«Коалицин» беркате гIуллакхаш

Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран регионашна юкъара «Коалиция» юкъараллин боламан куьйгалхочуьнца Яхъяев Деница дукха хан йоццуш цхьаьнакхийтира тхо, цо куьйгалла дечу боламан болх газетдешархошна бовзийтаран Iалашонца. Цуьнга тхайн хаттаршна жоьпаш далар дийхира оха.

GdZxEECuRig

– Дени, шайн белхан юьхь йовзийтахьа.

– 2000-чу шеран бекарг (март) беттан 10-чу дийнахь арадевлира тхо болам вовшахтоха. Официальни кехаташца Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран регионашна юкъара «Коалиция» юкъаралла вовшахтоьхна 2002-чу шеран бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь. Оцу луьрачу хенахь баккхий бохамаш тIеIиттабелла халкъана. Амма иза доьналлица чекхдаьлла оцу халонех а, баланех а.

Тхайн карахь дукха хIума ца хиллехь а, далучуьнца гIо-накъосталла дора оха. Ишттачу боламашна гIо-накъосталла деш Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а вара. Цо доккха гIо-накъосталла дора тхуна, иштта белхаш дахьош болу боламаш а, организацеш а юкъараллина оьшуш хилар билгал а доккхура. Тхайн иштта гIортор хилар бахьана долуш майрра дIахьора оха тхайн гIуллакхаш.

– Дени, боламан коьрта Iалашонаш а йовзуьйтуш, шаьш муьлхачу декъехь гIуллакхаш до дийцахьа.

– Регионехь дехачу муьлххачу а къоман бакъонаш цхьаьнгга а талха цаяйтарна тIехь Iуналла до оха. Царна оьшучунна тIехь гIо а лоцу, регионехь дIахьочу гIуллакхашна юкъахь дакъалаца а кхойкху кхечу къаьмнийн векалш. Халабохкурш а, буобераш а, могашаллин декъехь гIо оьшурш а билгал бохуш, церан хьашташка хьовсу тхо.

«Коалиция» боламан коьрта билгало ю тхо политикех ловзуш цахилар, Iедалан куьйгаллица зIенаш а латтош, цара дечу гIоьнца адамийн бакъонаш ларъяр. Таханлерчу дийнахь республикехь граждански юкъараллин институташ ю кхуьуш, кхочушйо ю къона тIаьхье ийманехь а, гIиллакхе а кхетош-кхиоран юкъара концепци. Республикин куьйгаллин тергонехь ду терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам латторан гIуллакхаш. Регион кхиорехь Россин кхийолчу субъекташкахь а шайх масал эца хьакъ бу Нохчийн Республикин куьйгалхой. Белхан меттигаш кхолларна а, инфраструктура кхиорна а боккха тидам тIебохуьйту кхузахь. Кхечу регионаша Нохчийн Республикехь дечу гIуллакхех масал эца хьакъ ду.

«Коалиция» боламан векалша шаьш граждански юкъараллин институт хиларе терра, республикехь а, Россехь а хуьлучу юкъараллин хиламашкахь жигара дакъалоцу.

– Экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран декъехь белхаш бо аш, кегийрхошна цара Iаткъам бо аьлла хетий хьуна?

– Терроризм а, экстремизм а шеца дуккха а баланаш бохьу доккха зулам ду. Таханлерчу дийнахь терроризмаца къийсам латторехь белхаш дIахьо дерриге а дуьненехь. Ткъа вайн республикехь уггаре а хьалха дуьненаюкъарчу терроризман ирчачу тIелетаршна дуьхьало яр шена тIелецира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо болийначу некъаца схьавогIу республикин хIинцалера Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Уьш бахьана долуш, церан лерринчу куьйгаллица нохчийн халкъо терроризмана тIехь толам а баьккхина, Россин пачхьалкхан цхьаалла лар а йина. Тахана, и турпалхой бахьана долуш, машар бу вайн махкахь.

«Коалиция» боламо бечу балхана юкъадогIу, уггаре а хьалха, терроризмана дуьхьал къийсам латтор а, цунах долуш долу зулам дIахаийтар а. Коьртачу декъана кегийрхошца дIахьо оха белхаш, уьш кхетар болчу кепара до цаьрца къамелаш. Iаламат дукха ду оцу декъехь боламан векалша вовшахтоьхна гIуллакхаш.

– Интернетах пайда дукхах болу я зулам дукхах долу, хьоьга хаьттича?

– Таханлерчу дийнахь интернет а йоцуш вай дахалур дац. Иза хIораннан а хIусамехь а, «кисанахь» а ю. Цунах пайда ма эца бохийла дац вайн. Цунах зулам ца долучу кепара иза лело Iамо деза. Кегийрхойн дукха ю мукъа хан, цундела интернетан «машанехь» шайн хаарш тIедузуш, шаьш санна болчу кегийрхошца зIене бовлу уьш. Вайн юкъаралло доладан деза кегийрхойн, лерринчу тергонехь латто деза церан «машана» чохь долу гергарлонаш. Уьш шайн йийсаре лаьцна нах бу я бац хаа деза гергарчарна.

ХIора дийнахь беш кхайкхамаш бу вайга харцхьарчу новкъабевллачарах лардалар доьхуш. Доьзалан дайша а, наноша а леррина тидам латто беза шайн доьзалхошна тIехь, царна хьеха деза, бакъо а, харцо а къасто хууш кхио беза уьш.

– Дени, аш вайн республикерчу халкъийн культурин туьшашца белхаш бой хаьа. Дийцахьа цунах лаций.

– Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ма-аллара, Нохчийчохь дехаш тайп-тайпана къаьмнаш хилар мехала ду вайна.

Россин Федераци уггаре а йоккха пачхьалкх ю дуьнен тIехь. Кхузахь дехаш 193 къам ду (2010-чу шарахь дIабаьхьначу талламца). ХIора а къоман шен культура а, мотт а бу.

Нохчийчохь бехаш 30 халкъан векалш бу. Церан хIораннан а бакъонаш ларъеш а ю, юкъаралло дика тIеэцна а бу уьш. Шайн культура а, Iер-дахар а ду церан. Тайп-тайпанчу мероприятешкахь, фестивалашкахь жигара дакъалоцу цара. Оцу туьшийн векалшца кест-кеста цхьаьнакхетарш до оха. Церан хьашташка хьовсу, лаамашка ладугIу.

Цара шаьш ма-аллара, Нохчийчохь паргIат а, дика а хьелаш ду царна баха а, сом даккха а.

– Россин Федерацехь дехачу къаьмнашна юкъахь барт а, марзо а хилар доккха совгIат ду вайна. Дела реза хуьлда шуна оцу тIехь къахьегарна!

Хь.БАХТАЕВА

№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: