Билгалбехира конкурсийн толамхой

Оханан (апрель) беттан 24-чу дийнахь республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон конференц-залехь Нохчийн меттан денна а, журналисташна а, дешархошна а юкъахь дIаяьхьначу конкурсашна жамIаш дарна а лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

IMG_2837

Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, журналисташа, дешархоша, кхечара.

Цхьаьнакхетар дIадолош Умаров Джамбулата дийцира нохчийн матто халкъан дахарехь лелочу маьIнех лаьцна.

– Ненан мотт – иза халкъ кхиоран а, кхеторан а, Iалам довзийтаран а гIирс бу. Мотт Iалашбар а, тIекхуьучу чкъуре иза дIакхачор а, цунах пайда а оьцуш, оцу чкъурана даха Iамор а декхар ду вайн. Нохчийн мотт кхиорехь, баржорехь цхьа а тайпа хIума кхоо мегар дац: я гIирсаш а, я цу тIехь хьоьгуш долу къа а. Цул сов, вай декхарийлахь ду республикехь дехачу кхидолчу къаьмнийн меттанаш лара а, царна уьш Iамо хьелаш кхолла а. Оцу декъехь вайна гIо-накъосталла деш республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а ву, – элира цо.

Цул тIаьхьа дIадаьхьира Нохчийн меттан денна лерина журналисташна юкъахь дIаяьхьначу республикин конкурсан жамIаш довзийтар.

«ТЕЛЕВИДЕНИ» декъехь толаман меттигаш яхарна совгIаташ дира:

КхоалгIа меттиг яккхарна Тумчаев Адамна – А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Некъ» ТРК-хь йиначу «Къонахчун дахар» передачина.

ШолгIа меттиг яккхарна Оспанов Къосумна – «Вайнах» ПТРК-хь йиначу «Нохчи» передачина.

Хьалхара меттиг яккхарна Баширов Сайд-Мохьмадна – «Грозный» НПТРК-хь йиначу «Кадыров Рамзана машаре а, кхиаре а биначу некъан муьрера 10 шо» передачина.

«РАДИО» декъехь толаман меттигаш яхарна совIаташ дира:

КхоалгIа меттиг яккхарна Арипханов Адамна – А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Некъ» ТРК-н радиохь йиначу «Ненан дозалла» передачина.

ШолгIа меттиг яккхарна Махмаева Маликина – «Вайнах» ПТРК-н радиохь йиначу «Дахаран лар» передачина.

Хьалхара меттиг яккхарна Абдулмуслимова Санетана – А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Некъ» ТРК-н радиохь йиначу «Амат» передачина.

«ЗОРБА А, ИНТЕРНЕТ-АГЕНТСТВОШ А» декъехь толаман меттигаш яхарна совгIаташ дира:

КхоалгIа меттиг яккхарна Абубакарова Шайманна – «Грозный-Информ» интернет-агентствехь зорбатоьхначу «Тийналлехь Нохчийн мотт юьстах ца бисийта…» материалана.

ШолгIа меттиг яккхарна Эльдерханова Зайнапана – «Даймохк» газетехь зорбатоьхначу «ХIора а нохчичун гергара вара хьо…» материалана.

Хьалхара меттиг яккхарна Магомаев Ширванина – «Даймохк» газетехь зорбатоьхначу «Къастамаллин маьIна лелийна шераш» материалана.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна дешархошна юкъахь нохчийн маттахь тоьлла дийцар я кхин говзар язъяран литературин «Сан Нохчийчоь – сан нохчийн маттахь» конкурсехь толам баьккхинчарна совгIаташ дира:

КхоалгIа меттигаш яхарна: Умаханова Иманна, Бидиева Милиханна, Арзимиев Идрисана.

ШолгIа меттигаш яхарна: Юшаева Раянина, Абдулазимова Детина.

Хьалхара меттиг яккхарна: Шавлаева Раянина.

И.ИСЛАМОВ

№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: