Нохчийн меттан де гергакхачарца доьзна Соьлжа-ГIаларчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Президентан лицейхь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочуьнца Киндарова ПетIаматца цхьаьнакхетар хилира тхан.

Киндарова ПетIамат йина 1949-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 29-чу дийнахь. Шелан кIоштарчу БелгIатой-Эвлахь кхиъна. Шайн юьртарчу школехь дешна яьллачул тIаьхьа, 1966-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище деша яхара иза. Цигахь шайна нохчийн мотт хьоьхуш хиллачу Джамалханов Зайндис нохчийн мотт дукха хаза бийцарна марзбелира цунна. Хьехархойн училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа, ша дешна хиллачу школе балха яхара ПетIамат. Цигахь 23 шарахь юьхьанцарчу классашкахь хьийхира цо. Вуьшта, нохчийн мотт хьехарна 47 шо хан дIаелла цо. Карарчу хенахь Президентан лицейхь болх беш ю иза. Цигахь болх бечу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь дийшира цо. Жимачохь дуьйна а яра иза нохчийн литература дукхаезаш а, йоьшуш а. Нохчийн яздархойн дуккха а говзарш ешна цо. Царна юкъахь шена уггаре а чIогIа хазахеташ йолу говзарш билгалъехира цо: Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» а, Гадаев Мохьмад-Салахьан поэзи а, Гайсултанов Iумаран «Малика» а, и.дI.кх.
ПетIамат кхаа йоьIан нана ю. Йоккхах йолчу йоьIан ялх шо дара ПетIаматан хIусамда кхелхича. Шен кхаба дийзира доьзал. Царна хьанал рицкъ латторал сов, шен доьзал кхетош-кхиорехь болх а бора нанас. ГIиллакхехь а, ийманехь а кхиийра цо уьш. Цо хьегна къа эрна ца дайна. Цуьнан кхаа йоIа лакхарчу дешаран учрежденеш чекхъяьхна. Тахана шайн-шайн говзаллашца къахьоьгуш а бу уьш.
Хьехархочун балхахь уггаре а коьртаниг бераш дукхадезар ду элира цо.
– Хьехархочун болх атта бац. Делахь а, иза безаш беш волчо самукъадаларца бо. Берашна хьехархо хилла ца Iаш, церан кхетош-кхиорхо а хила веза иза. ХIора а дешархочун амал, цуьнан хьуьнар хаа деза. Иза ца хиъча цуьнца юкъаметтиг лаха хала хир ду, – элира ПетIамата.
ХIинца вайн кегийрхоша оьрсийн мотт буьйцуш хилар шена халахеташ хиларх лаьцна а дийцира.
«Некъаца догIуш-доьлхуш хеза кегийрхоша вовшашца, дукха хьолахь, оьрсийн мотт буьйцуш. Хьал-де а оьрсийн маттахь хотту цара. Кегий болчу хенахь дуьйна а дас-нанас марзбан беза царна ненан мотт. Кхечу къаьмнийн меттанаш хаар-м дика ду, делахь а, шен ненан мотт дIа а тесна муха буьйцур бу кхечу къоман мотт?!».
Болх дика барна елла дуккха а Сийлаллин грамоташ ю цуьнан. «Россин Федерацин юккъерчу дешаран сийлаллин белхахо» аьлла, цIе а елла цунна.
АСЛАХАНОВА Хеда
Авторан суьрта тIехь: Киндарова ПетIамат
№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо