха хIума дIаса а йоккхуш, царна паргIато яьккхира цара. НеIарш тIе а къевлина, дийцаре дан леринарш дуьйцуш бехха Iийра уьш (кхеташо гендарганойн тайпанан Муьжг гаран куьйгалхочун хIусамехь яра).
Уьш дIасабевллачул тIаьхьа кхеташо дIаяьхьначу хIусаман дегара пурба даьккхира ас, цара и шира Iадат дIатесна цахилар нахана дIа а гойтуш, царах лаьцна яздан. Цо элира: «Суна дика хетар ду ахь иштта гIуллакхаш дIадахьаран мехалла гайтича. Тайпанан кхиэл хилар бахьана долуш, дуккха а гIуллакхаш кхочушдина оха. Уггаре а коьрта – Далла хьалха а, нахана гергахь а нийсачу хоршахь хилар ду иза.
Даккхий хIуманаш я баккхий бахамаш ца оьшу стагана шен цIе яккхийта – ша хьенан, мила ву а хууш ваьхчахьана, юкъаралло ша туьллур ю цунна цIе, иза муха хир ю бохург, хIора къонахчун шен карахь ду.
Бакъдуьнена бирзинчу вайн дайша мел лелийнарг деза ду вайна. Царах масал эцар тIехь ду. Шайн доьзалшна, гарашна, тайпанашна, юьртахошна дола а деш, цаьргара зулам ца долуьйтуш, дан дезачунна дов а деш, тIаьхье кхиийна цара. Оцу наха мел лелийнарш эрна дайта йиш яц. Тахана вай ду вешан кхолламан дай! ХIинца вай лардийр ду вайн дайша лардинарг!» – дерзийра шен къамел Авхадов Эльберта.
Хь.ДАУДОВА
№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо