Вайн лулахой болчохь

Агропромышленни комплекс кхуьуш ю

СТАВРОПОЛЬ. Боккха тидам тIебохуьйту крайхь агропромышленни комплексан дерриге а дакъош кхиорна. Цунна кхин цхьа тоьшалла хилира регионан Куьйгалхочун Владимиров Владимиран Россельхозбанкан правленин председательца Патрушев Дмитрийца хилла цхьаьнакхетар. Цуьнан жамIашкахула Ставропольехь еш йолу теплични комплексаш, шурин а, жижиган а сурсатех гIуллакх даран объекташ ярна, бошмийн майданаш алсамъяхарна, юьртан бахаман предприятешна модернизаци ярна банко кху шарахь 13 миллиард сом къастор ду.

Керлачу тIегIанашка кхийда регионера инвесторш а. ДIадаханчу шарахь цара АПК кхиорна юкъадиллира 20 миллиард сом. Крайн Юьртан бахаман министра Ситников Владимира чIагIдарехь, цо таро хилийтира оцу декъехь итт проект кхочушъян.

Кхачанан тайп-тайпана сурсаташ дахарехь керлачу дозанашка кхача цигахь ойла йолуш хилар гайтира дукха хан йоццуш коьртачу шахьарахь дIаяьхьначу агропромышленни комплекс кхидIа а кхиорна лерина хиллачу кхеташонехь динчу къамелаша. Инвесторша сацам боллуш дIахьедира дакъа кхиорна шаьш юкъадохку долчу ахчанийн барам 22 миллиард соьме дIакхачориг хиларан хьокъехь. Делахь-хIета, схьабоьллуш бу керлачу дозанашка болу некъ.

Пачхьалкхан чоьтах

БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан Правительствос бинчу сацамца нийса а догIуш, регионан гIишлошъяран а, архитектурин а министерствос субсидеш дIадала долийна «Россин доьзална хIусам» аьлла йолчу федеральни программехь дакъалоцуш волчу 38 стагана.

Могашалла ледара йолчу адамашна лерина еш йолчу хIусамашкахь царна проекташ хIитточу юьххьехь дуьйна хьесапе ийцира царна оьшу йолу ерриге а бегIийлаш. Цул сов, программин хIора декъашхочун таро ю шен лехамашка, ахчанан таронашка хьаьжжина хIусам харжа. Кху шарахь проектан гурашкахь кийча хилийта билгалдина эконом классан 15 эзар квадратан метр я тайп-тайпанчу барамийн, планировкин 280 хIусам, шайн квадратан метран мах 35 эзар соьмал лакхара а боцуш.

Пайданаш алсамбевлла

МАЙКОП. ХIара шо доладелчахьана Адыгейн бюджете кхаьчна 2 миллиард 728 эзар сом. Республикин финансийн министра Долев Довлетбийс чIагIдарехь, билгалбина хилла гайтамаш кхочушбина 111 процентана, регионан бюджет кхиъна 131 процентана.

Ишттачу дозанашка кхача таро хилла цхьамогIа гайтамашкахула налогашна гулдеш долу ахча алсамдалар бахьанехь. Меттигерчу Iедалан куьйгалло декхар хIоттийна ахчанца йоьзна йолу хIора муниципальни цхьаьнакхетараллин таронаш талла, меттигера бюджеташ тIеюзур долу хьостанаш лаха. И болх шен хIора дийнан тергоне а эцна.

Ипотекина – ахча

ХIИНЖА-ГIАЛА. ДIадаханчу шарахь Дагестанан бахархошна 4,2 миллиард соьман барамехь ипотекин кредит делла.

Цул сов, регионан гIишлошъяран, архитектурин, ЖКХ-н министерствон хаамашца пачхьалкхан «Дагестан Республикехь хIусамийн гIишлошъяр кхиор» аьлла программа кхочушъяран гурашкахь гражданийн цхьайолчу тобанашна цара хIусамашна эцна хиллачу ипотекин кредитана йогIучу процентийн цхьа дакъа дIадаларехь пачхьалкхан гIо а дира республикин бюджетера. Стохка и тайпа кредиташ эцначу 155 стагана 18 миллион соьман барамехь ахча делира.

Аьллачунна тIетоха догIу федеральни бюджетера республикина къастийна хиллачу субвенцийн 533 миллион сом ахчанах 2016-чу шарахь цкъа луш долу ахча делла тIеман гIуллакхера а, чоьхьарчу гIуллакхийн органашкара а мукъабитинчу гражданийн 135 доьзална.

Энерги кхооран гIирсаш

МАЛГОБЕК. Кхузахь гIуллакх дан йолаелла энерги кхооран гIирсаш арахецаран завод. Иза юкъайоьдуш ю российски «Швабе» холдингана. Цкъачунна, продукци арахецарехь дакъалоцуш ву 100 белхало. Цара хьаштахошна дIадохьуьйту филаментни стогарш, светильникаш.

Регионан минстройн хаамашца заводо шена йина харжаш меттахIиттор билгалдина 4–5 шарахь. ХIора шарахь 230 миллион соьме кхаччалц налогаш токхур ю. Ткъа ерриге а нуьцкъаллаш караерзийча шарна леринчу барамехь 350 миллион сом цIена са хилийта билгалдеш ду проектаца.

Заводехь шарахь 2 миллиард 168 миллион соьмана стоммачу пардон технологина лерина 18 тонна паста арахеца Iалашо хIоттийна. ДоггIучуьра билгалдоккхур вай, Россин рынкехь шега хьашт долуш ерг ерриге а 50 тонна бен яц. Делахь-хIета, предприятин таро хир ю импорт 40 процентана меттахIотто.

Цул сов, цигахь билгалдо 300 эзар светильник, филаментни 400 эзар стогар, иштта йоккхачу а, жимачу а нуьцкъаллин оптически модулаш арахецар. Оцу гIуллакхо хIора шарахь 856 миллион соьмана пайда бийр бу.

Юбилейна лерина

ЧЕРКЕССК. Кхочушхили Экологин шарахь Толаман паркехь ножан диттийн керла аллей йиллар. Уьш 25 дара.

Ларамаза дацара оцу Iалашонна ножан дитташ харжар: кестта шен 25 шо кхочу йолчу республикехь дерриге а дика хирг хиларан билгало лерира уьш. Экологин акцехь дакъалецира ах эзар гергга стага: баьццарчу патрулаша, экоотрядаша, кхитIе долчу дешаран гIалин учрежденийн бераша, хьехархоша, дай-наноша, юкъаралхоша.

Синтарш дIадийгIа долош кегийрхой тIеман-патриотически ойланехь кхетош-кхиоран Туьшана хьалха цIеначу Лаьттан билгало санна лерина байракх хьалаяхийтира Кхарачойн-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида а, №1 йолчу постан штабан хьаькаман къоначу заместитела Левченко Даниила а. Стигала хьалахийцира баьццара а, кIайн а ахкаргаш.

ГIалмакхойчоьнан ЖКХ-н – 95 шо

ЭЛИСТА. Регионехь хIусамийн-коммунальни бахаман служба кхоьллина 95 шо кхачар шуьйра билгалдаьккхира кхузахь.

Цуьнца доьзна дIабаьхьначу даздаран гуламехь ГIалмакхойн Республикин куьйгалхочо Орлов Алексейс даггара декъалбира декъан белхахой а, ветеранаш а. Лаккхара мах хадийра регионан бахархошна тайп-тайпана бегIийлаш кхолларан дуьхьа цара деш долчу гIуллакхийн, дуккха а шерашкахь кхиамца кхочушъеш йолчу хIусамийн-коммунальни дакъа кхиоран программина коммунальщикаша юкъаюьллуш йолчу хазнин.

Тидамза ца дисира цара хIора дийнахь деш долу гIуллакхаш а. Дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна даздарш дIадерзош коммунальни службин белхахойн йоккхачу тобанна баркаллаш кхайкхийра Россин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон а, регионан Халкъан Хуралан а (Парламентан) цIарах совгIаташ дира республикин правительствон Сийлаллин грамоташца. ГIалмакхойчоьнан Халкъан Хуралан Сийлахьчу дипломаца совгIат дира ЖКХ-н министерствон коллективана.

Маьхзачу молханашца – харцо

НАЛЬЧИК. Россин ФСБ-н регионан урхаллица цхьаьна ГIебартойн-Балкхаройчоьнан прокуратуро бинчу талламо гайтира меттигерчу могашалла Iалашъяран учрежденийн даржехь болчу белхахоша, шайна иза дан мегар доцийла хуъушехь, маьхза молханаш схьаэцарна рецепташ яздина хилар.

И рецепташ цомгашчаьрга ца луш, ткъа республикин могашалла Iалашъяран министерствон пачхьалкхан автономни «Аптечный склад» учрежденин даржехь болчу белхахошка дIаделлера хенаш чекхъевлла болу дарбанан гIирсаш шайна тIера дIабахийта (списание). Харцо чекх ца елира. Прокуратуро материалаш талламан органашка дIаяхьийтина уголовни гIуллакхаш долоран хьокъехь долу гIуллакх къастадайта.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№33, пIераска, оханан (апрель) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: