Терроризм – юкъара лазам

453F1E48ECFB4

Дукха гена ца а, яьлла Россехь, иштта кхечу пачхьалкхашкахь а бехачу гражданашна «Терроризм», «Нохчийчоь» боху дешнаш цхьаьна маь1не хеташ хилла зама. Ткъа х1ун маь1на ду «терроризм» бохучу дешан? Латинийн маттахь terror – кхерор, 1адор, ницкъбар – бохучу маь1нехь ду.

1980-г1а шераш чекхдовлуш, 1990-г1а шераш дуьйлалуш  хаза доладелира вайна и дош. Советан 1едал доьхначу хенахь мелла а ледара дара юьстаха йолчу регионашна т1ехь пачхьалкхан куьйгалло терго латтор, цунах пайдаэцначу зуламхоша яржийра Нохчийчохь а терроризм.

Юьхьанца к1еззиг, кегий бен ца хиллехь а, т1аьхь-т1аьхьа алсамйийла а, стамъяла а юьйлаелира бандитийн г1еранаш. Советан пачхьалкх юхучу хенахь цуьнан эскарех дисина алссам кегий а, даккхий а герзаш дара церан карадаханарш. Юьхьанца къоланаш дарний, мах баккхаран 1алашонца  нах лечкъорна т1ера д1абуьйлабелла хиллачу бандитийн зуламаш т1аьхь-т1аьхьа алсамдийла дуьйладелира. Талораш еккъа Нохчийчохь лелийна ца 1аш, республикин дозанел арахьа а лело буьйлабелира уьш. 1994-чу шарахь Россин эскарш Нохчийчу г1оьртича, царна дуьхьал а баьккхира цара шайн ницкъ.. Оцу д1адолорах 1995-чу шарахь Россин кхечу регионашка кхечира терроризм. 1995-чу шеран июнь беттан 14-20-чуй деношкахь Басаев Шемал коьртехь волчу г1ерано йоккха теракт йира Буденовскехь, 129 адам кхелхира, 400 сов лазийра. Х1етахь шайн 1алашоне кхечира бандиташ. Цу хенахь д1адолийна хилла переговораш Хасавюртахь барт барца дирзира. Амма бинчу барта т1ехь ца севцира террористаш. Юх-юха а зуламаш дора цара. 1996-чу шеран январехь Дагестанерчу Г1изларехь юха а теракт йира цара, амма х1инца т1елеттарг Радуев Салман коьртехь волу г1ера яра. Шайна Нохчийчу юхабахка некъ маьрша баккха ши эзар гергга стаг замалтана д1лецира цара. Цаьрца хиллачу т1амехь федеральни эскаршна юкъара а кхелхира 78 стаг.

Иштта яккхийчех цхьа теракт яра Бараев Мовсар коьртехь волчу бандитийн тобано 2002-чу шеран октябрехь йинарг а. 40 гергга волчу террориста замалтана 800 сов стаг лаьцнера. Россин лерринчу службаша уьш парг1атбаха леррина йолу операци д1айолийра, бандиташ берриге а х1аллакбира, амма замалтана лецначех а 120 стеган кхалхар хилира.  Цу зуламаш дерриге дийцира ца валлале дийнина террористех, 1995-чу шарахь дуьйна дукха тайпа дира цара. Амма чаккхе йоцуш х1ума ца хуьлу,нохчийн халкъалахь г1аьттира хьекъал, доьналла долу стаг, терроризмана ондда дуьхьало, тохар дира цо – Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара иза.

Р.МУСИПОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: