Серлоне некъ буьллуш…

Дуккха халонаш а, иэшамаш а хилла нохчийн сийлахь воккхачу яздархочун Арсанов СаьIид-Бейн дахарехь. Иза дуьнен чу валале, да лурволар бахьанехь, хийрачу мехкашкахь шийла некъаш гездан дезна, набахтийн гIело лан а дезна. Амма къарвелла цкъа а юхьарлаьцначу Iалашонах юха-м ца ваьлла иза. Дуьнен чу валар 1898-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 2-чу дийнахь Жимачу АтагIахь хиллехь а, когавахар а, кхиар а Нохчийчохь ца хилла цуьнан.

Школа Буру-ГIалахь чекхъяьккхина, электротехникан говзалла Одессерчу училищехь караерзийна. Цул тIаьхьа Санкт-Петербургехь политехникин институт чекхъяьккхина. Институтехь доьшуш нисархоша революцин балхана юкъаозаво. Дукха жигара хIара хьийзарна полицица йолу юкъаметтиг дикка галйолу СаьIид-Бейн. Ша набахти чу ца воллийта, цхьана ханна, Польше дехьаволу иза.

1917-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь хилла революци хазахетарца тIелаьцначарах вара Арсанов СаьIид-Бей. ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь Нохчийчу цIавоьрзу иза. Тайп-тайпана белхаш бо. Кхиъна вогIуш дуьйна а журналистикех хьерчаш яра цуьнан ойланаш. Москвахь, Санкт-Петербургехь, Заполярьехь зорбане дийлинчу газетийн агIонаш тIехь кест-кеста ган таро хилла цуьнан чулацаме статьяш. Мотт шера, ойла шуьйра, дош нуьцкъала, шена хетарг газетдешархойн кхиэле дилла говзалла хилла Арсанов СаьIид-Бейн. Хаарш кIорггера, синкхетам хьаьъна, Даймахке а, ша схьаваьллачу нохчийн къоме а болчу безамах кийра буьзна хилла иза. Халкъана, махкана диканаш дан лаарх хьаьгначу адамех цхьаъ хилла. Дуьненан бахамах синмехаллаш хуьйцурйоцуш а хилла. Цкъа юьхьарлаьцначу Iалашоне кхочуш хилла, халонех дуьйцина мел даккхий зIараш шена дуьхьалхIитторах.

Ишттачу Iалашонех цхьаъ ду ХХ-чу бIешеран 1923-чу шарахь цо схьадиллина нохчийн дуьххьарлера газет. Нохчийн маттахь яздан говзанчаш а, кхиъна бевлла вайнехан журналисташ а цахиларна, юьхьанца газет оьрсийн маттахь зорбане долуш дара, цуьнан цIе «Советская автономная Чечня» яра. Иза латиницин, кIеззиг хан яьлча, кириллицин графикица арахеца долийра, «Серло» аьлла, цIе а тиллина. Заманан йохалла «Серлонах» «Ленинан некъ» хилира. Тахана «Даймохк» цIарца зорбане долуш газет. Арсанов СаьIид-Бейн беркатца, цкъа мацах юьхь дIайолийна газет, нохчийн мотт ларбеш схьадогIу.

Арсанов СаьIид-Бейн, Нохчийчохь болх бар дукха ца нисделлехь а, заманан йохалла цунах воккха сийлахь яздархо хилира. Ша хала вовшахтоьхначу газетан куьйгаллехь дукха ца витира иза. 1926-чу шарахь Россин историн «Герзийн палата» музейн Iилманийн секретаран балха Москва дIавигира. ТIаьхьуо, Нохчийчоьнан векал волуш ВЦИК-хь болх бо цо 1930-гIа шо тIекхаччалц. Москвахь жоьпаллин балхахь воллушехь С.-Б.Арсанов лараво 1930-чу шарахь Нохчийн Яздархойн союз кхолла, цуьнан болх беркатечу хорша берзийна, дIабахийта. КПСС-н ЦК-н тIедилларца, оццу 1930-чу шарахь, Колыма партийни балха хьажаво иза. 1936-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIавирзина Арсанов Нохч-ГIалгIайн историн, литературин, меттан Iилманийн институтан куьйгалле хIоттаво. 1937-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь куьйгаллин даржехь (мел лахарчу даржехь хилларш а) хилла адамаш бехк-гуьнахь а доцуш чудухку, царна юкъахь хилла Арсанов СаьIид-Бей а. 8 шо даьккхина цо набахтехь.

1945-чу шарахь арахецча, шен верасашна тIаьххье Казахстане дIахьажийна. Делахь а, харцонна къарвелла ца Iийна иза. Нохчийн дуьххьарлерчу «Маца девза дотагIалла» романан автор ву иза. 1956-чу шарахь Алма-Атахь араяьлла роман. 1957-чу шарахь вайнах цIабирзича, кхин цкъа а Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союз вовшахтуху цо. Хьакъ доллучу тIегIане союзан болх дIа а хIоттабой 1959-чу шарахь шен лаамехь пенсе воьду. Муьлххачу даржал а кхоллараллин болх, хьекъале дош мехала хетачарах вара СаьIид-Бей. 1968-чу шеран мангалан (июль) беттан 12-чу дийнахь детталучуьра сецна нохчийн яздархочун экаме дог. Боккха иэшам бара иза когаяха камIараш еттачу Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзана, вайн махкахошна. Доккхачу дуьненан массо а маьIIехула чолхе некъаш гездар хиллехь а, шен дай схьабевллачу Жимачу АтагIахь дIавоьллина ву Арсанов СаьIид-Бей.

А.ГАЗИЕВА

№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: