ХIутосург беттан 1-чу денна лерина даздарш дIахьур ду Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь, Соьлжа-ГIаларчу Профсоюзийн цIийнехь Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин председатела Солтагереев Хьусайна пресс-конференци елира регионерчу шуьйрачу хаамийн гIирсашна.

IMG_0071-768x512

Цигахь коьртачу декъана дийцира хIутосург (май) беттан 1-чу денна лерина кечамаш бар дIадахьарх лаьцна. Оцу дийнахь дIадахьа лерина долу гIуллакхаш а довзийтира.

Къинхьегаман, БIаьстенан денна лерина даздарш лаккхарчу тIегIанехь дIадахьа лерина хилар хаийтира Солтагереев Хьусайна: «Республикехь уггаре а мехалчарах лоруш ду къинхьегаман а, бIаьстенан а даздарш. Оцу дийнахь берриге а республикин бахархой арабовлу и де билгалдоккхуш. ДIадаханчу шарахь оцу даздаршкахь дакъалоцуш 15 эзар сов стаг вара, ткъа хIокху шарахь церан барам кхин а алсам хирг хиларх тешна ву со», – элира цо.

Иштта, Хь.Солтагереевс билгалдаьккхира Россин Къинхьегаман Кодексаца нийса а догIуш, Кхаа агIоно бартбаран комисси кхоьллина хIокху шарахь 10 шо кхаьчна хилар: «2002-чу шеран чиллин баттахь кхоьллина ю Кхаа агIоно бартбаран комисси, таханлерчу вайн профсоюзийн белхан бух бу иза. Ткъа таханлерчу экономикин декъехь дерг дийцича, регионерчу бахархойн социальни гIолацар, къинхьегаман рынок нисъяр, вовшашна гIо-накъосталла даран система кхиор вайна тIехь ду», – бохура цо.

Журналисташа дуккха а хаттарш дира Профсоюзийн Федерацин председателе, царах дукхах долу хаттарш профсоюзийн Iалашонех а, хIокху шарахь дIадахьа леринчу гIуллакхех а лаьцна дара, царна кхоччуш жоьпаш делира Хь.Солтагереевс.

– 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин мемориальни хIолламна хьалха дIахьур ду даздарна лерина гIуллакх. «Дуьненна – машар!» аьлла, лозунгаш хир ю бахархойн карахь, – дийцира Хь.Солтагереевс.

Шен къамел дерзош цо баркалла элира пресс-конференце баьхкинчарна, и гIуллакх шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь даржоран мехалла а йовзийтира: «Дела реза хуьлда, ишттачу гIуллакхашкахь дакъалацарна, тхуна мехала ду шун хIора а дош. Тхо тешна ду хIокху шарахь а, хIутосург беттан 1-ра де хьакъ доллучу тIегIанехь дIахьуриг хиларх», – элира цо.

Хь.ДАУДОВА

№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: