Невран районехь (ст.Наурская) йина а, кхиъна а ю Асхабова Асет. Школехь дика доьшура цо. Массо а предметел оьрсийн литература дукхаезара цунна. Оьрсийн яздархойн байташ алссам йоьшура Асета. Цу хенахь цуьнан да Исаев Супен районни газетин редакцехь политикин отделан заведующи вара. Цундела книгех, газетех, журналах дерг дика девзаш вара иза. Дийнахь дан деза гIуллакхаш а дина, суьйранна чуйирзинчул тIаьхьа, балхара цIа ван веза шайн да ларвора йоIа. ТIаккха, шена хазахетачу яздархойн кхолламех лаьцна дийца олий, дехар дора цо дега. ЙоьIан литературе кхоллабеллачу безамах воккхавина а ца волура да. Самукъадаларца довзуьйтура цо литературех дерг. Иштта, шайн юьртарчу библиотекехь евзаш хьаша яра иза.
Шо шаре мел дели а книгашка болу безам алсам болура цуьнан. 1987-чу шарахь школехь дешна елира Асет. Вайна ма-хаъара, хIетахь деша ваха аьтто массеран а бацара. Библиотекаран корматалла караерзо цуьнан а таро ца хилира. Соьлжа-ГIалин №12 йолчу кондитерски училище деша яхара иза. Цигахь кхаа шарахь дийшира цо. Делахь а шена хазахетачу библиотекаран балхах дог ца дуьллура цо… «Цхьана дийнахь тхайн юьртарчу библиотеке яхара со балха хIотта дагахь, рицкъ дерг хир ду аьллачу ойланца. Цу дийнахь дагахь доцу хазахетар хилира суна. Со хIун гIуллакх эцна еана хиъча, библиотекин куьйгалхочо Лабазанова Маринас ладоьгIна дика тIелецира со. Иштта дIайицира балха», –дуьйцу Асета. Библиотекерчу белхахойн гIоьнца дукха хан ялале болх карабирзира. 1995-чу шарера 2007-чу шаре кхаччалц болх бира Асета цигахь. Цу шарахь церан доьзал Соьлжа-ГIалахь баха хевшира. Кхузахь С.В.Михалковн цIарахчу берийн библиотеке балха хIоьттира Асет, хIетахь дуьйна цигахь болх беш а ю иза. Библиотека берийн хиларе терра, кест-кеста кегийчарна конкурсаш, гайтамаш дIахьо цигахь. Асет шен белхан декхарш кхочушдина а ца Iаш, яздархошца кхоллараллин суьйренаш, берийн суьртийн гайтамаш вовшахтохарехь ларайо а. Цуьнан белхан дика мах хадош, дуккха а грамоташа елла ю цунна. Хазахета адамана шен сина тайна болх карийча.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт