Итон-Кхаьллан кIоштахь билгал ца дойла дарий Нохчийн меттан де?
Ламанан кIошта кхачар нохчийн мотт а, гIиллакх а схьадоладеллачу хьостане хIоттар ду. Вайн къоман меттан хазалла, аьхналла, шатайпаналла цигарчу Iаламах тера ю. Нохчийн мотт, шовда санна сирла, буьрса лам санна собаре, дечиг-пондаран мукъам санна зевне, мехкарийн эхь-бехк санна экама бу.

Оцу кIоштарчу Итон-Кхаьллан а, Кхокхадойн а шина школийн даздаршкахь хила аьтто белира тхан.
Дешархошца цхьаьнакхетаре еанера Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Саралиева Табарк а, республикин «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап а.
Хьеший тIеоьцучарна хьалхаяьлла яра Итон-Кхаьллан кIоштан Дешаран урхаллин хьаькам Шахбулатова Соби.
Итон-Кхаьлларчу школин директора Рабуев Альберта а, кхетош-кхиоран декъехула директоран заместитела Рахмаева Яхас а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Батукаева Зайдата а шайн школин дешархоша нохчийн маттана лерина вовшахтоьхначу гайтамна тIебигира хьеший. Бераша йина тайнигаш, кхийолу хIуманаш хьанна а хазахетар йолуш, говза йина яра.
Школин берриге а дешархой буй техьа аьлла, хеталуш дукха дешархой а бара нохчийн маттана леринчу урокехь байташ йоьшуш. Цул сов, дешархоша шаьш язйина байташ а йовзийтира.
7-чу классан дешархочо Муртазова Мархас а, 9-чу классан дешархочо Хасаев Мусас а, 8-чу классан дешархочо Эльдиев Эльдара а язйина байташ чулацаме а, маьIне а яра. Дешархошна дика евзаш хиллера шайн а, луларчу кIоштара а схьабевллачу яздархойн цIерш а, церан кхолларалла а.
Луларчу Кхокхадарчу школехь а билгалдаьккхира Нохчийн меттан де. Школин уьйтIахь хьешашна дуьхьал бевлла лаьттара: школин директор Бисултанов Аьрзу а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Юсупова Моша а, кхиболу хьехархой а. Школин сени чохь этнографин музейна дуьхьал дIадиттина дара дешархоша Нохчийн меттан денна лерина дехкина суьрташ. Иштта, хIора классан цIарах кечбинчу нохчийн къоман кхачанах дуьзна лаьттара шун. Кар-кара оьцуш, вуно хаза, хIора дош, элп къаьсташ, даггара дIайоьшура бераша шаьш дагахь Iамийна байташ. Цул тIаьхьа, дешархой шина тобане бекъабелла, нохчийн маттехула хаарш зуьйш жима конкурс а хилира.
Билгалдаккха лаьа оцу шина а школерчу хьехархоша Юсупова Мошас а, Батукаева Зайдата а шайн болх даггара безаш беш хилар. Нохчийн маттах беркат даьлла, берашна а, хьешашна а дицлур доцу хаза де хилла деара иза.
З.ХИЗИРОВА
Авторан суьрта тIехь: Итон-Кхаьллан КIоштахь – даздарш
№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо