М.Ясаевн дахарх а, кхоллараллах а

Дукха хан ю иза вайца воцу. КIезиг бисина иза вевзаш хилларш а. Амма нохчийн яздархочо Ясаев Мовлас дахарехь йитина лар сирла ю. Цо дина диканаш, дайна дац. Мел яккхий халонаш шена тIехIиттарх, яхь дIа ца луш, къарвелла юха ца волуш, къоман кханенах дегайовхо ца гIелъеш, халкъан а, мехкан а дуьхьа, 50 шарахь сов хьанал ваьцна стаг вицван бакъо яц вайн. Нохчийчоьнан тоьллачу кIентийн могIарехь шен цIе яккха хьакъ долуш вара Ясаев Мовла, дахаран некъ очакхех буьзна хиллехь а.

1

1914-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Шуьйтан кIоштарчу Бена-КIотарахь дуьнен чу ваьлла Ясаев Мовла. Амма кIентан шо а кхачале нана дIаяьлла цуьнан. Шо кхаьчна кIант когаваха тийсалучу хенахь, да дIаваьлла, байлахь висина. Мовлин йоккхах йолу йиша Маржан, цIера араяьлла Чуьйри-Эвлахь Iаш яра. Ша ехачу хIусаме дIавуьгу цо иза а, цуьнан воккхах волу ваша Iабдул-Решед а. Ненахой а Чуьйри-Эвлара хилла Мовлин. Цара а шайн йишин йоIана тIетесна ца вуьтуш, дика гIо-накъосталла до ши кIант кхио. Советийн Iедал чIагIделла, Кавказан къоьжачу лаьмнашкахь школаш ехкина вежарий ЯсаевгIар хьалакхиале. Къаьсттина терго еш хилла Iедало юьхьанца буоберийн. Оцу диканан дакъа байлахь бисинчу вежаршка а кхаьчна. Чуьйри-Эвлара школа кхиамца чекхъяьккхина Мовла а, Iабдул-Решед а Соьлжа-ГIаларчу рабфаке деша воьду. Иза чекхъяьккхина ваьлча, Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь хиллачу «ЦIен варзап» («Красный молот») заводе балха хIутту.

Iабдул-Решед ши шо воккха вара Мовлел. Иза 1912-чу шарахь дуьнен чу ваьлла вара. Амма да-нана доцуш хьалакхиъна ши кIант, даима а цхьаьнахьерчаш вара, къастийна хIума шайн хила ца деза моьттуш. Цундела юьхьанцарчу школе воьдуш, шала вина волуш санна дIаязвина вара и шиъ. Иштта чекхвелира ши ваша дахарехула, дуьнен чу валаран терахь Iедалан кехаташца даима а цхьаъ долуш. Цхьана агIор, и бехке доцу хIилла шина вашас дар бахьана долуш, балха хIоттар а, цигара деша вахар а цхьаьна хилира Мовлин а, цуьнан вешин а.

Низамехь а, гIиллакхехь а, шайна тIедиллинарг катоьхнна кхочушдан а хьуьнаре хиларна балха тIехь билгалваьллера ши ваша. Цундела хIирийн махкахь йолчу лоьрийн институтера деша луучу кегийрхошна меттигаш къастийча, заводан профсоюзо вежарий ЯсаевгIар деша бахийта билгалбехира. Деша ваха аьтто балар цхьаъ ду, цигахь доьшучу муьрехь даамала, тIедуха-когадуха дезаш хилар кхин ду. Да-нана доцуш волчу шина кIентан и тайпа гIо-накъосталла дан стаг а вацара. Iедало лучу стипендих хене ца валалора. Вежаршна чIогIа лаьара лоьрийн говзалла караерзо.

Делахь а, лаамаш а, таронаш а галаморзахайовларо харжам бар тIедожийра. КIорггера ойла йина, дерг-доцург дуьстина, лоьрийн институтан хьалхара курс кхиамца чекхъяьккхина ЯсаевгIар тIеман училище дехьабевлира. Буру-ГIалахь йолу тIеман училище ЦIечу Эскаран эпсарш кечбеш яра. Амма Мовлина а, цуьнан вешина Iабдул-Решедана а коьртаниг кхин дара. ТIеман училищехь даа-мала, тIедуха барзакъ лора. Царна иза Iаламат мехала дара: цхьаьннан а дикане сатийса ца дезаш, тIехь а, когахь а хилар. Уггаре а луьрачу хенахь дийшира шина вашас Буру-ГIалахь. Шайгара ледарло ца йолуьйтуш, низамах ца вухуш, дика дешарца, хаддаза билгалвуьйлуш, цара кхиамца чекхъяьккхира иза 1937-чу шарахь, ший а лакхарчу лейтенантан чинехь а волуш. Вежарий дешна бовларца Кропоткинохь лаьтташ хиллачу ЦIечу Эскаран дакъошка хьовсийра. Цигахь дIаболийра цара къинхьегаман некъ.

1939-чу шарахь цхьана ханна къастар нисло цу шиннан. Iабдул-Решед Гуьржийчу балха хьажийра, Мовла Нохчийчу цIавирзира. АтагIан кIоштан тIеман комендант хIоттийра Ясаев Мовла. СССР-н массо а маьIIера къинхетамза дIалоьцуш, хIаллакдеш бехк-гуьнахь доцу адамаш дара. Иштта, сингаттамийн бода букъбелла, Дела воцург накъост воцуш, тийжаш йоьлхуш Нохчийчоь а яра. Iедална ца хууш, цхьаъ къайладахарна кхоьруш санна, меттанаш детташ, жигара хьийзаш цхьацца «айпе» нах бара. Iаламат хала дара оцу хьолехь шен махкахь болх бан, тIеман комендант хилча-м муххале а. Делахь а, Ясаев Мовлин хьекъал, доьналла тоьара Iедалца юкъаметтиг ца талхош, махкахойн шех бIаьрг ца бодуьйтуш, шена тIедехкина декхарш кхочушдан. Дукха адам ду оцу хенахь Мовлас гIо-накъосталла дина, хила тарлучу зуламах лардина, таIзар  хьулдина, кIелхьарадаьккхина. Советийн Iедална мел чIогIа муьтIахь хиллехь а, Iедалан даржо луьрачу низаман гурашкахь къийлинехь а – иза уггаре а хьалха нохчи вара, шен халкъах, махках доглозуш, махкахошца йолу юкъаметтиг ша ларъян езийла хууш. Бакъволчу нохчичун яхь Iедалан Баркаллин кехатех а, мидалех а хуьйцур йолуш вацара. Цунна коьрта дара, бIешерийн кIоргенера нохчийн къомо лоруш схьадеана, эхь-бехк, гIиллакх-оьздангалла, шел тIаьхьа яккха юьсу йолу цIе. Нохчийчу ша цIавирзинчу 1939-чу шарахь Йоккхачу АтагIара зуда ялийна керла доьзал кхоьллира цо. Къоман гIиллакхаш лардеш Даймахкахь паргIат зама йоккхийла-м ца хилира цуьнан.

Зама дукха буьрса яра. Малхбузехь дуьненна «бIов» бохуш Гитлер Адольф вара. Къилбаседехь тIеман цIе кегош финаш бара. Малхбале ца тоьаш, чугIерташ японхойн император Хирохито вара, «имам» воьлушлуш чинахойн бIобаьчча Чан Кайши вара. Финашца дерг ЦIечу Эскаро сихха дIадерзийра. Амма Малхбалехь тIемаш луьра, къиза хилира. Халхин-Голехь тIемаш дIабуьйлалуш, ЦIечу Эскарна тIаьхьалонна юьстахабаьхначу эпсаршкара накъосталла ийшира. Лакхарчу лейтенантан чинехь волчу Ясаев Мовлин тIеман ара дIахIотта дийзира. Хууш ма-хиллара, кха-беа баттахь Малхбалехь кхихкина буьрса тIемаш ЦIечу Эскаран толамца дIабирзира. Амма толаман хазахетар хьулдеш, коьртехь карзахюьйлура синтемах хаьдда ойланаш. ТIом цу тIехь дIабоьрзург цахиларан шийла шеконаш кхоллалора даг чохь. Къаьсттина буса ницкъ бора оцу ойланаша Ясаев Мовлина. Халхин-Голехь тIом дIабирзича, цIаверзар доцуш, Малхбузехь лаьттачу ЦIечу Эскаран дакъошка кхаьчнера иза. Царна куьйгалла деш СССР-н оборонин нарком, маршал Тимошенко Семен вара. СССР-н Малбузерчу дозанца кхийолчу меттигашкахьчул а бIаьрла гуш дара немцоша лелош долу питанаш. ЦIечу Эскаран бIаьхойн самалха дала ца дуьтура цара. Эххар а, 1941-чу шеран асаран (июн ) беттан 22-чу дийнахь дIаболабелира тIом. Дуьненна гина йоцучу къизаллица чухахкавелира мостагI. Цуьнан ницкъаш алсамбара, кхаа-деа шарахь бина кечам, Iамийна бIаьхой бара.

Делахь а, ЦIечу Эскаран бIаьхой а бацара доьналлех боьхна. Майра летара уьш фашистех, къар ца лора, мостагIчуьнгахь ницкъ алсам белахь а. ХIора а дика кхетара ша ларбеш берг сийлахь боккха Даймохк хиларх. Иза, хIайкал санна, ларбан Iалашо яра Нохчийчуьрчу яхь йолчу кIентан Ясаев Мовлин. ТIом дIаболалуш батальонан командир хилла иза, бIаьрнегIар ца тухуш, мостагIчунна дуьхьалвелира шен бIаьхошца. Шен тIеман накъосташна вайн махкахочо дIагайтира бакъволчу нохчичун доьналла. Юьхьанца ЦIен Эскаран дакъош юхадовлуш дара. Амма цхьа а гIала, цхьа а юрт къизачу мостагIчунна атта кара ца кхочуьйтура цара. ТIом болабелла иттех де даьлча Соьлжа-ГIала кехат яздо ЦIечу Эскаран бIаьхочо Ясаев Мовлас. Иза зорбане доккху «Грозненский рабочий» газето. БIаьхочо яздинчу кехата тIехь тоьшаллаш дара советийн адам цхьана а бохаме къарлург цахиларан. «Вайна тахана оьшург барт бу, – яздора бIаьхочо, – эскаран, халкъан барт! Вайн барт цхьаъ хилахь, цхьана кепара шеко йоцуш, мостагIчо советийн латта деха хьоьшур дац!».

Оцу кехатах кхаъ хиллера махкахошна. Иза кар-караоьцуш доьшура Нохч-ГIалгIайн Республикин бахархоша. Массара дозалла дора иштта доьналла, яхь, хьекъал долуш бIаьхо Нохчийчуьра валарх. Вайн махкахойн дог-ойла ир-карахIоттийнера, толам герга хиларх дегайовхо кхуллуш,Ясаева Мовлас даийтинчу кехато. Делахь а, цкъачунна, фронтера хьал кхераме дара.

1941-чу шеран мангалан (июль) беттан 10-чу дийнахь фашисташа Киев схьаяьккхира. 16-чу дийнахь Смоленске кхечира. СССР-н коьртачу шахьарна Москвана тIекхача йолчу Iалашонца чугIерташ бара. Шайн мерза синош дIаделла а, мостагI Москва ца кхачийта гIерташ луьра дуьхьало еш бара ЦIечу Эскаран бIаьхой бара. Царах цхьаъ Ясаев Мовла а вара.

1941-чу шеран мангалан (июль) беттан 19-чу дийнахь немцойн инарла-полковникан Гудериан Гейнц Вильгельман куьга кIел долчу танкийн эскаран 46-гIа мотокорпус Ельно гIалина чухахкаелира. Цунна зен ца хилийта екхна стигал кхолош немцойн авиаци гIаьттира. Да вийнарг Iебарволуш ирча хьал хIоьттира тIеман арахь. Делахь а, къар ца луш, ша хьалха волий, гIаттайора шен батальон Мовлас. Iуьйранна болабелла тIом делкъенга белира. Шен буьрса тIелатарш лах ца дора дарвеллачу мостагIчо. Дера летара ЦIечу Эскаран бIаьхой. РогIерчу атаке бIаьхой гIевттинчохь чов хилла вуьйжира Мовла. ТIеман кхийсарш лахъеллачохь, санитараш тIекхаьчна лазартне вадийра иза а, иштта, чевнаш йина цуьнан накъостий а. Дог Iовжош бара лоьрийн сацам. 30 шо дузаза волчу жимачу стеган аьрру пхьарс дIабаккха дийзира еза чов хилар бахьанехь.

Цул тIаьхьа тIеман декхарех мукъа витира иза. Амма цунна ца лиира шен Даймахкахь кхехкаш тIом болуш юкъарвала. Цо дехар дира шен командирашка, юристийн курсашка деша вахийтахьара ша аьлла, тIеман прокуроран говзалла караерзо. Деша вахийтира иза. Кхиамца курсаш чекхъехира Мовлас, амма тIеман прокурор хила доьгIна ца хиллера. 1942-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIавоьрзу турпала бIаьхо. Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалло Шуьйтан кIоштан прокурор вохуьйту иза. Шина шарахь болх бо Ясаев Мовлас оцу даржехь. Даима а санна, адамашца кIеда-мерза волуш, хьуьнаре, лаккхарчу корматаллица болх бо цо шех тешийначу даржехь.

Амма 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу Iуьйранна Сталинан хьадалчаша дерриге а къам махках доккхуш, Юккъерачу Азе боьду шийла некъ юьхьарберзор тIедужу цунна а. Вайнах махках бохучу хенахь, кхо доьзалхо волуш, шен стамбеллачу доьзалах самукъадолуш хене волуш вара Мовла. Амма оцу бехачу новкъахь шело, гIело, мацалла ца лайна, кхиболу дуккха а нохчий санна, кхелхира Мовлин кхо доьзалхо. Чурт догIа каш доцуш, тIехIотта барз боцуш, эрна арахь бисира уьш. Доьналлица бира бIаьхочо и къаьхьа къурд а. ГIиргIизойн махкарчу Токмак гIалахь дIатарвелира Мовла шен хIусамненаца. Хастам хиларо АллахI-Дала хIокхо Iийшинчу бохамашна дикан-а бекхам беш, кхин а кхо доьзалхо велира цунна. Цхьа кIант, ши йоI. Уьш хIинца а, Соьлжа-ГIалахь Iаш бу.

Токмакехь гIалин бахаман урхалле балха хIоьттира иза. Цуьнан дика амал а, йоза-дешарехь кIорггера хаарш хилар а шайна билгалдаьллачул тIаьхьа, оцу бахаман куьйгалле хIоттийра Мовла. Хьанал къахьегар а, шена тIедехкина декхарш леррина кхочушдар а шен сица долу М. Ясаев дика ларавора балхаца, белхан накъосташца мерза чекхвала хууш а вара иза. Делахь а, даго тIеоьцуш бацара и болх. Доьзална напха латто дезарна дIа текха-м бора цо иза. Нохчийчохь Iаш волуш дуьйна вара Ясаев Мовла цхьацца йозанаш деш, шена мехала хета ойланаш кехатах тешош. Даймахках хьоьгуш 13 шарахь хийрачу махкахь хене волуш карладелира и «ун». Дай баьхначу лаьттана сагатдеш, цхьанаэшшара сингаттамехь дIайоьлхучу суьйренашца повесть язъян волавелира иза. Цу тIера цхьадолу бакъдерш авторан чолхечу дахарера схьаэцна а дара. «Яхь» цIе тиллинера Мовлас шен повестана.

Мел яккхий халонаш тIехIиттарх а, харцонаша дог эшадарх а, доьналлех ца вухуш, яхь дIа ца луш, собарца дахарехула чекхволучу турпалчу стагах ю и повесть. Тахана а дешархочунна пайдехь дерг шеца долуш а ю. И цхьа повесть язйина ца Iийна Мовла. Цо дуккха а дийцарш яздина. Пьеса язъян а ларийна. Зорбане вийлар Даймахка цIавирзича дIадолийра цо.

1957-чу шарахь Соьлжа-ГIала схьавеана, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан телерадиокомитете балха хIоьттира иза. Юьхьанца политикин отделехь журналистан болх бира. КIорггера нохчийн мотт хууш а, безаш а волчу цуьнан передачаш маьIне а, хьеннан ладогIа дог доуьйтуш а хуьлура.

ТIаьхьуо, шен яздаран балхана хан мелла а мукъа езаш, иза гочдархойн отделе дехьавелира. Радиокомитетехь болх беш волуш язйира Ясаев Мовлас «Винчу юьрта» повесть. Иза лакхара мах хадош тIеийцира нохчийн литература езачара. Изза цIе йолуш язйинчу пьесин буха тIехь язйина яра «Винчу юьрта» повесть. Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу драматургин конкурсехь хьалхара меттиг йоккхуш, гIараяьлла яра Ясаев Мовлас язйина пьеса. Цуьнца доьзна хила там бара автор цкъа ша дешархойн кхиэле йиллинчу говзарна тIе юхаверзар. ГIайгIанаш алссам хуьйдинчу шен экамечу дагна Iаьткъинарг бен яздеш Iедал дацара цуьнан.

ЦIархазмана язйина цхьа говзар яц цуьнан. Кхин цхьа повесть ю Ясаев Мовлин башхачу кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш. Кхийолчу говзаршна тIехь санна, дахарехь нисделлачу бакъдолчунна тIера схьаэцна ю «Маликин елакъажар» повестан сюжет а. Шен аьрха бералла дIаяханчу Чуьйри-Эвла кест-кеста воьдуш хиллачу яздархочун, цхьана дийнахь, ларамаза бIаьрг кхетта урам-новкъахь гIийла лаьттачу цхьана заьIап йоIах. Нийсархошна тIеяха ца хIуттуш, шен заьIапаллех ийзалуш дог эшна лаьтташ хилла пекъар. Яздархочун экаме дог Iовжийна мискано. Ехха хан яьхьна цо йоI даг чуьра ца йолуш. Эххар а, иза мичахь Iаш ю а, хьена-мила ю а хьаьжна, цуьнан да-нана долчу вахана. Цаьргара пурба даьккхина Ясаев Мовлас заьIап йоIана дарба лаха. Да-нана реза хилла, зене дерг хир дац-кх син шорто йолчу стага дуьйцург аьлла. Чуьйри-Эвлара охьаялийна, йоIана дарба хиллалц шайгахь кхаьбна иза Мовлас, ур-атталла цунна лелочу дарбанна а шегара харж еш. Цкъа мацца а хила доладеллачу дарбанах Iехаелла йоI елакъежча, доккхачу дуьненан да ша хIоьттича санна, самукъадаьлла хилла цуьнан. Цу йоьIан дахарх а, цунна делакъежначу ирсах а язйина ю «Маликин елакъажар» повесть. Цуьнан хIора могIанца адамалла, къинхетам догдикалла ю. Говза гойтуш вайнехан гIиллакхаш ду. Къеггинчу похIмица яздо Ясаев Мовлас нохчийн къоман догцIеналлех, Iамаво Даймохк беза, тешаво сирлачу кханенах, цкъа а йоврайоцчу адамаллех. Дукха яц Ясаев Мовлин зорбане йийлина говзарш.

1957-чу шарахь дуьйна «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь а, «Орга» журналан агIонаш тIехь а зорбане вуьйлуш хиллехь а, 1960-чу шарахь дуьйна СССР-н Яздархойн союзан декъашхо хиллехь а, иза цкъа а сих ца лора шен йозанаш зорбане даха. Дуьххьарлера книга 1964-чу шарахь араелира цуьнан. «Яхь» яра оцу книгин цIе. Изза цIе йолу повесть а, Iаламат чулацаме дукха дийцарш а дара цу гуларна юкъадахана. «Маликин елакъажар» книга 1966-чу шарахь араелира авторан. Цо дегайовхо кхоьллира кестта авторан керла говзарш гучуевриг хиларх. Амма мел халахеташ делахь а, кхин керла говзарш Ясаев Мовлин кхолларалла езчарна ган доьгIна ца хиллера. Цуьнан дийца а, яздан а хIума доцуш а дацара иза. Шен говзаршна тIехь дукха леррина болх цо беш хилар хила там бу цунан бахьана. Вала къена волуш ца вахара иза вайна юкъара дIа.

1986-чу шеран чиллин (февраль) беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь хилла некъахьовзам бахьанехь чIогIа лазийна, больнице вадийра иза. 17 дийнахь тийсавелира дахарх. Амма азаллехь кхуллуш яздинчух довлийла дац вайн.

1986-чу шеран чиллин беттан 29-чу дийнахь дIавелира Ясаев Мовла. Яздархочун весет кхочушдеш, цуьнан верасаша Чуьйри-Эвлахь дIавоьллира иза. Шийла денош дара Ясаев Мовлин тезет лаьттина денош. Дерриге а Iалам кхоьлина хетара шен чолхечу дахарехь цо гездина некъаш карладуьйлуш. Делахь а, вайца яха йисина Ясаев Мовлин башха кхолларалла. Цуьнан похIмечу говзарша карладоху яздархочун сирла васт. Иза вайн дегнашкахь мел ду, малх кхетачу лаьтта тIехь лар йовр яц, бохамийн дорцех доьналлица чекхвуьйлуш, вайн дуьхьа ваьхна, къахьегна волчу яздархочун.

А.ГАЗИЕВА

№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: