Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театран-концертийн залехь Нохчийн меттан денна лерина даздарш дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала, Культурин министра Дааев Хож-Баудис, иштта, республикин Правительствон декъашхоша, Парламентан депутаташа, кIоштийн куьйгалхоша, юкъараллин а, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша, кхечара. Даздаршкахь дакъалоцуш мел хилла божарий, зударий нохчийн къоман духарш дуьйхина бара.
Даздарш дIадуьйладалале хьалха, концертан зала хьалхарчу майданахь дIахIиттийначу нохчийн халкъан ширачу заманахьлерчу Iер-дахаран гIирсийн, кхачанийн гайтаме хьаьжира республикин Куьйгалхо а, цуьнца цхьаьна хилла хьеший а. Шира йийбарш, коьчалш, музыкин гIирсаш, къоман даарш, пхьолин гIирсаш, къинхьегаман белхаш, нохчийн ширачу заманахьлера дуккха а кхин хIуманаш яра цигахь. Кхуззахь, хелха а бовлуш, ловзар хIоттийра даздаршка баьхкинчара.
Даздарийн официальни дакъа дIадолош, хьеший дезачу денца декъалбира Р.Кадыровс. Халкъан дахарехь Нохчийн меттан дийно лелош долу маьIна билгалдаьккхира цо: «ХIара дезде халкъ дендаларан, цуьнан культура, къоман кхетам, шатайпаналла меттахIоттаран билгало ю. Уггаре а халачу хенахь а вайн динан, культурин, гIиллакх-оьздангаллин гIортор а хилла лаьттина ненан мотт. Нохчийн мотт бахьанехь тахана а, къам долуш, дехаш ду вай. Цундела, ненан мотт кхиоран, баржоран дуьхьа вайн ницкъ мел кхочург дан деза вай. Цуьнца доьзна ду вайн Iадатийн, ламастийн, къоман синкхетаман кхидIа хиндерг».
Нохчийн мотт Iалашбарехь Кадыров Рамзана лоцуш долу дакъа билгалдоккхуш вистхилира Умаров Джамбулат: «ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо-накъосталла дар бахьанехь нохчийн маттахь бIеннаш книгаш арахецна Нохчийчохь. Вай долчохь ненан маттахь Iилманан, дешаран, литературин произведенеш арахецарна тоьлла хьелаш кхоьллина аьлла, майрра чIагIдан йиш йолуш ду вай».
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, спектакль гайтира Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театро.
Дагадоуьйту, Нохчийн меттан де, нохчийн мотт кхиоран Iа лашонца 2007-чу шарахь чIагIдина хилар. 1923-чу шарахь нохчийн маттахь дуьххьарлерчу «Серло» газетан (таханлера «Даймохк») хьалхара номер араяларца доьзна ду и де.
А.ХАСБУЛАТОВА
№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо