«Даймохк» цхьаъ бен дац вайн

Нохчийн маттахь цхьаъ бен доцучу къоман газетан историх а, чолхечу некъах а лаьцна дукха яздина цуьнца шайн дахар доьзначара, юьххьанца дуьйна цуьнан тешаме накъостий а хилла схьабаьхкинчара. Со ца гIерта массарна а евзаш йолу (йовза декхар долу) истори тахана йийца. Сих боьллачу безамца дукхадезаш долу «Даймохк» газет декъалдан лаам бу сан.

Дерриге а нохчийн халкъан дозалла ду хьо, «Даймохк»! Ненан меттан исбаьхьалла йовзуьйтуш, къоман гIиллакхаш, Iадаташ дуьйцуш, Даймохк безар дегнашкахь кхиош, къахьоьгу ахь. Дуьненаюкъара хьал а, политика а, культура а, истори а, махкахь хуьлуш болу мехала хиламаш а – дерриге а довзуьйту ахь тхуна цIеначу ненан маттахь. Хьох шен дахар доьзнарг ирсанца вехар ву даима. Халкъан хазна ю хьо, нохчийн меттан гIортор а ю. Хьо дацахьара, тхан йиш яцара!

Тахана 94 шо кхечи хьан… Кхин оццул а, оццул а шерашкахь Дала дахадойла хьо нохчийн халкъана. Нохчийн мотт денбеш, кхиош, кхайкхош дуьне ма-дду даьржийла хьо!

Б.ХАМИДОВА,

газетдешархо

№32, шинара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: