Оханан беттан 28-гIа де, 1938-гIа шо. Курчалойн кIоштарчу БIачи-Юьртахь вина Межидов Вахьид, химин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
Дешна Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтан механически факультетехь. 1968-чу шарахь чIагIйина технически Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1989-чу шарахь кхиамца чIагIйо химин Iилманийн докторан диссертаци. 1992-чу шарахь Нохчийн Респуликин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу.
Белхаш бина Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь (физикин кафедрин ассистент, лакхара хьехархо, доцент, кафедрин заведующи, ректор (1995–1996-гІий шераш), Владимирски политехнически институтан Муромски филиалехь (физикин кафедрин заведующи), Россин Iилманийн академин А.Топчиевн цIарахчу мехкадаьттан-химин синтезан институтехь (Iилманан лакхара белхахо). Iилманан бIе сов белхан автор. Цуьнан куьйгаллица кечвина Iилманийн 6 кандидат. Россин лаккхарчу дешаран сийлаллин белхахо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу гIуллакххо. Карарчу хенахь болх беш ву Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан «Нанотехнологии и наноматериалы» Iилманан-талламан туьшан директор волуш.
Оханан беттан 28-гIа де, 1939-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь гоьваьллачу поэтан Мамакаев Iарбин доьзалехь вина Мамакаев Эдуард, Нохчийн Республикин халкъан поэт, Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь. Белхаш бина Лаха-Неврерчу юккъерчу школехь хьехархо, «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан корреспондент, кIоштан культурин отделан заведующи, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан куьйгалхо волуш. Карарчу хенахь Мамакаев Iарбин цIарахчу литературно-мемориальни музейн директор ву.
1958-чу шарахь дуьйна муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь сих-сиха гучуюьйлу цуьнан стихаш, очеркаш, дийцарш. 1971-чу шарахь зорбане елира «Седарчий лийр дац» цIе йолу стихийн шен гулар. Цул тIаьхьа тайп-тайпанчу шерашкахь арайийлина «ЧIамарниг», «Берашший, малххий», «Гуьйренан догIа», «Солнце-птица, не спеши садиться» (оьрсийн маттахь), «Бераш-кераш, схьагулло», «Мама золотая» (оьрсийн маттахь) стихийн гуларш.
Оханан беттан 30-гIа де, 1948-гIа шо. Казахстанан Актюбинскан областан Курашасай поселкехь вина Ибрагимов Муса, историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент. Веданара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Ленинградерчу пачхьалкхан университетан философин факультетехь.
1988-чу шарахь МГУ-н философин факультетехь чIагIйо философин Iилманийн кандидатан диссертаци. 2003-чу шарахь М.Ибрагимовс чIагIйо историн Iилманийн докторан диссертаци. 2008-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент хоржу. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан политологин а, социологин а кафедрин заведующи ву. Iилманан 100 сов белхан автор. Царна юкъахь ю монографеш: «Миграционные процессы на постсоветском пространстве», «Миграция и политика», «Чечня: через круги ада. О депортации и переселении чеченского народа». Цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн докторан цхьаъ а, Iилманийн кандидатан пхиъ а диссертаци. Iилманан а, юкъараллин а белхан лаккхара ма хадош, М.Ибрагимовна совгIат дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца, «Нохчийн Республикин Iилманийн хьакъволу гIуллакххо» цIе яларца а.
№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо