Спортан хаамаш

Уьш тIах-аьлла-м летара

22-30-чуй августехь Дона-тIера-Ростов гIалахь чекхъелира боксехула йолу Россин чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш мехкан тайп-тайпанарчу регионашкара 320 спортсмен вара Нохчийн Республикера кхо боксер а  вара  цигахь  леташ.

ДегIан йозалла 81 кийла йолчу категорехь леташ хилла волу Шахманов Идрис чемпионатехь атта ахфинале велира. Бакъду финале ца  валавелира иза. Амма мидал йоцуш цIа ца  вахара. КхоалгIа меттиг къовсуш хаза толам баьккхира Идриса. Ткъа Байсангуров Хьуьсен суьдхоша финале ца валийтира. Цо Замковой Андрейна  дикка хIума тоьхнашшехь, толамех ваьккхира цара нохчийн боксер. Иштта цо а кхоалгIа меттиг къовсуш толам баккхарца йоьза мидал яьккхира. ДегIан йозалла 60 кийла йолчу категорехь  леташ шолгIа меттиг Абдурашидов  Iадлана    яьккхира.

Нохчийн спортсменаш тIах-аьлла-м летара, бакъду, аьтто ца тоьира.

Хь.Халиевн шолгIа толам

Чекхбаьллачу август беттан 18-чу дийнахь Анапа гIалахь «Iаьржа хIордан кубок» къовсуш, бакъенаш йоцучу латарехь кикбоксехула дуьненан а, Европин а, Россин чемпион волу Халиев Хьасан цхьаьнакхийтира луларчу Дагестанера тIах-аьлла волчу Вадудов Iабдулвадудаца. Нохчийн спортсмена цхьаьнакхетар дIадоладаларца хIума тоха йолийра шен «довхочунна». Дагестанхо буй-мирий тохарца ша ларор  воций кхетча, партерехь лата  волавелира. Амма Халиев Хьасана партерехь а кIелхьара ца  валийтира  иза Нохчийн спортсмена хорам беш йолу прием ярца толам баьккхира цунна тIехь. И кхиам нохчичун  бакъенаш йоцучу  латарехь  шолгIа  бара. Иштта шен дуьххьалерчу  латарехь  (14-чу июнехь  Кишиневехь) хьалхарчу раундехь толам баьккхира Хь. Халиевс.

З.Садаев хIинца Познанехь

Цхьа шо хьалха Россехь бен  ца  евзара Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» тIелатархочун Садаев Зауран цIе. Бакъду, Гданьскерчу «Лехиян» юккъехь кхиамца ловза волавелчахьана Польшехь дика  вевза нохчийн футболист. Амма бакъду тIаьхьарчу хенахь тIелатархочунний а, командий  юккъехь цхьацца цалхетарш  хилар бахьана  долуш контракт  дIаяьккхира  цара (цхьана  шарна  лерина йолу). Бакъду,  цу гIуллакхантерго еш хилла йолчу Познанерчу «Лехан» куьйгалло Садаев Заураца  цхьана шарна контракт язйира (аренда). «Лех» командин болельщикаш «Терекан» болельщикашца цхьаьна тешна бу футболист Гданьскерчу «Лехиян» юккъехь  санна дика ловзург хиларх.

А.АБДУЛАЕВ 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: