Нохчийн Республикехь «Ас кхерам боцуш дIахьур ю аьхке» цIе йолу гIуллакх дIадолийна. Школера бераш аьхкенан каникулашкахь мукъа дисинчу хенахь, уьш бохамах, зен-зуламах лардаран, церан кхерам хилар дIадаккхаран Iалашонца дIаболийна бу и болх.
Вайн республикерчу школашкахь асаран (июнь) беттан 1-ра де кхаччалц, говзанчаша дешархошна дуьйцур ду аьхкенан каникулашкахь ларвала везаш хиларх лаьцна. ХIинцале а, Соьлжа-ГIаларчу а, Курчалойн-Эвларчу а, Керлачу Бенарчу а, Йоккхачу АтагIарчу а, ВаларгтIерчу а берашца дIаяьхьна оцу тайпана урокаш. Оцу урокашкахь кхерамазаллин бакъенаш арахь ларйина ца Iаш, чохь а ларъян езаш хилар хаийтира цара дешархошна. Чохь а, арахь а, хи йисте ловза баханчохь а ларъян езаш йолу бакъенаш йовзийтира берашна. Иштта, цIе яьллачохь дан дезарг а хьийхира. Дийцина ца Iаш, цара гайтира цIе яьлча чуьра стаг ара муха ваккха веза.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин пресс-службин куьйгалхочо Тайсумов Тимура дийцарехь, Берийн дуьненаюкъарчу дийнахь – асаран беттан 1-чу дийнахь дIадерзор ду и гIуллакх. И де тIекхачале, школашкахь 300 сов мероприяти дIаяхьа лерина. Цуьнца цхьаьна, интернета чохь социальни сеташкахула «Ас кхерам боцуш дIахьур ю аьхке» аьллачу проектаца догIу суьрташ а, хьехамаш а бовзуьйтур бу.
З.КУНТАЕВА
№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо