ДIадолийна Программированин школе дIаязбар

Тидаме эца! Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь болх бан йолаеллачу Программированин школо дIакхайкхадо дуьххьарлера дешархой дIаязбар дIадолийна хилар. Школехь дешархошна Iамор ду хаамийн технологийн а, программированин а тайп-тайпана дакъош.

Курсаш хIокху декъех лаьтташ хир ю:

1. HTML, CSS – САЙТАШ КХОЛЛАРАН БАХХАШ.

2. HTML5, CSS3 – WEB-РАЗРАБОТКИН КХУЗАМАНАН ГIИРСАШ.

3. PHP – WEB-РАЗРАБОТКИН БАХХАШ.

4. MYSQL – ХААМИЙН БАЗА ЙОВЗИЙТАРАН КУРС.

5. ХААМИЙН КХЕРАМАЗАЛЛА.

6. КОМПЬЮТЕРИЙН ДЕКЪЕРА ГОВЗАЛЛА.

Адрес: Соьлжа-ГIала, Ляпидевскийн ур., 9 «А». Телефон: +7(928)888-25-24

Х.АСХАБОВ,

Программированин школин директор, техникин Iилманийн кандидат

№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: