Цхьа-ши дош…

СаIудийн Аравин бакъонашларъярхоша схьалаьцна терроризмехь дакъалацарна бехкевеш волу 88 стаг.

***

Эстонин президента Тоомас Хендрика дIахьедина ша Эстонехь НАТО-н керла тIеман базаш яхкийта лууш ву аьлла…

***

Малихь мини тIехь иккхина ООН-н маслаIатхойн ковра юккъехь хилла машен. Цу тIехь хиллачу бIаьхойх 4 стаг кхелхина.

***

США-н пилот воцчу кемано Сомалихь ракеташ тоьхна ялх боевик хIаллаквина.

***

Селхана Iуьйранна Эстони веана США-н Президент Барак Обама. Оцу махкахь ши де доккхур ду цо. Цул тIаьхьа дакъалоцур ду НАТО-н саммитехь.

***

ХIора дийнахь Африкерчу пачхьалкхашкара лаххара а цхьа эзар мигрант вогIу Итале. Уьш хьесапе эца, дIаязбан ца ларабо миграцин службин векалш.

***

Пакистанан парламентан депутаташа дийцаре дира махкахь кхолладелла карзахе хьал. Правительство отставке яхийтар лоьхучу оппозицин ницкъашца дийцарш  дIахьош бу уьш.

***

Скотланд-Ярдан гIишло 4I0 миллион долларх йохка юкъаяьккхина. Делахь а иза оцу мехах эца лууш верг цкъачунна гучу ца ваьлла.

***

Украинерчу ополченин ницкъаша даккхий зенаш дина Iедалан эскаршна, шаьш дIалаьцна хиллачу меттигашкара уьш юха а бохуш.

***

Россина дуьхьал еш йолу санкцеш кхин а дикка алсамъяха лууш ю Евросоюз. Цу хьокъехь болу сацам 5-чу сентябрехь дIахьон йолчу кхеташонехь тIеэца тарлуш бу.

***

Россин Правительствон рогIерчу кхеташонехь мехкан премьер-министран Д.Медведевн дIадолорца кхоьллина промышленность кхиоран фонд.

***

Вайн мехкан финансийн министерствехь бечу хаамашца кху шеран август баттахь Россин тIаьхьалонан фонд 292 миллиард соьмана алсамъяьлла.

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: