Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула республикин чемпионат.
Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикерчу ДЮСШ, РДЮСШ, ШВСМ-шкара спортсменаш.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира Дашаев Сайд-Эми (56 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, Вистигов Шамруди (66 кг.) – Мехкадаьттан-Юьртан ДЮСШ, Сукаев Адам (71 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, Мусаев Сайд-Мохьмад (75 кг.) – ШВСМ, Мудаев Зелимха (80 кг.) – ШВСМ, Ахаев Апти (85 кг.) – Мехкадаьттан-Юьртан ДЮСШ, Мусаев Ахьмад (98 кг.) – Новр-ГIалин ДЮСШ, Амиров Ризван (130 кг.) – ШВСМ.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна тренерш: Р.Эскерханов, М.Мусаев, Б.Альбукаев, А.Абдулаев, П.Умаров, А.Берсанукаев.
Кестта толамхоша дакъалоцур ду СКФО-н чемпионатехь, ткъа цигахь хьалхара меттигаш яьхначара Россин чемпионатехь дакъалоцур ду.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо