Къоман политикин пачхьалкхан концепцин – 10 шо

Нохчийн Республикин Къоман политикин пачхьалкхан концепци болх бан йолаелла 10 шо кхачар билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана, Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, ГIалгIайчоьнан Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Евлоев Улана, Къилбаседа ХIирийчоьнан – Алани республикин Къаьмнийн юкъаметтигашкахула волчу министра Цуциев Аслана, Дагестан Республикин Къаьмнийн гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела Давыдов Гаруна, Нохчийчоьнан Парламентан депутаташа, министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхоша, регионехь дехачу халкъийн культурин 10 туьшан векалша, кхечара.

Шен къамел долош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ша куьйгалле хIуттуш уггаре а хьалха Нохчийн Республикин къоман политикин пачхьалкхан концепци чIагIйина хилар.

– 10 шо дIадаьлла ас Нохчийчохь къоман политикин пачхьалкхан концепци чIагIйина. Иза сайн болх дIаболош арадаьккхина дуьххьарлера Указ ду. Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара регионехь дехаш долчу халкъийн барт хиларо вайн республика кхион аьтто бийриг хиларх. Нохчийчохь дехачу дерриге а халкъаша цхьаьна Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаро гайтира вайна Россица бертахь даха лууш хилар. Ас даггара декъалдо шу хIокху денца, кхидIа а пачхьалкхан къоман политикин концепци кхочушъярна тIехь аьтто хуьлда вайн! Вайна ма-хаъара, къаьмнийн барт а, цхьаалла а чIагIъярна тIехьажийна бу вайна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас схьабелла некъ, цу тIехь гал а ца довлуш схьадогIуш ду вай, – элира Кадыров Рамзана.

Иштта, цо билгалдаьккхира Малхбузе Нохчийчоьнна тIеIаткъам барца Росси йохо гIертарх гIуллакх цахилар.

– Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь машар хилар а, кхузахь бехачу нахана массо а тайпа хьелаш кхоьллина хилар а ца дезаш йолчу Малхбузерчу институтийн Нохчийчоьнна тIеIаткъам барца Росси йохо хилла йолу план кхочуш ца хилла. Уьш даима а гIертар бу вайн барт бохо а, чу питанаш кхехьа а, вайн цхьаалла ца хилийта а. Бакъду, вай церан гIуллакх-м хуьлуьйтур дац, Дала мукъ лахь! – элира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министрана Умаров Джамбулатана республикин лаккхара совгIат делира регионан Куьйгалхочо – Кадыровн орден. «Нохчийн Республикина дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун цIарах Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а елира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, республикин халкъийн культурин туьшийн а куьйгалхошна.

Умаров Джамбулата билгалдаьккхира нохчийн халкъо хIокху дийне кхочуш дуккха а гIулчаш яьхна хилар.

–Нохчийчохь дукха а гIуллакхаш до кхузахь дехачу къаьмнашна юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIъярна а, ламасталлин культураш вовшашна йовзийтарна а, хIора къоман шатайпаналла ларъярна а тIехьажийна. И бахьана долуш бу вайн махкахь машар а, – элира цо.

ГIалгIайчоьнан Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Евлоев Улана ГIалгIайн Республикин Куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан цIарах къоман политикин пачхьалкхан концепци республикехь болх бан йолаелла 10 шо кхачарца декъалдира нохчийн халкъ.

– Вайна массарна а дагадогIу Нохчийчоь муьлхачу хьолехь хилла. Ткъа тахана иза Россехь уггаре а кхиъна йогIучу регионашна юкъахь ю. Иза кхиорехь дакъа оцу концепцино а лаьцна. Тхо даккхийдедо республика хIора дийнахь кхуьуш хиларх, – элира цо.

Иштта, Цуциев Аслана а, Давыдов Гаруна а шайн регионийн Куьйгалхойн а, шайн а цIарах нохчийн халкъ дезачу денца декъалдира.

Официальни дакъа дерзийначул тIахьа даздарна лерина концертан программа гайтира хореографин ансамблаша а, нохчийн эстрадин артисташа а.

Хь.БАХТАЕВА

№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: