Россин Парламентаризман денца доьзна М.Даудовн декъалдар

Хьомсара махкахой! Тахана вайн дуккха а къаьмнех лаьтташ болчу махкахь билгалдоккхуш ду къона, амма чIогIа мехала деза де – Россин Парламентаризман де. Ас оцу сирлачу денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, ткъа иштта Федерацин Советан декъашхой а, Пачхьалкхан Думин, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ а, законаш дахарца гIуллакх догIуш мел верг а!

image

Оханан (апрель) беттан 27-гIа де Россин Парламентаризман де даран хьокъехь долчу Федеральни законна Россин Федерацин Президента Путин Владимира куьг яздира 2012-чу шарахь. 1906-чу шеран оханан (апрель) беттан 27-чу дийнахь дуьххьара шен болх дIаболийна Пачхьалкхан Думо. Иза вайн мехкан исторехь демократин дуьххьарлера институт яра. Цо бух биллира Россин парламентаризмана.

Нохчийн парламентаризман кхузаманахьлера истори, дIакъасталур йоцуш, йоьзна ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарца. Иза ву парламентаризм кхоллаяларна юьххьехь лаьттинарг. Вайн къоман баьччас даима а билгалдоккхура халкъан шен лаккхара векалаллин орган хилар, цо адамийн хьашташ лардар мехала хилар.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца 2003-чу шарахь дIаяьхьначу референдуман жамIашца нийса а догIуш, оцу референдумехь Нохчийн Республикин Конституцица цхьаьна тIеийцира «Нохчийн Республикехь Парламенте харжамаш баран хьокъехь» долу Нохчийн Республикин закон. Ткъа 2005-чу шарахь и харжамаш дIа а баьхьира. Цул тIаьхьа кхиамца дIадаьхьира меттигашкахь шаьш урхалла даран векалаллин органаш харжар.

Вайн регионан законаш дахаран Iедал вовшахтохарехь а, кхиорехь а Iаламат доккха маьIна лелийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. Цо доккха гIолацар бахьана долуш Нохчийн Республикин Парламенто чекхдаьллачу итт шарахь 700 сов мехала закон тIеэцна. Дахаран ерриге а агIонаш юкъалоцу цара. ХIокху дезачу дийнахь лаьа вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин зовкхан дуьхьа бечу балхахь массеран а аьтто хуьлийла!

№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: