«Нохчийн мотт – суьрташкахь»

А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Бочкаева Зулайн «Нохчийн мотт – суьрташкахь» книга йовзийтар дIадаьхьира хIокху деношкахь. Школе дахаза долчу а, юьхьанцарчу классашкахь доьшучу а берашна лерина ю иза.

IMG_0970

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа: Дадаев Лоьмас, Нагаев Iадлана, Тагиев Мурата, Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Мамакаев Эдуарда, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара, яздархочо Айдамирова Машара, Нохчийн Республикин хьакъболчу журналисташа: Газиева Азас, Аболханов Хьаькима, Саралиева Табарка, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан филологин кафедрин куьйгалхочо, профессора Навразова Хьавас, Нохчийн Республикин хьакъйолчу художника Даудова Фатимас, Зулайн гергарчара, цуьнан накъосташа.

Книга йовзийтаран суьйре дIахьош яра журналист, «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап. Баьхкинчаьрга маршалла а хоттуш, цо элира: – Лондонехь дара иза, цхьана йоккхачу туьканахь. Цу чуьрчу хIора а отделахбIаьрг а тухуш, сих ца луш, дIайоьдучу суна цхьа зуда тIехъелира. Мел дукха а 5–6 шо хан хир йолуш вара цуьнца хилла кIант. Шеца йолчу зудчун куьг дIа а хецна, ведда дIавахара иза цхьана отдела чу. КIентан бала кхаьчнарг хIун ду хаа лиъна, цуьнан тидам беш лаьттара со. Цо караэцнарг книга яра. Хьогаме и книга еша хиира иза. Иштта, вайн берийн а книгашца марзо хилийта луур дара суна. Зулайс арахецна книга баккъал а берийн ешаре марзо кхуллур йолуш ю.

IMG_0978

Бочкаева Зулайс биначу балхах дош а олуш вистхилира Дадаев Лоьма. Цо элира: «Цхьа зама яра, вайн гIали юккъе ваьлча танканаш бен кхин гуш хIума а доцуш. Нохчийн маттахь вовшашка салам дала а йиш яцара. Ткъа тахана ненан мотт бийца а, вайн дайша лелийна нохчийн гIиллакхаш вовшашца лелон а йиш йолуш маьрша хан ю вайна. Цуьнан хама бан беза вай. Зулайс арахецначу «Нохчийн мотт – суьрташкахь» книгах дерг аьлча, цуо бинарг боккха болх бу. Берашна пайдехь хилла а ца Iаш, церан иза еша а, Iамо а дог доуьйтур долчу кепара дехкина суьрташ а ду».

И книга арахецар мехала гIуллакх хилар билгал а доккхуш, Навразова Хьавас элира: – ХIокху заманахь вайна массарна а гуонаха телевизорш а, компьютерш а, айпадаш а хилар бахьана долуш, царна чухула гуттар а схьахезаш болчу оьрсийн матто чIогIа тIеIаткъам бо берашна. Ненан мотт, уггаре а хьалха, шен чохь дуьйна Iалашбан безаш бу. Бочкаева Зулайс вайн берашка кховдийна гIирс вуно юьхькIоме бу. Оцу книгин агIонех бIаьргтоьхча а кхета цо цу тIехь дуккха а къахьегна хиларх. Цунна баркалла ала луур дара суна.

– Бер жимачохь дуьйна марздан деза ненан матте а, нохчийн гIиллакхашка а. Зулайс арахецначу книги тIехь дуккха а дийнатийн а, ораматийн а цIерш ю. Оцу книгин хьалхара агIо схьагушшехь самукъаделира сан. Суьрташ вуно хаза, берашна дицлур доцучу агIор хаза дехкина. Даудова Фатимас даггара къахьегнийла гуш ду. Сайна а ца девза дешнаш карийра суна цу тIехь, ткъа берашна муххале а карор ду. ХIора а нохчийн доьзалехь хила хьакъ йолуш книга ю иза, – бохура Газиева Азас.

Нохчийн мотт берана Iаморехь уггаре а коьртаниг, цунна оцу маттахь ойла ян Iамор хилар билгалдаьккхира Шамсудинов Бувайсара. Иштта, цо баркалла элира Бочкаева Зулайна берашна лерина книга арахецарна.

– Оьшуш а, маьIне а гIуллакх ду Зулайс динарг. Нохчи а хилла, хIокху дуьненахь чекхвала луучунна нохчийн мотт хаа беза. Коьрта гIуллакх Зулайс дина хилча, берийн а, церан дай-нанойн а декхар ду оцу книгица болх бар а, цунах пайдаэцар а, – бохура Аболханов Хьаькима.

Книгин мах хадо а, цунах лаьцна шайна хетарг ала а луурш дуккха а бара. Иштта, Саралиева Табарка а, Ахматукаев Адама а, С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс а лаккхара мах хадийра книгин автора бинчу белхан.

Бочкаева Зулайс баркалла элира ша арахецна книга йовзийтаран гIуллакх вовшахтухуш дакъалаьцначарна а, оцу цхьаьнакхетаре баьхкинчарна а.

З.ХАСИЕВА

Авторан суьрташ тIехь: Цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: