Еккъа цхьа книга хилла ца Iара иза

ТIеман хан яра иза… Юьртахь (Гихтахь) долчу цIийнан ларми чохь вижа цхьана стагана бен меттиг цахиларна, шайн ненанана цу чохь йижина хиларна, цу чуьра хьала а ваьлла, гуонаха долчуьнга бIаьрг тоха волалуш вара жима Артур. ТIеман кIуьрлахь, цхьана а хIуманах самукъадала меттиг йоцучу хенахь, керла хIума лаха араваьлча санна, дIасахьоьжура кIант. Вуьшта, стиглахь кема моссазза го а, даг чу кхерам тосучу кIантана, ойланашкахь мукъане а, маьршачу хене ваха лаьара.

IMG-20170427-WA0024

Иштта, шайн лармина гуонаха хьийзачу Эскаев Артурана 7-чу классан ингалсан меттан книга карийра. Цу тIера цхьа а элп ца девзира цунна, амма ша книга чIогIа хазъелира, и мотт бовза цхьа шатайпа лаам кхоллабелира. Книги тIерачу хазачу суьрташа ойла тIеяхийтира оцу маттана. Шена карийна и книга еккъа цхьа книга хилла ца Iара кIантана, иза цунна шен доттагI хийтира. ТIеман хенахь шена (берана) хуьлу халахетарш шен керлачу доттагIчуьнца доькъура хIинца Артура. Къовллий книга мара а юллий, охьахуура иза, арахь бомбанийн татанаш моссазза хеза а. Оццул хьоме хилира цунна иза. ХIинца кIант оцу книгах ца къаьстара.

– Книги тIехь йолчу кегийчу тексташца вуно хаза суьрташ дара. Оцу суьрташка хьаьжча бен ца хаьара суна оцу текста тIехь дуьйцург хIун ду. Цунна а жим-жима бен тIаьхьа а ца кхуьура. Книгин тIаьххьарчу агIонехь жима дошам яра, цо гIо дира суна, – дуьйцу А.Эскаевс.

Иштта волавелира Артур меттанаш Iамо. Тахана парггIат 4 мотт буьйцу цо, гIеххьачул кхин а 36 мотт а хаьа. Хета тарло, оццул меттанаш Iамо дийнна дахар а тоьар ма дац, аьлла.

КIентан 3 шо а дацара цуьнан да кхелхинчу хенахь. Шен ненан цхьа доьзалхо бен вацара иза. 1994-чу шарахь, вайн махкахь тIеман хан хиларна, Артур а эцна шен децIа Гихта дIа а яхана, цигахь масех шо даьккхира нанас. Цул тIаьхьа, 1999-гIа шо чекхдолучу хенахь, ГIалгIайчу дIабахара уьш. Цкъа, цхьана дийнахь урамашкахула волавелла хьийзачу Артурана Данера вахархо вевзира. ХIетахь кхечу къаьмнийн 7 мотт бийца Iемина вогIучу Артурана цуьнца дан къамел карийра. Дукха хан ялале Чинера бахархой а бевзира цунна. Уьш шена бевзича-м, чинийн масех иероглиф бен хууш ца хиллачу кIанта дуккха а пайда ийцира цаьргара. Эццахь уьш бовзар бахьана долуш, церан маттана ойла тIейирзира цуьнан. Чинахой цецбуьйлура шайн маттахь масех дош ала хууш верг кхузахь хилла хиларх. Иштта, уьш а Артуран доттагIий хилира. Церан меттан дошам ийцира цо. Кест-кеста цаьрга хьошалгIа а воьдура иза. Иштта гергарло чIагIделира церан. Цхьана ханна масийтта мотт Iамош вара иза. Цул сов, хан мел йолу а, кхечу меттанашка кхийдара. ХIетахь ингалсан мотт дика карабирзина вогIуш волу Артур «Къаьмнашна юкъара медицинин корпус» цIе йолчу Iамаркан гуманитарни организацин филиале балха вахара. Ингалсан мотт хууш волу Артур цигахь чIогIа оьшуш вара. Оцу организацехь 11 шарахь болх бира цо.

2011-чу шарахь Нохчийчу цIадеара Артур а, цуьнан нана а. Вайн махкахь тIеман хан йолчу хенахь дIабахана хилла болу уьш, маьршачу, хазачу Нохчийчу шаьш цIакхаьчча, шайл ирсе цхьа а ца хеташ, баха хевшира Соьлжа-ГIалахь. Кхузахь а шен меттиг карийра Артурана. Цунна туркойн мотт хууш хилар хиъча, Соьлжа-ГIалахь яккхий гIишлош еш болчу туркашца болх бан кхайкхира иза. Цаьрца 3 шарахь болх бира цо.

Цул тIаьхьа Артура меттанийн курсаш схьайиллира Соьлжа-ГIалахь. Ингалсан а, испанхойн а, туркойн а, немцойн а меттанаш хьоьху цо. Дан дагалаьцнарг дукха ду. Масала, меттанийн школа схьаелла ойла ю цуьнан.

– Цхьадолу меттанаш вовшах тера хуьлу. Иштта, гергарло долу меттанаш Iамон мелла а атта хуьлу. Цхьана къоман мотт Iамочу хенахь оцу къоман культура а евза. Бакъду, еххачу хенахь къа ца хьегча, кхечу къоман мотт парггIат бийца Iемар дац. Ша мотт Iамийна а ца Iаш, грамматика а, бартакъамел а, иштта кхин дуккха а ду цу юкъадогIуш дерш. Мотт мел чолхе белахь а, хан а, собар а тоьъчахьана, иза Iамор аттачу долу, – дийцира цо.

Цунна, оццул дукха меттанаш хууш хилар хиъначу муьлххачу а стага, уггаре а хьалха цуьнга хотту: «Муха, маца волавелира хьо меттанаш Iамон? Оццул дукха меттанаш Iамон хьуьнар муха тоьъна хьуна?». Бакъдерг дийцича, хаттарш деш берш дукха хуьлу. Оцу хаттаршна жоьпаш далар, тIеман хенахь шена карийна хиллачу доттагIчунна (ингалсан меттан книга) тIера дIадоладо Артура. Иза книга бен ца хиллехь а, цуьнан дахарехь йоккха меттиг дIалецира цо. Уггаре а халачу хенахь, жимачу кIентан дог хьостуш, цунна хаарш луш, ойланехь иза маьршачу хене вуьгуш хилларг ю-кх иза – цуьнан доттагI…

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Эскаев Артур

№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: