Даймохк, сан хаза гIан, эххар а кхечи хьан лаьтта тIе

Сайн дахарехь хийрачу махкахь – Iаьрбийн махкахь – даима а Даймахках хьоьгуш Iийна ву со. Цкъа а дагара ца йолура ДегIаста (ДегIаста олу оха цигахь Нохчийчоьнах). Дай баьхна латта, ДегIаста ца хьахош гулделла охьахевшинчуьра цкъа а гIовтуш дац тхо. ТIаьххьара а кхечи со даима хьегначу Даймахка. Кеманахь цIа вогIуш, Нохчийчоьнна герга мел кхочу а, цхьа тамашийна дог тохалора. ХIинца Соьлжа-ГIалахь, нохчийн лаьтта тIе охьадуссуш ду-кх хIара кема, бохуш, шина сохьтехь сов болу некъ шарал бахбеллера. ТIаьххьара а, кема охьадоссаре ладоьгIуш, «хIара ю-те Нохчийчоь?» бохуш, кемана чуьра охьахьуьйсуш, кораш тIе а летта Iийра со а, соьца берш а.

IMG-20170417-WA0027

ТIаккха, кема охьадоссарца, массара а нохчийн мотт буьйцуш хезаш цхьа башха, тамашийна хетара. Цкъа а гина доцу исбаьхьа сурт дара гинарг. Ма тамашийна ирсе хетара дай баьхначу лаьтта тIехула гIулчаш тийсар, массара нохчийн мотт бийцар. Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь лелла ву, кхечанхьа, кема охьадоссарца, ингалсан я Iаьрбийн мотт хаза Iемина, схьакхачарца ненан мотт хезаш чIогIа хазахетара. Iадийча санна, «ванах хIара гIенах ду-те я семах ду-те?», аьлла, висинера. Нохчийн лаьтта тIе охьавоьссина, массанхьа ненан мотт хезаш, дегайовхо меттаххьайна, бIаьргех хи даьллера, амма дуьхьал баьхкинчарна иза ца хаадалийта гIертара. Лаьтта хьоьжуш вара со, латта кара а эцна, цунна барт баккха лууш, тIаккха а, гуонахарчарна хIун моьттур ду ца хууш, озавелла, IадIийра.

Минот ца елира цу лаьттах сан са ийна далале. Цкъа а генахь Iийна воцуш санна, ойлано тайп-тайпана безаме синхаамаш кхоьллира кийрахь вайн гIала кхаьчча. Генарчу махкахь вехаш, Даймахкаца доьзна мел дерг дезаш, довза лууш хилла яхана хан дуьхьал хIоьттира. Хийрачу махкахь Iаш волчу стагана хуьлу Iаткъамаш Даймехкан хIавао шеца дIабаьхьира. Массо хенахь хезаш зевне ненан мотт бара.

Ма исбаьхьа сурт дара иза!..

Цул тIаьхьа, Иорданерчу нохчашкахь а дисина долу вайн хьаша-да тIелацаран хаза гIиллакх, яхь, доьналла – дерриге а кхин бIозза сов гайтира тхуна. Генара дуьйна баьхкина бу хIорш, вайн нохчий бу бохуш, цхьана даздаршка дигира тхо. Цигахь схьа мел гуш верг нохчи ву-кх, чоьхьа ваьлчахьана дуьйна нохчийн мотт бу-кх хезаш. Цара сайга до хаттарш а хезаш дацара суна, цара массара вовшашка ненан мотт буьйцуш дукха хазахетарна. Церан массеран а суьрташ даха лууш, массаьрга а ладогIа лууш, цхьа тамашийна яра дуьххьарлера буьйса. ДIавижа вахча наб ца кхетара, кема охьадоссаран сурт юх-юха дагаоьхуш… Тхан-м, Iаьрбийн махкахь, кех арадевлчахьана дуьйна юха цIа а дирзина, кех чоьхьа довллалц Iаьрбийн мотт бийца безаш хуьлу. Наггахь базарахь я кхечанхьа дехьа-сехьа волуш вайн маттахь цхьаъ вистхуьлуш хезча, цецдовлий, дIахьовсу тхо, «хIаа, дIогахь вайниг ву» олий. ЦIеххьана цхьа исбаьхьа, хаза йиш хезча санна доккха хазахетар хуьлу-кх Iаьрбийн махкахь нохчичунна тIенисвелча. Ткъа Нохчийчохь-м ерриге а мерза йиш яра, мерзаш бара-кх бетташ массо агIор, деган мерзаш…

ТIаккха, шолгIачу дийнахь, базарахула дуьйладелла, нахе хьоьжуш, «хьажахь дIогарниг хьенехах тера ву, хIара Иорданерчу менехах тера ву» бохуш, лийлира. Тера а муха ца хуьлу, берриге а нохчий хилча – цхьа цIий ма ду вайн, цхьа дог ма ду вайн, цхьа юьхь-сибат ма ду вайн. ХIума езаш а ца оьцура оха, нахаца къамел дархьама, нохчийн мотт бийцархьама оьцура. Тхуна хьошалла дина кIентий юьхьанца тхо машенашкахь массанхьа дIасадига гIерташ хуьлура, ас «таксица дIасалела витийша со» аьлча, ца кхетара уьш сох. ТIаьхьа кхийтира: дуккха а сайн нах бовза, къамелаш дан лууш вара со. Иорданехь-м таксисташца къамелаш деш Iедал дац сан, ткъа цIахь чу мел хиъначу такси чохь тайпа а, тукхам а, схьаваьлла меттиг а, доллу хIума хоьттуш самукъадолура. ХIинца тахана, цаьрга дукха хазахеташ ладийгIина, итт таксистан дерриге а дахарх дерг дIадийца йиш йолуш ву-кх со. Къаьсттина хазахеттера суна ненан маттах дог лозуш цхьа таксист нисвелча. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Некъ» радион эфирехь а хилла, цигара таксица юхадогIуш, эфирехь хиллачу къамелах вовшашка хетарг дуьйцуш, нохчийн мотт кхиоран декъехь тхаьш кхочушъеш йолчу проектехь кхидIа дан дезарг хьехош, къамелаш деш дара тхо. Вайн цIахь болчарна Iаьрбийн мотт а, тхуна оьрсийн мотт а ца хааре терра, вовшашца къамел дечу хенахь, кхин дешнаш юкъа ца детташ, цIена нохчийн мотт буьйцу оха (проектан тобано). Тхо дIадуьйладелчахьана а багара дош ца долуш Iийна таксист (гендарганойн тайпанах хиллера иза), тхан къамел лахделча, вистхилира: «Гуттар а сайна мел бевзачаьрга далхош, цаьрца къуьйсуш ду ас, ненан мотт бийца, Iалашбе, кхечу меттанашца ма эбе, бохуш. Шуьга леррина ладоьгIуш Iара со, цхьа а дош ца элира аш ненан маттахь доцуш. Ма хазахетийти аш суна. Ма чIогIа самукъадолу ненан мотт хезаш…». Ткъа цо тхуна мел хазахетийтира! Нохчийн маттах доглозуш цхьа адам а довзаро мел синтем бо дагна…

Иштта, цIакхаьчначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь нохчийн газете кхача лиира суна. Вайн маттахь яздеш хазахеташ, вайн мотт дуьне ма-дду баржа лууш, гуттар а вайн маттахь жайнаш доьшуш, сайна Iамо гIерташ, гIеххьачул нохчийн йозанна а, дешарна а Iамавелла ву со. «Даймохк» газетаца сан йолу уьйр вуно тамашийна ю. ЦIахь болчара оцу газетах тамаш цабарх ца кхеташ, массарна а суна санна доккха хIума хIунда ца хета-те иза, аьлла а хетара. Нохчийн газете кхачаве со баьхна, кхечанхьа хилале, цига вигийтира. ТIаккха редакце кхаьчча, массанхьа а яздина нохчийн йоза ду, вайн маттахь ду массо хIума, дукха хазахеташ, мархашкахь волуш санна, айавелла лийлира со.

Iаьрбийн махкахь цхьа гIуллакх хилча я цхьанхьа ваха дезча дог ца догIуш, дIатоьттуш хилахь а, Нохчийчохь хаза а хеташ аралелхара, массанхьа а нохчий болу дела… ТIаккха лаьмнашка дахара тхо. Тхан дай арабевлла, цара хьижрат динчу меттигашка кхаьчча… Цигахь хилларг-м соьга дийца а ца ло. Дешнаш кара ца до. Сан кийрахь хилларг дийца дешнаш карор дац суна цхьана а маттахь…

Цецвуьйлуш дерг – вуно цIена ю Нохчийчоь, цIена бу нохчий. Иорданехь нохчийн хIусам а, ков-керт а хаалуш хуьлу Iаьрбашна юкъахь. Кхузахь вайн нохчаша цIена латтабо шайн кхерчаш. Ткъа Нохчийчохь массанхьа а ду цIена. Иорданерчу нохчаша санна, кхин а цIена, белхи беш, массо меттехь цIано латтош хилла цIахь болчу нохчаша. ЦIано ийманах ма ю, вайн дино а ма боху иза вайга. Ийманан и дакъа долуш бу-кх сан нах. ЦIена бу-кх сан нах а, сан мохк а. Вайн гIала а (Дала гечдойла цунна, Дала гIазот къобалдойла цуьнан), Ахьмад-Хьаьжин цIарах маьждиг а, цунна хьалха йолу майда а гуш цецдийлира тхо. Тоххара телевизорш чохь гина хилла тIамо бохийна мохк бац хIинца Нохчийчоь. Нийсса бIостане ду хьал – Европел а хаза мохк бу вайн. Оццул йоццачу хенахь муха денбина вайн мохк, оццул хаза муха кечйина вайн гIала бохуш, хIора денна, Нохчийчохь мел ду, цецдуьйлуш Iийра тхо.

Дукха хан яц Даймахкахь цхьана а хIуманах тешам боцу мур лаьттина. Ткъа мича яхана тоххара телевизор чохь гуш хилла хьакхлагIийн чалхаш?! Муха хIоьттина иштта онда маршо?

Оцу хаттаршна жоьпаш дала хIара кехат тоьар дац. Делахь а, и хийцамаш бинчу, шайн синош Даймахкана закъалтехь латтийначу, кхузаманан турпалхошна хьакъ доллу дош алаза ца долу…. Таханлерчу нохчийн паччахьна Кадыров Рамзанна, цунна уллехь, «СОБР» тобанахь болчу кIенташна: Арсенна, Адамна, Заурбекана, Сайдина, Валидана, Расулана, Сайд-Пашина, Ахьмадана, церан «берзалойн ардангехь» мел болчарна даггара баркалла ала лаьа (масех шо хьалха Иорданехь Iаморашкахь уьш хилчахьана девзаш ду тхо, церан хьуьнарийн некъ а бевза суна).

Аш мел хьегна хало Дала меле юьллийла шуна. Даймахко цкъа а дицдийр дац аш гайтина хьуьнарш а, доьналла а, шуна шайн мохк безар а. Жоьжахатехь хилла болу вайн Даймохк, Ялсамани санна дIахIоттийна аш. Шуна и ирсе некъ биллина, шен са дIаделла волчу Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин гIазот Дала къобалдойла!

Къамел динарг – БАКИР Iабдул-Хьамийд,

дIаяздинарг – МУСАЕВА Асет

№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: