Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Лараме махкахой!

Декъалдо шу БIаьстенан а, Къинхьегаман а денца!

6b4ccbfc3efcfd4fbe1fe824580d4773

Хьалхара май – дерриге а халкъан деза де ду. Ерриге а юкъараллин зовкхан дуьхьа тайп-тайпана адамаш, къинхьегамхой цхьаьнатуху цо. Иза цIиндаларан, кхоллараллин, керлачу кхиамийн деза де ду. Къаьсттина дог-ойла гIаттарца тIеоьцу иза къинхьегамехь баккхий кхиамаш бохучу, лаккхарчу жамIашка кхочучу нохчийн халкъо. Халкъан хьуьнар а, ша-шен ца кхоош цо къахьегар а бахьана долуш, республика зазадаьккхина дIахIоьттина, Россин тоьллачу регионех цхьаъ хилла дIахIоьттина.

Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна хилла нийса некъ а, дерриге а халкъана къахьегар дезаш хилар а бахьана долуш Нохчийн Республика йоццачу хенахь овкъаршкара гIаьттина, шех вайн махко дозалла деш йолу регион хилла дIахIоьттина. Ахьмад-Хьаьжас ша-шен кхоийна цахиларо, цуьнан боккхачу лаамо, Iалашоне кхача болчу ницкъо, турпалаллин амало таро елира вайн махкара дахар хийца, регион Россехь уггаре а кхиамечарах йина дIахIотто.

Тахана Нохчийн Республикин исбаьхьалла, гIаланийн а, яртийн а цIаналла, аьхналла, кхузаманан лекха комплексаш, башха стадионаш, курорташ, тIех хаза маьждигаш Россехь девзина ца Iаш, генна цуьнан дозанал арахьа а девзаш ду. Вай долчу хьошалгIа оьху Россин массо а маьIIера а, дозанал арахьара а бIеннаш, эзарнаш туристаш. Нохчийн Республикехь хила лууш болчеран барам хаддаза лакхаболуш бу.

Вайн кхиамаш – вайн дозалла ду. Амма вай оцу кхиамех тоам бина совца дагахь дац. Ваьшна хьалха кхин а яккхий Iалашонаш хIиттайо вай. Царах цхьаъ ю вайн республика мехкан экономикин уггаре а тоьлла йолчу, кхиъна йолчу субъектех цхьаъ яр.

Со тешна ву, вай билгалйинчу Iалашоне кхочур ду вайн халкъан хьуьнар, къинхьегаме болу безам, оцу Iалашоне кхача болу боккха лаам бахьана долуш.

Хьомсара доттагIий! Декъалдо шу Хьалхарчу майца! Даима а хьашто хуьлийла шун къинхьегаме, даима а шен хьакъ боллу мах хадош а хуьлийла иза!

Шаьш дан дагалаьцнарг а, долийнарг а кхиамца чекхдаккха могашалла, маьрша дахар, аьтто, хьуьнар, шовкъ, ницкъ хуьлда шун!

№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: